ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бисултанов Апти. Цаевзарг


Бисултанов Апти

Цаевзарг

1.

Со хьоьца Iаш вара
Хьо чоьхьа елира
Iадийна цецваьлла
Ас хьоьга элира
— Цаевзарг алахьа
Со вевзий хьуна?
— Ца хаьа хьуна?

Жоп цхьалха далале
Хан-зама елира
Юха а со хьоьца
ТIекара велира
— Цаевзарг алахьа
Со гиний хьуна?
— Ца хаьа хьуна?

Цу хенахь ша-шеха
НеI екъаелира
Кхин хIусам хир йоцуш
Тхов бекъабелира
Со сайца висира
Хьо хьайца йисира
Мел долу хаттар сан
Жоп доцуш дисира

Вайн къастар хIораза
Иштта ма хуьлура
Хьо гучуяллалца
Хьо соьца хуьлура
ХIораза хьуо оьций
Иштта дIайовра хьо
ДIаяйча кхин а сов
Сан дагна товра хьо

2.

Со хьоьца волало хуьлу хьо тIома
Со хьуна велало хуьлу хьо гома
Со соцу мал хуьлий тулгIенаш яржош
Юьжу хьо сан дагалецамийн Iома

Лаьхьанан когийн лар дIаевлла хенаш
Зингатан бIаьрга го хьан куьйгийн кенаш
Со вуьсу секха дог гIевланга дуьллий
Хаддаза тергалдан хьох долу гIенаш

Со тIома гIотту хьо тIулг хуьлу кочахь
Со хьуна дарло хьо елало коча
Хьан йистцахиларо синбердаш херцош
Хьоьга ладоьгIий сан са лере кхочу

Берд байна тулгIенаш дIадаьлла дахар
Чуьртана доладар хьоьга догдахар
Хьо юьсу бIе эзар бехкаман долахь
Есаллехь сан деган мохь хуьлий яха

Хьуна тIекхевдича гIоьмаша лоцуш
Хьуна букъ берзийча кхардамо лоцуш
Дерриг а карийна дерриг а дайча
МукIало ду-кх хьуна хьуна бен доцу

ЦIа доцуш лелла со цIе йоцуш лелла
Мохк боцуш лелла со некъ боцуш лелла
Хьан озо вижавеш хьан озо гIаттош
Хьо гIам ду йиша ю ца хууш лелла

3.

Хьоьга ладегIар мохе цIа дехар
Хьоьга ладегIар тIулге са дехар

Хьо цхьаъ бен йоцуш ерг цкъа а ца хилларг
Серлонна йоцуш ерг боданехь тилларг
БIе эзар цIе йолуш дуьненчу яьлларг
Сан деган ца боьрзу мохь хилла яьлларг

Хьо йицъян гIертар куьйга хи шардар
Хьо йицъян гIертар кога гIан къардар

Ден букъехь со воцуш хьо ненан кийрахь
Къастийна дара те гергара хийра
Азаллехь вайн синош кхуллучу хенахь
Къастийна дара те самах я гIенах

Хьоьга ладегIар хьо йицъян гIертар
Соьцанна гIур ду цкъа кешнийн керта.

4.

ДоIанна дехар
Хьо оьшу суна
И дехар хьеха
Хьо оьшу суна

Докъанна марчо
Хьо оьшу суна
И марчо хьарчо
Хьо оьшу суна

Хьан дош а сан дош а
Къайлаха жайнаш
Азаллехь яздина дарий те вайна

ГIенашна тешам
Хьо оьшу суна
И тешам эша
Хьо оьшу суна

Чуьртана бала
Хьо оьшу суна
И бала кхала
Хьо оьшу суна

Хьан дош а сан дош а
Къайлаха жайнаш
Эхартахь мукъна а гур дуй те вайна

1992 — 2009

Апти Бисултанов вина 1959 шарахь. Апти -- гоьваьлла нохчийн кхузаманахьлера байтанча ву. 1983 шарахь цо чекхъяккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет. Бисултановс арахецна цхьамогIа байтийн гулам. Масала, цуьнан «Ткъесан ӀиндагӀ» гуламана юкъайоьдуш ю шуьйрра евзаш йолу поэма «Хайбахехь язйинарг». 1992 шарахь цунна делира Нохчичоьнан Халкъан совгӀат. Апти Бисултанов 2002-чу шарахь дуьйна Ӏаш ву Берлинехь.

XS
SM
MD
LG