ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бадуев СаIид. Олдам


Нохчийчоь
Нохчийчоь

Бадуев СаIид

Олдам

И дара буса ОлдагIеран гIеххьа сирлачу цIа чохь гIеххьа йогуш лампа а йолуш. Олдама, шен хьешаца нар тIехь жижиг-галнаш диина а ваьлла, шен гIайгIа хьеше ялхийча, цу хьешо, шен хебаршка ихина ши куьг шен йоцийчу маьхьсеш тIе а хьаькхна, элира:

— Олдам! Ас цхьа хабар дийца хьуна?

— Дийцахьа, Исраил, Олдама а аьлла, хьешо Олдамна хабар дийцира:

— Мацах цхьа воккха стаг хилла боху хьаннашна ха а деш, хьуьна юккъехь шен гIеххьа цхьа цIа а долуш вехаш. Волу и воккха стаг цхьана сарахь, гIеххьа гуш са а долуш, хьуьна юккъе вала ша аьлла дIаволавелча, шен хIусмана дукха гена валале цунна хезнера сов Iаламат хазан, исбаьхьан озанца цхьа олхазар дека.

Цу олхазаран хазачу мукъмах, иза хазачу эшаршца декарна, чIогIа сакъераделла, са а ца тохаделла, цу воккхачу стага и олхазар схьа а лаьцна, цунна цхьа бен а бина, цо и олхазар кхобуш хилла, иза шен воцуш ца тору накъост а хеташ.

Цул тIаьхьа дукха зама ялале, цу воккхачу стеган сов хаза дехаш и олхазар дуйла хиинера цхьана доьзалхо ца хуьлуш, дуьненахь хIинца хьо санна, — аьлла, хьешо цкъа соцунгIа а хилла, юха а шен къамел дIадолийра, - дуьненчохь хьо санна, цхьана а хIуманах са ца кьералуш, цхьаьллиг цхьана хIуманах воккха ца веш волчу цхьана стагана.

И стаг ван а веана, боьхху мах а белла, и олхазар эцна цIа а даьхьна, цунна башха гур а бина, дийнахь а, буса а бохург санна, декачу цу олхазаре ладегIа хиънера. Цу стеган, олхазарх самукъа а даьлла, шен йоллу гIайгIа йицъеллера. Цу тайпана napгIaтваьлла даг тIера гIайгIа айаелла, коьртера бала бешна, и стаг цу олхазаран декарх чIогIа сапаргIатваьллачу меттехь, и олхазар кара кхаьчна кхо бутт кхаьчначу заманчохь, цхьана дийнахь учахь бIогIамах кхозучу олхазаре и стаггий, цуьнан зудий ладоьгIуш Iаш, цIаьххьана цу гурах тIам а хьакхалуш, чехкачу декарца и санна долу цхьа олхазар меллаша тIехъиккхича, гура чохь ца хаьддаш дека олхазар цу тIехъиккхинчу олхазарна тIаьхьа хьаьжжинчохь дисинера, иза цул тIаьхьа ца декаш сецнера.

И олхазар ца декаш ши кIира далале а, даьлча а, цу стага дехха дехнера цуьнга, декахьара, бохуш. Дехха хьистинера цо иза, массо а тайпана даарш хьалха дохкуш, вехха вилхинера из цунна:

— Хьан декаро, хьан хазачу эшаро, хьан хазачу мукъамо сан кийрахь дукха хенахь дуьйна схьа лаьттина йолу гIайгIа яшийна дIаяьккхинера, цхьа кIеззиг бен буха ца юьтуш, и бухайнснарг а дIайолуш лаьттара сан, жима олхазар! Декахьа хьайн хазачу эшарца!.. ХIинца хьо ца декахь, хIинца ахь хьайн хазачу мукъамца хаза шок ца тохахь, бакъ ду-кх, сан кийрахь йисинчу цхьакIеззигчу гIайгIано, ахь дIаайина гIайгIа юха тIе а оьзна, со, тохара хьалха санна а, гIайгIанан хIорда юккьехь вуьтург хилар. Декахьа, олхазар! Toxaлохьа! ХIара дуьне дитар мел хала дуьйцу, иштта хала ду-кх гIайгIанашкахь хилар, - аьлла, и стаг холчухIоттарх, и стаг дукха велхарх, и олхазар, кхин ца декаш, цу стаге дистхиллера.

— Суна ца хаьара, хьан сох сакъералойла, суна ца моьттура, хьуна сайх синкъерам баьллийла. Адамна хьалха суьлхьаналла бен доцу со, сох синкъерам баьлла хилла-кх хьуна. Сан гIайгIанах хьан кийрара гIайгIа ешна хилла-кх.

ХIа-хIан, со кхин хьуна декар дац, аса сайн гIайгIа хьуна кхин ялхор яц, тоьар ду масийтта баттахь сан 6Iаьргех ихна къаьхьа хин тIадамаш, хьан дегlax дулий, ч loгIачу мерзачу маларо санна, хьо вахийна кеп йина латтийча. Со хьан самукъадаккха гIерташ ца даьллинера хIинццалц, аса хьуна ялхориг сайн гIайгIа яра, хьоьгара орца доьхуш. Хьо цунах кхета воллуш а ца хилла. Суна и хуур дацара, тохара суна улло деанчу олхазаро сан гIайгIанах хьуна синкъерам баьллийла соьга ца хаийтинехьара. Цо соьга и хаа а хаийтира, со хьуна кхин ца декаш саца а сецна. Ца хаьара хьуна, со суьйранна, сайн кхаа кIopнина ижо а яхьаш, сайн бенчу деанчу заман чохь, бухахь сайн кIорнеш а ца карийна, шийлачу маьхьарца, цIеначу дагара дуткъачу озанца сайна орца доьхуш, декча, аса деттачу цIогIанах са а къераделла, со хьуна доьхкинчу хьуьнан хехочо со лаьцнийла? Ца хаьара хьуна, сайн кIорнеш куьйранан мара яхана теша, меца Iохку теша, чевнаш хилла Iохку теша бохуш, де-буьйса ца лоруш, сайна хуъучу маттаца, сайн долчу озанца и сайн доьзал лаха со маьрша дита бохуш, сан делхар дарийла?

Ца хаьара хьуна, цу сайн доьзалшна со тIекхача маьрша дитахьара бохуш, хIинццалц доьлхуш аса хьуна ялхийначу сан гIайгIанах хьайн коьртера бала бешнийла? Кхин со хьуна декар дац! Кхин со хьуна доьлхур дац, кхин аса сайн гIайгIанах хьуна синкъерам ца боккху,— аьлла олхазар ца декаш сецча, цу стага и олхазар дIахецнера.— аьлла, Олдамна хабар дуьйцуш волу хьаша, цкъа соцунха а хилла, юха а вистхилира:

— Цу тайппана, ахьа хьайн гIайгIа соьга санна, тIекхаьч-кхаьчначуьнга ялхаярх, хьуна цунах цхьажимма хилла а цхьана заманна синтем хилахь а, хьан цу гIайгIанах нахана синкъерам бер бу, нахана цунах белам хир бу... ХIунда? ...Хьуна хилла и гIайгIа, нохчийн Iадат бахьанехь, ахьа хаа а хууш, айхьа хьайна йина дела. ХIинца ахь и гIайгIа шайга ялхийча, нах кьайлах хьох боьйлур бу — «Хьенех, стаг хила дагахь Iадатехь догIург а дина, юха цунна дохко а ваьлла, хIинца тIекхаьч-кхаьчначу стагана воьлхуш лела, Делан дуьхьа мел хала ду-кх цунах стаг хила,— бохуш... Цкъа дийцинa ца Iаш, уьш, пхьоьханахь дух-духа иза дуьйцуш хьох боьлур 6у,— аьлла, шайга веанчу хьешо и къамел шега дичхьана, Олдам гуттар а гIелвеллера, иза гуттар а кIелвисна вогIура, и шега дийцар бахьанехь, шен гIайгIа муьлх-муьлхачу а стаге а ялхо а ца лууш, ялхийча, шена дикка синтем бер болуш санна а хеташ.

Олдам кIоргерчу ойланаш чу вахана Iаш, цIаьххьана гIовгIа елира кху тогIи чухула когаш Iуьйра лакхара охьахьаьвдда догIучу берийн. XIapa цкъа меллаша и гIовгIа яьллачухьа дIахьаьжира, тIаккха охьахьаьвдда догIучу берех шен 6Iаьрг кхетча, доккха са а доккхуш, — да вала хьан дуьне, — аьлла, серийн кертах аркъал таьIира. И девдда догIу кхо бер шена тIехдолуш, леррина цаьрга хьаьжначу кхунна, шех хилларг дагаоьхура, кхуьнан даккхийчу Iаьржачу бIаьргех цхьабосса боккха шиъ хин тIадам буьйжира, xlapa ша Iаччохь бертаза вегавелира. Леррина берашка тIаьхьа хьоьжуш Iаш xlapa велхаран къурдаш дан велира.

ОлдамгIарна аьтту arlop гена доцуш лаьттачу жамIатан маьждиган кертахь — ОллохIу акбар! ОллохIу акбар! — аьлла, къена молла маьркIажан ламазана кхайкха волавелира, маьждиган кертал арахьа тIулгаш тIе а хевшина, нийсалла кхуьссуш санна, цхьабосса бIаьллаш тIе туьйнаш кхуьссуш Iан баккхий нах, кхойкхучу моллина тIаьхьа, дагахь ол-олург а олуш Iара. Дукха хан ялале молла а кхайкхина велира, баккхий нах а, вовшийн хьалхе а юьтуш, маьждиг чу буьйлира. Олдам а, уккал а таIийна, дIасхьа а ца хьожуш, веана царна тIаьххье маьждигчу тилира.

Ламазера а ваьлла, шайн лохачу неIарехула шайн тишачу цIа чу ваьлла Олдам, — Сепият, мотт биллахьа суна, — аьлла, кора гIеххьа йогуш лаьттачу англин лампина улло а вахана, коратIера куьзганан бIаьрг схьа а эцна, цу чу хьежа велира.

— ХIинца а могуш воцуш-х ца хиллий хьо? — олуш, хьалагIаьттина, тиша пазаташ тохкуш Iан Сепият хууш яра, сннгаттам бахьанехь Олдам хеназа къанвеллийла а, дено-дено бохург санна, и гIеллуш лаьттийла а.

Куьзгана хьожуш лаьттачу Олдамна шен къежъеллачу ехачу юьхь тIера беха мара болчунна тIе а цIийбелла гора: юкъ-юкъа берцан буьртигаш даьхкича санна йолу шен шога юьхь а Олдамна кхохкийна гора, Олдам тховса дуьххьар хилла вацара могуш воцуш, xlapa шен гIайгIа дага а йогIий, цуьнан ойланаш а еш, шех леташ Iачу эаманчохь, цхьана муьлххачу а берах шен бIаьрг ма-кхийтти, Iадат бахьанехь ша-шена йина гIайгIа карла а йолий, хьере хуьлура, кхо шен айра доьллачу даккхийчу куьйгашца шен лекха хьаж къовлий схьа а лоций, хийла корта теIабора. Оцу меттехь кхуънан дегIax цкъа йовхо, тIаккха шело хьаьрчара, кхуьнан лекха дегI дикка маллора; дегIax ийзо долалучу пхенех могуш воцуш а хуьлий, кхо вужий де а, кIира а доккхура.

Иштта хиллера-кх тховса а Олдам могуш воцуш. Сепията, ехачу нар гIехь хьалабоьттина лаьттачу метта юкъара шайн цхьаъ бен йоцу йоккха гоь схьа а эцна, яржош нар тIе тесира. И тIетесча, цу гоьнах хилла делахь а, бухарчу кIайчу истангах хилла делахь a, гIеххьа ченан кIур кху чохь а гIаьттира.

Мотт биллина яьллачу Сепият а — Сискал схьа а яьлла лаьтташ-м ю, ца кхоллу ахь? — элира, охьавижа тIера хIуманаш дIа а яьхна, нара тIе волуш воллучу Олдама. — Ца кхоллу хIинца-ма,— аьлла, охьа а вижна, сийначу басмин юргIа шена тIеуьйзира цо.

ХIун гIайгIа яра техьа Олдам хеназа къанвинарг, цунна кест- кеста цамгар тухург?

Олдам 25 шо кхаьчна жима стаг волчу заман чохь xlapa цхьаъ бен шен кхин доьзалхо цахиларна а, чохь кхин зударашха стаг цахиларна а, кхуьнан 60 шо кхаьчначу дас Элашбис кху Олдамна зуда ялийра, xlapa дегаза воллушехьа, кху юьртахь гIараяьлла йолу Забин Сепият. Шена и ялийча, шен дена дуьхьало а йина, нахала ца вала, Олдам, реза а хилла, IадIийра.

Сепият дог цIена стаг хиларх а, цуьнан хазаллех а воккхавеш, Олдама дикка хан дIаяьхьира. Сепият, юьртахь хаза ю а, дика йоI ю а бохуш, гIара ма-яллара карийра Олдамна а, цуьнан дена Элашбина а. Сепият, дехкийи цергаш а йина елаелча, беснеш тIе гIеххьа кIаьгнаш а хIуьттуш, йогуш горга юьхь а йолуш, хаза стаг ян а яра, цунна шен марда Элашби а вуно дукхавезара, Элашбина, шен кIант Олдам санна, Сепият а вуно дукхаезара.

Элашбис хIинццалц шен, цхьа Олдам воцург, кхин доьзалхо цахиларе терра, кхоаварна, эвла юккъе синкъерамашка марзвелла лелаш Олдам хиллехь а, хIинца Сепият ялийчахьана, иза чIогIа шен цIен тIе вирзинера. ХIинццалц шайн а шарахь цкъа бохург санна бен, дечиган ворда яхьаш воцу Олдам хIинца, xlopa денна бохург санна, дечиге а воьдара, дечиг ца дахьачу дийнахь, хьуьнах а воьдий, я коьчал яхьара, я мехах киране воьдура, шен яккхийра Iаьржа бугIанаш а южий.

Элашбис, Олдам шайн цIийнан дукъ схьалоцуш дIахIоттарх а, хIинцца ши шо хьалха еллачу шен зудчун меттана, шайн цIийнан нана хилла дIахIоьттинчу Сепиятах а чIогIа воккхавеш, дикка зама дIаехьира.

...КIант вина дукха хан ялале Элашбис, уьстагI а бийна, молланашка чу а кхайкхина, цу кIантана цIе тиллийтира «Ваха» аьлла. Ца хаьа, молланаша и цIе жайни тIера эцар-цаэцар-м, делахь а и «Ваха» боху цIе Элашбиний, Олдамний, Сепиятаний йоккхуш хаза хетарал совнаха, и цIе, молланаша тиллар бахьана долуш, чIогIа сийлахь хеташ а бара, и цIе йолу шайн кIант дикка дукха вехар ву моьттуш а бара, «Ваха» бохучу цIеран маьIна «вахийта», «вехаверг» хеташ.

Цхьана дийнахь, гуьйренан заман чохь, гуттар а ма-хиллара, кхехкачу гIабакхах цIа чохь гIотту Iаь санна, кху жимачу юьртан чохь къахь гIаьттинера. Xlopa цIийнах, тиша дарий, цIена дарий аьлла ца Iаш, юьрта юккьерчу доккхачу маьждигана уллорчу мокхачу хьуьжарх а тIехь, керчаш, хьийзаш, ирх оьхуш сийна, мокха а кIур бара. Маь-маьIIехь леташ хезаш жIаьлеш а дара. Накхаран тускарш санна, могIара лаьттачу цIенойн кегийчу корашкахула, Iаьржачу буса геннара хьаьжча гун ярмакан панаран серло санна, наггахь гуш йогучу лампанийн серлонаш а яра. Кху юьртан доккхачу хийистера пхиъ я ялх цIийнахь йогуш йолчу лампанашлахь цхьа лампа кьаьсттина сирла йогуш яра. И дара ОлдамгIеран цla, цу чохь товханахь хингалш дина а даьхна, дилина тIе гата а хьарчийна, Сепият уьш хIинцца цIa кхочу волчу Олдамна хьежош Iара, товхана хих буьззина боккха чуьйнан яй а оьллина. И яй оьллинера Сепията шен корта била а, кху чохь нар тIехь Iуьллуш волу Ваха лийчо а.

Олдам цIa кхачаре хьоьжуш йолчу Сепията,— хье а велла,— Ваха лийчина яьлча тоьлу суна, и цIa кхачале. ТIаккха кхоно сайн корта а билина, охьайижа атта хир ду сунна, — аьлла, товхана чуьра чуьйнан яй цIенкъа юккъе хIоттийра, хи шел далар а хир, кхихкина кхачацадалар а хир аьлла. ТIаккха нар кIелхьара дечиган текх схьа а оьзна, хи шеллушехь, Вахина жимма коьртах хьожур ша, аьлла, Сепият, Ваха схьа а эцна, йогуш лампа лаьттачу кора кIел нар тIe а хина, Вахина коьртах хьажа юьйлира.

Оцу заман чохь дехьачуьра Элашби, сехьа Сепият йолчухула 6ен шен аравала йиш ца хиларе терра, гIумгIа а эцна, шен дагахь, Сепият Вахина юххехь хилахь, цунна эхь хетар ду-кх шех аьлла, Сепият йолчу агIop дIа а ца хьожуш, охьа а таьIна, чехка аравелира. Сепият, и шега схьа ца хьаьжнехь а, эхь хетта, шен карара Ваха охьа а вуьллуш, чехка хьала а иккхина, нар тIера охьайоьсира. Ваха велха озийра. Оцу заман чохь Олдам шен 6угIанийн ворданан гIовгIанца шайн уьйтIа кхечира, Сепиятна шайн ворданан кIезигчу гIовгIанех а хиира, цIа веанарг Олдам вуйла. Сепият цкъа Вахина тIехьаьдда. — Ма велхахьа, Ваха... ХIара-м сан дика бер дай, хIара-м сан хаза бер дай а, — аьлла, шен туьйдинчу кIархашца уьйтIа хьаьдира кIад а, гIел а велла цIа вогIучу Олдаман ворда дIахеца. Олдам а, ша хIинцалц шена дуьхьал Сепият мосазза ели чу ма-варра, хIинца а чу веаpа, шен эттIачу, белхан гIовтала тIоьхула дихкина гата дIа а достуш. Чуваьлча, ша схьа- даьстана гата нар тIе а кхуссуш, Элашби чохь волчу цIийнан жимачу коре а хьожуш,— Элашбина гой техьа? — аьлла, меллаша веана, воьлхуш Iуьллучу Вахина тIе а хIоьттина,— Стенна йоьлху хьо, тодакх?.. Стаг хир яц хьох….яц дера…— аьлла, меллаша Олдам вистхилча, Вахас шен велхар алсамдаьккхира. Олдам, юха а цкъа шайн юккъерчу коре а хьаьжна, меллаша Ваха схьа а эцна, Сепият йолчу вига дагахь аравала дIаволавелла, неIаре кхачале, уьйтIара чувогIу Элашби кху шайн лохчу неIарехула чехка чувелира, карахь Ваха а волуш Олдам гича, иза цIаьххьана юхаиккхира. Олдаман дегIах, стелахаьштиг кхетча санна, цIе елира, шен дена ша, кIант а керахь гича, цо, Iаьржа бIагор а хьаьвзаш, шен карара Ваха, ша кхуссу, ца кхуссу ца хууш, цхьана arlop охьакхоьсира. Ваха цIенкъа юккъехь тIера Iа а оьхуш лаьттачу чуьйнан е чу вуьйжира. Цуьнан шийла мохь белира. Олдам, кхоьссина хIума санна, араиккхира. УьйтIахь ворда дIа а хецна, божал чу йохка 6угIанаш лаьхкнна йоьду Сепият, цкъа а ца хезначу тайпана шена Вахас мохь хьоькху хезча, чуян дагахь схьахьаьдира, амма, ша санна, Вахин мохь а хезна, чухьаьдда волу Элашби а гина, Сепият юхаиккхира, Элашби цIа чу ваьлча, шайн чохь хилларг хIун ду ца хууш, кийра ша биллина Сепият, меллаша шайн уча а еана, корехуда чу хьаьжира, тIаккха Сепиятана гинарг ма гойла цхьана а беран нанна, цуьнан хилла дог ма хуьлда цхьана а беран ненан. Сапиятана шена тIаьххьара 6Iагор хьаьвзаш гира, чуваьллачу Элашбис, мас дIаяккха кечъян довхачу хи чу а Iоьттина, схьайоккху котам санна, чуьйнан е чохь довхачу хин кийрахь наггахь мохь болуш Iуьллу Ваха хьалавоккхуш. Сепияте и ца ладелира, иза, кIажийн пхенаш хадийча санна, дегI малделла, орам хадийна дечиг санна, чохь са доцуш, шайн учи тIе, дог а кIадделла, охьаюьйжира, гIеххьа тата а доккхуш. Чохь воьхна хьийза Элашби, шен карара Ваха цкьа юргIана юккъе вуьллуш, тIаккха, кор доьллий, цунна хIо кхоьтуьйтуш лелара¸ цунна дан догIург шена цахааре терра. ТIаьххьара а Элашбина дагадеара ягийнчу меженна нохчаша саба хьокхуш хилар. И шена дагадеача, Элашбис, ка тоьхна шайн саба схьа а эцна, Вахин цIийделлачу дегIах хьекха хиира. Вахина цунах хIумма а гIоле ца елира, иза дарба ца хиларе терра. Ваха цу тайпана вагавар бахьанехь шолгIачу дийнахь велира. Олдама, ша эхьан хIурда чу воьжча санна, дуьненан уггар а доккха эхь шен карара даьлча санна, шен кIант Ваха веллехь а, Элашбина гучу ца волуш цхьа бутт а, хийла хан а яьккхира.

Иштта, и Ваха валар бахьанехь яр-кх хIинца вай вуьйцуш волчу къеначу Оддаман гIайгIа, тховса могуш воцуш а хилла, хорша еача санна, шена къеначу Сепияте тIе хIумнаш а тохийтина, кIелвоьлла Олдам хеназа къанвинар, цуьнан нахах уьйр хадийнарг, цунна нахе — тилла вуй, жинашца тайна вуй, шайтIанашца уьйр йолуш вуй — бохуш, цIераш тахкийтинарг.

Дешархо! Кхин дIа долчух хьо-хьуо кхета веза. Хьуна хаа деза, Олдамна санна, Сепиятана а мел дагахьбаллам бу... ХIунда кхоьсиненера теша Олдама шен карара Ваха е чу? Цо иза шен карахь витинехь, я меллаша охьавиллинехь, Олдаман цхьа меже охьа-х южур яцарий, цул тIаьхьа Элашби Олдуман мостагIа-х хир вацарий, шен кIантана шех эхь ца хийти аьлла. Цул тIаьхьа кхеран цIа дуьйцуш хир дацарий — «эхь ди-кха Олдама» бохуш, я «стаг хир вац Олдам»,— бохуш. Эхь ишта-х ца хуьлий, эхь стаг вуьйш хила-х ца дезий, ладогIахьа, дешархо, цхьакIеззиг хIинца Олдамна ша къанвеллачу меттехь ша а, шен зуда Сепият а кхаба мел чIогIа оьшура доьзалхо? ХIинца ахь ладогIахьа, мел чIогIа дохковаьлла-кх Олдам, ша вайн нохчийн бодане Iадато хIаллакварна а, и Iадат ша кхочушдарна а. ТIаьхьа делахь а, хIинца-м хаьа хьуна Олдамна, «стаг» юхкуш-оьцуш йолу пхьегIа йоцийла. ХIинца-м хаьа хьуна Олдамна, «стаг» вийча волуш воцийла. Олдама и бала хIинца юха-м боккхур бацара шен коьртана.

Кхи дIа дерг айхьа даккха кху хабарх, кхин дIа кхуьнан кхел айхьа е, хIара дуьйцуш, сунна бIагор хьийза….

Баду́ев, СаIид Сулейма́нович - нохчийн яздархо а, байтанча а, цул совнаха, нохчийн литературан бухбиллархо а ву. Бадуев СаIид вира 1903 шеран марсхьокъу-беттан 28-чу дийнахь, Соьлж-гIалахь. Цуьнан да махбархо вара. Жималлехь да-нана доцуш, байлахь висира иза. Иза Соьлж-ГӀалан реалан доьшийлахь (училищехь) доьшуш волчуьра дӀаваьккхира цуьнан дешарх дӀадала ахча ца хиларна. 1922-чу шарахь цо Буру-ГIалахь чекхъехира кооперацин курсаш . 1938-чу шарахь Совет Пачхьалкхахь яьржина хиллачу репрессийн таIзарна буха нисвелла, бехказа чувоьллира иза. Бадуев СаIидан дахаран некъ хедира Гулагехь, гIуран-беттан 20-чу дийнахь, 1938-чу шарахь. Ала догIу, Iедало репрессиш емалйиначул тIаьхьа, цуьнан цIе меттахIоттайира. Шен йоцачу оьмарехь ларийра иза иттанаш дийцарш а, байташ а язъян, цул совнаха, иза 15 пьесин автор ву.

XS
SM
MD
LG