ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь - Украина: геннара схьадогIу гергарло


Генна иэсера схьайогIу нохчийнний, украинахойнний юкъаметтигаш. Шина къомана тIе бохам боьссича, вовшашна накъосталлехь а хуьлу вайн къаьмнаш. Оцу юкъаметтигийн таханлера сурт довзуьйту Австрерчу цхьанакхетаро а.

Украинера Оьрсийчоьнан, я политикан корректаллийца догIуш ма-хиллара аьлча, Оьрсийчоьно белшаш гIорточуо сепаратистийн агресси йолаеллачу муьрехь доллучу дуьненехула чекхделира, Донбассехь оьрсашкахьа тIом беш нохчийн къомах болу тIемлой бу аьлла.

И нах шаьш а бара вуно жигара шайн Украинин лаьтта тIехь леларш видеогайтамашкахь схьаоьхьуш а, шаьш цигахь Оьрсийчоьнан хьашташ кхочуш деш хилар дIакхайкхош а. Амма кхин хье ца луш нохчийн къоман турпалхочуо Мунаев Iисас шен накъосташца цхьана дохийра и Украинерчу нохчех кхолалуш хилла долу раз сурт.

ХIетахь дуьйна кIарглуш, алсамдолуш цхьа догIуш ду тIаьхьарчу ткъех шарахь нохчаша лайна ма-хиллара, оьрсийн агресси а, оьрсийн оккупацин баланаш а ловш болчу украинхойн а, нохчийн гергарло.

И гергарло шен дахарца а, шен турпалчу цIийца кхелира Ичкерин инарлас Мунаев Iисас. Ткъа иза кхелхинчул тIаьхьа Украинин малхбалехь тIеман тийсадаларшкахь чIагIлуш хилла ца Iаш, Европехь бехачу шина къоман векалшна юккъехь а чIаглуш ду доттагIалла.

ХьастагIа Венехь цхьаьнакхетар хилира Донбассехь чевнаш йинчул тIаьхьа Австре дарба дан баьхкинчу Украинин бIаьхойн, Австрехь бехачу Нохчийн Ичкери Республикин векалийн. Чевнаш йинчу бIаьхошна шайгара совгIаташ дира вайнаха, цаьрца доттагIалла а тессира.

Австрера Украинин векал Шерба Олександр а ву меттигерчу вайнахаца гергарло лелош а, нохчийн къоман дезденошкахь я диаспоро дIахьочу цхьаьнакхетаршкахь хуьлуш а, украинхойн цIарах шен нохчийн къомаца йолу марзо, нохчийн къоман цуо украинхойн бохамехь шаьшна белшаш гIорторна долу баркалла а юх-юха а довзуьйтуш а.

Шина къоман векалш тIаьхьарчу хенахь даима цхьаьна хуьлу Австрехь дIахьочу Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьалчу акцешкахь я, мелхо а, даздаршкахь, кху деношкахь Украинин йозушйацаран де даздеш санна.

Юкъара мостагI бахьана долуш а, юкъара бала бахьана долуш а карлаевлла йолу украинхойн, нохчийн уьйраш вуно мехала хета Австрерчу нохчийн диаспорин векална ИбрахIимна. Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь цуо билгалдаьккхира, и юкъаметтигаш шинна а къомана пайдехьа хилар а, и гергарло ларамаза ца хилар а.

ИбрахIим: „ХIинцалца схьа вайн къомехь долу хьал а, Нохчийчуьра бала а ца бевзара дуьненна ма-барра, хIунда аьлча вайн дуьхьал беш вуно боккха болх бара оьрсийн пропагандано. ХIинца оцу Гуьржийчохь а, Украинехь а хилларг бахьана долуш дуьненна девзи вайгахь хилларг а. Вайгарчу хьолах болу кхетам а алсам баьлла дуьненчохь. БIаьргаш схьабелла белла ала мегар ду нехан и бахьана долуш.

ХIинцалца дуьненчохь вайх террорхой а, исламхой а, иштта дIа кхин а ца йоккхуш цIе яцара. Вай хетара кхечарна Оьрсийчоьнна дуьхьал агресси йинарш. ХIинца доллучу дуьненна гина бакъволу агрессор мила ву. Украиница йолу юкъаметтигаш вайна вуно мехала ю, хIунда аьлча иза хилла яьлла пачхьалкхе ю, Европица доза а долуш, нуьцкъала а йолуш. Церан толам – ищза вайн толам а бу“.

Нохчийн, украинхойн доттагIалла цу шина къоман юкъарчу амална тIехь – маршо езарна - кхолладелла а, кхуьуш а ду бохуш дийцира и доттагIалла чIагIдарехь жигара дакъалоцуш волчу Австрин вахархочуо ИбрахIима кхин дIа а.

ИбрахIим: „ХIокху дуьненчуьра муьлха а къам я пачхьалкхе схьаэцча, изза украинхой схьаэцча а, царна дезачул сов хIума дац вайн къомана дезаш дерг, царна дезарг деза вайна а- вешан маьрша пачхьалкхе хилар а, вешан маршо а. Украинхой, Даламукълахь, тулур бу, цаьрца вай а тулур ду. Ткъа Оьрсийчоьнан харцо оьшур ю“.

Украинхойн, нохчийн гергара юкъаметтигаш хIинцалерчу историн муьрехь карлаевллехь а, амма цу гергарлонан, шеко а йоцуш, генара орамаш ду. Ширачу заманахь боккха Кавказан тIом болуш оьрсийн элан эскаршца Нохчийчу кхаьчна волу хийла украинхо эскарера вада а водий, нохчийн агIонехь а волий, тIаккха вайнаха тIе а эцна, вайн махкахь ваха хиина дуккха а меттигаш бу.

Иштта Сталин заманчохь Украинехь мацалла хIоьттинчу хенахь дуккхаъ дан амал доьхна болу украинхой кхечира Нохчийчу, цигахь вайнаха тIе а лаьцна, баха а севцира уьш. Шен рогIехь ший а нохчийн-оьрсийн тIом болуш дуккха а нохчи Украине дIа а кхелхина, цигахь керла дахар а, тховкIело а карийна беха тахана а.

XS
SM
MD
LG