ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцошна бевза баланийн чам


Эзарнаш мухIажирш дела денна схьаоьхучу Австрехь, тIебаьхкинчаьрца къинхетам а, цхьабарт хилар а гойту меттигерчу бахархоша. Мигранташна бовха кечбой кхача а, тIеюхург а, билеташ эца ахча а латтадо цара, де а, буьйса а ца лоьруш

Буьйсанна цхьайтта сахьт долуш схьакхочу Венгрера Австрин коьртачу шахьарерчу Вестбанхоф цIерпошта вокзале мигранташ чохь болу рогIера эшелон.

Иза цIерпоштин тховкIело кхоччушехь, перрон тIехь лаьттачу царна гIо дан гулбеллачу меттигерчу бахархоша тIараш детта доладо. Сихйелла хьийза йолало полисхойн тобанаш, эчиг некъанна гулбелларш совтIера улло ца гIортийта. Хьере дIасаида буьйлало иттанаш журналисташ, кху деношкахь цу вокзалехь туш тоьхна хан йоккхуш болу.

ДIо дехьа, перронан вукху агIонна тIехь, шайн хьалхарчу стоьлаш тIера кхачанаш кечбан а, йовха чоьрпанаш а, чайнаш а кечаме дахкон хIуьтту Каритас гIодаран юкъараллин духарш доьхна болу нах.

Уьш, и нах, Каритасан духаршца белахь а, амма цу юкъараллин белхахой бац, уьш волонтераш бу, могIарера Венин бахархой, мухIажаршна шайга далучу кепара гIо дан баьхкина.

Йистахо лаьтта масех жимстаг, карахь „Дела реза хуьйла мухIажаршна гIо мел дочарна!“ аьлла яздина кехаташ а долуш. Уьш шаьш а бу кху деношкахь Вене кхаьчначу Шемарчу мигрантех.

Цу юкъана схьатотту цIерпоштан некъа тIе шозлагIа эшелон. Иза еса ю, вукхунна чуьра арабевлла волу Венгрера схьакъаьчна болу мухIажарш Венехь йоцца социйла а йина, хIума а кхаьллина, берашна а, шайна а оьшу гигиненин гIирсаш а, некъана юург, тIедоссург а елла, юха кхин дIа Германерчу Мюнхен агIор некъахой дIабига хIоттийна ю и шозлагIниг цIерпошта.

ХIинца схьакхаьчнарш мигранташ полисхоша а, гIодечара а го бой, ехачу рогIца цхьана перрон тIера вукхунна тIе буьгу, юург а, тIеухург а, кхин дIабаха кечйина вагонаш а йолче. Со а цаьрца дехьа йолу полисхоша тIийриг тессина, гIодечарний, журналисташний бен дехьабовла ца магочу вокзалан маьIIе.

Шийла ю. МухIажарш юргIех а, довхачу духарех а хьерча. Бераш цIубйо шайна кховдийна цхьацца марзолгаш, уьш цеце хьоьжу шайна гонахьа лаьттачуьнга. Бераш тIебаьхкинчаьрца дуккхаъ ду, масех бутт бе боцучарна тIера итт -шийтта шераш долчаьрга кхаччалца.

Тамашийна синхьаамаш хуьлу, цара бина беха а, хала а некъ дуьхьалтессича. Ойла кхоллало, ма хийла нохчийн бераш а, хьаннашшкахула а, хиш чухула бина и некъ, кху Европе кхача гIерташ олий.

МухIажарш самукъадаьлла бу чIогIа, шаьш схьакхаьчна а, шаьш кIелхьара бевлла а. Уьш боьлу, Iарбойн маттахь юх-юха а шукран боху шайна гуонахьа. Кхана хIуъу хилахь а, тахана уьш кхерамазаллехь бу, меттигерчу бахархоша диллинчу дегнашца тIеоьцуш а бу.

Царел а ирсеха буй-те аьлла хетало царна гIодан баьхкина меттигера бахархой. „Iарбойн, фарси, ингалс, пушту меттанийн гочдо“ аьлла яздина кехат ду цхьанна букъ тIехь, вукхунна духарна тIе латийна ду, „вай-фай оьший цхьанна а?“ аьлла. ХIораммо а шега далучуьнца, ша гуьнахь волчуьнца до тIебаьхкинчарна гIо.

Юург дIасайоькъучу меттехь ул-уллохь лаьтташ ю наний, йоI МайерхофергIара. И шиъ дийнахь дуьйна еъна ю цIерпоштица схьаоьхучу мигранташна шайга далучуьнца гIо дан. I7 шо долчу Майерхофер Мариссас дуьйцу.

Майерхофер: „Сан цIе Марисса ю, Майерхофер. МухIажаршна гIо деш ю со, юург дIасай йоькъуш. Берашна а, баккхийчарна а оьшуш болу гигиенин гIирсаш а боькъу ас. ТIеюхург а. Делкъана кхоъ даьлча дуьйна схьа ю со кхузахь. Сайн ненаца цхьаьна еана со кхуза гIодан“.

Мариссин нана Лидия Гонсалес Майерхофер цIера Перу махкара ю, иза 40 шо ду Австрехь ехаш йолу. Шена цкъа а ца моьттура, цу кепара австрихой тIебаьхкинчарна орцанна гIовтур бу бохуш дуьйцу цуо, ша чIогIа дозалла до ша ишттачу догдикачу адамашца цхьана махкахь ехаш хиларх бохуш.

Лидия Гонсалес Майерхофер: „ГIодан лууш еана со. Цкъа а ца моьттура суна кху кепара австрихойн доьзалш иштта арабевр бу, цара массо а хIуманна ойла а еш, Iалашдеш ду-кх, юург а, тIеухург а, ур-аталла Германе дIабаха луучарна цIерпоштин билеташ а тIаьхьа кхоьхьу цара. Иштта кхин дIа а хир ду аьлла тешна ю со.

Сахиллалц соцур ю со кхузахь гIо деш, кхинберш а бу со санна сахиллалца Iаш. Цхьаццаболчу австрихойн доьзалш схьабаькхинчу мигрантех берашца берш шаьш долчу петаршка буьгу, йовхачехь цаьрга буьйса яккхийта, юха Iуьйранна схьабахкадо. Ас а дан мега иштта“.

Цу юкъана мигрантех Австрехь биса лууш берг полисхошций, гочдархошций вокзалан кIоргехь лерина кечйинчу чоьне боьлху. Ткъа Германе дIабаха луурш жим-жима шозлагчу цIерпошти чохь къайлабовлу, совгIатех а, сурсатех боьттина.

Цхьана йоццачу ханна мелла а ясло Венера Вестбанхоф. ГIодархоша шайн сурсатийн резерваш дIанисйо, рогIерачу мухIажарийн эшеллонна кечам беш. Буьйсанна сахьтлох сахьт доладелла. Тамашийна тийналла хIутту цIерпошта вокзалехь мигранташ чохь йолу вагонаш Мюнхене дIа новкъа евлла.

Амма еха ца лаьтта и тийналла. ШозлагIа сахьт долалуш герга гIурту рогIера цIерпошта, рогIера мигранташ а, церан кхолламаш а бохьуш. Иза гергакхочуш юйла хаало, полисхой дIасаида буьйлабаларх, гIодеш болу волонтерш бовха кхачанаш перрон тIе схьакхехьа буьйлабаларх.

Эххар а хеза мухIажаршна дуьхьал баьхкинчу австрихоша тIараш детта долош – перронна тIехь гучуйолу Венгрерчу рогIерчу эшелонан хьалхара вагон.

XS
SM
MD
LG