ГIирмерчу Севастополь гIалахь меттигерчу академино шен "сийлахь академик" цIе совгIатйина Кадыров Рамзанна. Стохка а кхушара а дуккхаза а дина Нохчийчоьнан куьйгалхочунна и тайпа совгIаташ. Кадыровн совгIаташ тергоне оьцу Димаева Лизас.
Кадыров Ахьмад дагалоцуш «Кавказан аз» цIе йолу Ерригоьрсийчоьнан IV-гIа фестиваль дIаяьхьира Симферополехь кху деношкахь. Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийчоьнан векалш а.
Фестиваль ерзош, жамI деш вистхиллачу Севастополан Iилманийн Академин вице-президента Коротков Игора бовзийтира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан «ГIирма Республикин Iилманийн Академин сийлаллин академик» шаьш хоржуш бина сацам.
Ша Кадыров Рамзан цу барамехь дакъалоцуш вацара, дашо мидал схьаийцира политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамболата.
Хууш ма хиллара, Кадыров Рамзанна шайн Iилманийн дарж делла массех академино.
2006-чу шарахь хаьржира иза Нохчийчуьрчу Iилманан академин сийлахь академик.
Дахначу шарахь Кунта-Хьаьжин цIарахчу Исламан университетан сийлахь профессор вира Кадыров Рамзанах.
Кхаьъца дакъадеш, Инстаграмерчу шен агIонтIехь яздинера «профессора», масех лакхарчу доьшийлаша дехар динера шега, академик, профессор дарж кховдо лаам бу шайн, бохуш, ша дуьхьалонаш йора, амма Исламан университетан «Сийлахь профессор» дарж ас доккхачу дозаллица а, хазахетарца а тIеэцна, аьлла.
Кхушеран Стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира Кремлехь Сийлаллин Орден елира Кадыров Рамзанна, «белхан кхиамаш лакхара хиларца», «юкъараллехь жигара дакъа лацарца», аьлла, билгал а доккхуш.
Кремло совгIат далар бахьана долуш, йоккха скандал гIаьттинера юкъараллехь, политикашлахь, хIунда аьлча, оппозиционер, политик Немцов Борис вийна бехкевен Дадаев Заур лаьцна шолгIачу дийнахь совгIат Кадыровна далар динчу зуламца цхьа хьожа-мода ца йозуш дац, бохуш.
Оьрсийчоьнан политолога, Политтехнологийн Центран вице-президента Макаркин Алексейс дIахьедира хIетахь, Кадыров Рамзанна Лараман орден яларо гойту Кремлна иза бен гуш воцийла Нохчийчоь пачхьалкхана муьтIахь кхаба, аьлла.
Кху тIаьххьарчу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хьалха ухку мидалшка хьоьжуш, забарш йо халкъалахь, «хIара гIуллакх иштта дIадодахь, кесста Кадыров Брежневна а тIехъэккхар ву», бохуш.
Социалан машанехь инфографика ю Оьрчийчохь бевзачу политикашна делла пачхьалкхан совгIаташ дагардеш хIоттийна.
Хьалхарчу могIарехь ву Брежнев Леонид- II4 орден, шолгIачу тIегIанехь Кадыров Рамзан ву - 62.
СовгIаташна боккха тидам тIехьажабо ша Нохчийчуьрчу режимо а. СовгIатийн йозалла йовзуьйту кху дустаро.
Лаккхара совгIат ларало Нохчийчохь Кадыров Ахьмадан цIарах йолу орден. Иза 60 грамм ю. 36 рубин, 38 сапфир, 38 бриллиант кхелина цуьнца.
Оьрсийн Турпалхочун орден яц 2I,5 грамм бен, яц кхелина дезачу тIулгашца.