СТУЙ, ВИРРИЙ
Сарралц охуш баьллина сту цIа беара. Мукх бууш доллура вир.
- Ирс яI, хьан, вир. Хьуна баа мукх а ло, хьера а, хьаьтта а дуьгу. Со сарралц бацабо, деза кир леладойтуш, охуьйтуш.
- ХIилла хьовзаде, - элира виро.
- Муха?
- Болх ма бе. Ворданна дIабоьжча, ког дIа а ма баккха.
- ТIаккха хьаха ю суна неI хьаллалц шед еттар.
- ХIумма а дац. Жимма сатоха. Хьо ца мегаш хилла моьттуш, дIахоьцур бу.
Виро дина хьехар схьаийцира старо. Дечиге бига, ворданна дIабоьжча ког дIа а ца боккхура цо. Цкъа а, шозза а шед тухуш, човхийра воккхачу стага шен сту. Амма иза меттах ца белира. Цаьрца дечке даха тIаьхьадаьлла пхьу-кIеза а оьгIаздахана летара.
- Iав-Iав-Iав! ВгIов-в-в! Хьо хIун деш лаьтта, меттах а ца болуш? - бахара цо.
- ЭхIей, сту, хьо хьаха беза уьрсана билла. Сан хIун гIуллакх ду хьо эрна кхаба. Сту дIа а хецна, и бен шаьлта иръян хIоьттира воккха стаг.
- Iав-Iав-Iам. ХIа а, бакъахьа ду цунах лахьа дича. Шуна даа жижиг а хир ду, суна яжа жаьIахк а хир ю, - бохура жIаьло.
Старна хиира, воккха стаг шена шаьлта хьакха кечлуш вуйла. Цо вире элира:
- Белла бала со делаI, виро динчух хIун хьехар хир дара. Хьажал ахьа суна бина тешнабехк.
- Ва Iовдал, цIога ирх а дахийтий, кертахула хахкало. "ХIинца хIара-м тобелла", - аьлла, шаьлта цо хьокхуш, буьтур бу хьо.
Сту, хьалаиккхина, кертахула уьдуш, ловзабелира.
- ХIара бен оьшуш дац, тобелла. - Сту дIа а боьжна, дечке вахара воккха стаг.
ТIаьхьахIоьттина догIучу жIаьло старах бехкаш дохура:
- Iав-Iав-Iав! ВгIо-в! Ахьа хIунда лоцура виро дина хьехар схьа? Вир вир ма ду. Хьуна ца хаьа, къа ца хьегначо яа ца йоийла?