ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенна ца лела нохчий Гуьржийчу деша?


Тбилисин Университет
Тбилисин Университет

Гуьржийчоьнан къоман библиотеканна керла хIусам ю еш Тбилисехь. Цу чохь жайнийн музей елла дагахь а ю пачхьалкх. Дуккха зама ю гуьржий Iилманна тIаьхьабевлла беха. Церан ламаст ду хааршка кхийдар, дешарна тIера хилар. Хьалха боьлхура нохчий Гуьрже деша. Ткъа хIнца стенна ца лела?

ТIедогIучу шарахь схьайоьллур ю Тбилисехь къоман билблиотекан керла гIишло. Цу чохь хир ю жайнин музей а. Гуьржийчоьнан парламентан библиотекан директора Кекелидзе Давида боху ipress.ge сайтатIехь, и музей Нью-Йоркерчу библиотекан музейх таръеш йийр ю.

... Ала догIу, дуккха а дукха заманаш ю гуьржийн Iилманца хьан-сан догIу а, уьш цуьнга гIерта а. Дуьненан къайленашка а толлуш, уьш йосту цара цахеддаш. Цуьнга хьажжина алсам ю гуьржийн гIаланашкахь лаккхара а, доьшийлаш а.

Гуьржех боьлхий, цигахь Iилманаш Iамош хилла хьалха Кавказан лаьмнийн дукъал сехьа дехачу къаьмнаша. 19-чу бIешарахь, оьрсийн экспансино тIемашца шаьш хьийзабечу юкъанна, лелла вайнах Тифлисе Iилманна тIаьхьа.

Нохчийн къомах дуьххьара историк-этнограф ву аьлла цIетоьхна волчу Лаудаев Умалта а, шен къоман хьал-дахар дуьненна дуьххьара йозанашкахь дийцарца вевзачу гIалгIачо Ахриев Чахьа а Тифлисехь арахецна шаьш вайнах бовзуьйтуш язбина белхаш.

Ткъа тахана? Мел оьцу вайнахана гуьржаша Iилманаш Iамош кхиийначу зеделлачух пайда? ХIун мах бу Iилманашка кхийдачу нехан бахархошлахь?

Нохчийн къоман кхиар тергалдечунна гойла ду Соьлж-ГIаларчу хьукматаша,мехкан урхалло адамашна кхийдочу аьттонашлахь коьртаниг Iилма доцийла. Нохчийчохь 350 математик, физик, химик, географ ца тоьаш доладелла школашкахь дешаран шо. Бац и гозанчаш мехкан лакхарчу доьшийлаша оьшшучул Iамош, арахьоьцуш.

Амма ду тIаьхьий-хьалхий деш маьждигаш. Бу, Iилманчаш кхуьуш бацахь а, баьржаш дуккха а дика спортхой. Ткъа дешаре, хааршка, Iилмане кхийдар лагIделча вочудолу хьал. Духу юкъараллан кхиарехь мехаллийн терза.

Темина гонах хилира тхан Маршо Радион гуьржийн Радио Тависуплеба декъерчу корреспондентца Рухадзе Окропирца къамел. Цо дийцарехь, хIумма а эшна дац Гуьржийчохь тIевеъначу жимханна деша луш долу хьелаш. Делахь а, кIезиг бу хIинца Тбилисерчу университеташкахь доьшуш нохчий, гIалгIай.

Рухадзена хетарехь, гармони хила еза нехан спорте, Iилмане, дине кхийдарца. Ткъа деша бахка луучу вайнахана чIагIна дац Гуьржийчоьнан доза.

Рухадзе: «Спорт езаш хила веза массо а, суна хетарехь. ДегIан жигаралла цхьанненна а новкъа ма яций. Изза алалур ду Iилманах а. Iилманчаш а бу, дешна, дуьнентIехь мелдерг хууш къам а ду. Халкъ хууш хуьлу дерриг а, бодане, акха ца хуьлу.

Дин. Гуьржийчохь дин чIогIа ду хьалха заманашкахь дуьйна а, иза шира керста мохк хиларе терра. Амма оцу агIонна тIех чухьадда а дац адам Гуьржийчохь. ХIунда аьлча, мозгIаран болх хала болх бу, ахча ца доккху ахь килсехь болх бора аьлла.

Со тешна ву, «къоман яхь» боху кхетам еза мехалла хиларх. И яхь кавказхошкахь массаьргахь а ю. Оцо вай массо а вовшех тар а до. Юкъаралла могуш елахь, маьрша хила лууш елахь, спорт а, Iилма а, дин а гармонехь хила деза вовшашца. Иштта экономика а. И дерриг а хила деза гармонехь.

Тбилисин университет карарчу муьрехь лаккхарчу тIегIане кхаьчна. Кхуьуш ю сиха а, дика а. Цига къилбаседа кавказхой цабахкар, я бахка царна некъ бацар – цигахь политикан духьало хилла ца Iаш, меттан проблема а ю. Хьалха Советан Iедал долуш цигахь оьрсийн маттахь хьехара, хIинца – гуьржийн а, ингалсан а меттанашкахь хьоьху. Масала, Тбилисера медицинан университетехь Азера дукха бу доьшуш.

Къилбаседа кавказхошна политика ю аьлла ца хета суна новкъа, Гуьржийчу ван виза а ца оьшу, парггIат бахкало, деша йиш ю».

Деношкахь Оьрсийчоьнан спортан министра Мутко Виталийс дIахьедина, Къилбаседа Кавказо вуно дика ирхенаш йоху спортехь, аьлла. Шеко а йоцуш, иза бакъ ду.

Ткъа маца хезар ду, «къилбаседа кавказхоша ирхенаш йоху дешарехь, шайна Iаьмнарг дуьллу къоман Iилманан, экономика деборан хьармана», аьлла?..

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG