Соьлж-ГIалахь йолалеллачу кхелехь прокуроро чIагIдо, ши украинахо, ткъа шо хьалха шайн цIахь националистийн УНА-УНСО партин декъахь хилла волу Карпюк Николай а, Клых Станислав а Нохчийчу а веара, царех хьалхарчо, масала, нохчийн эскарехь тIемаш беш лаххара а 30 салти а вийра бохуш.
Карпюк стохка Киевехь карчам бан араяьллачу "Аьтто сектор" партин лидеран Ярош Дмитрийн уллера накъост ву. ШолгIаниг, Клых Станислав, Киеверчу транспортан академехь историн хьехархо ву.
Украино чIагIдо, и ши стаг, цхьаъ итт бутт, важа ахшо хьалха, ФСБ-но вадийна валийра Пятигорскерчу набахте бохуш. Миччахь а делахь а, эха шарахь етташ-Iуттуш а кхаьбна, Нохчийчохь тIемаш бина шаьш аьлла даре а дайтина, валийна Соьлж-ГIала кхеле, боху Киевехь.
Хууш ма-хиллара, кхеле валийначу стагна шина тайпа ву тIехIуттуш волу адвокат: я ша, цуьнан гергарчара, мехах лаьцнарг, я Iедало велларг. Шина украинахочунна тIехIиттийна адвокаташ Iедалера бу.
Амма, мел тамаше делахь а, адвокаташа Ицлаев Доккас а, Дубровина Маринас а чIагIдо, Карпюкера а, Клыхера а дареш етташ даьхна, бохуш.
Хилла я ца хилла ши украинахо Нохчийчохь тIамехь? И хаттар ду коьрта массарна а.
Маршо Радионо и хаттар (хилла я ца хилла Карпюк а, Клых а нохчийн тIемалошлахь) делира Ичкерин тIеман истори гергга хаарал совнаха, шина а тIамехь президентна, тIеман баьччина Масхадов Асланна уллехь леллачу, эскаршна тIехь Iуналла деш, цуьнан гIовс а, адьютант а хиллачу Исханов Хьусайне.
Шина украинахочуьнга дайтинчу даренел совнаха, девна декъа, теш а вина, валийна талламчаша Челябинскехь набахтичохь воллу цхьа украинахо – Малофеев Александр. Иза а ву боху талламо Нохчийчохь оьрсашна дуьхьал тIом бина. Ткъа цуьнан, тIамна бехке ца бича а, ду цхьацца зуламаш дарна набахтехь токхуш 23 шо. Адвокаташа дийцарехь, и стаг цкъа а аьттехьа а ца хилла я Карпюкна а, я Клыхна а. Амма цо тоьшалладо, шена Карпюк а, Клых а Нохчийчохь тIамехь вевзина хиларх, боху талламчаша.
Соьлж-ГIалара кхел юьххьехь бен яц. Хиндерг ала дац билггал. Аналогеш схьаэцча, тIаьхье муха хир ю ган хала дацахь а...