ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мохана аьлла баркалла


Цкъа мацах лаьтта бухахь Iа а даьккхина, бIаьсте тIееъча, зингат шен бен чуьра арадала гIоьртина, амма цуьнан бен тIоьхула бецан хелиг хилла дижина Iуьллуш. Цо цуьнга аьлла:
— ДIадала сан бен тIера, схьабеллийта соьга иза, бан безаш дуккха а болх бу сан.
Ткъа бецан хелиг меттах ца даьлла. ТIаккха зингат газа йолчу дахана.
— Во, газа-гуьзалг, бIаьсте тIееана, сайн бен схьабелла со гIоьртича, цу тIехула дижина бецан хелиг ду, и дIакхалла ягIахьара хьо.
— ЭхI, цига йогIучул сайна сийна буц а юуш, шийла шовда а муьйлуш, Iийча тоьла суна.
— Хьо кхалла-м ас борз йоуьйтур ю хьуна.
— Во, борз, аьлла, мохь тоьхна зингато, — сан бен тIехула дижина бецан хелиг ду, дIадала аьлча а, дIадолуш а дац, и дIакхалла газа а ца йогIу, газа кхалла ягIахьара хьо.
— Цига йогIучул, сайна берстина дуьмеш долу уьстагIий а дууш, Iен яй со.
— Хьох лата-м ас жан-жIаьлеш дохкуьйтур ма ду.
— Во, жан-жIаьлеш, — аьлла, мохь тоьхна зингато, бен тIехула дижина Iуьллу бецан хелиг дIа ца долу, бецан хелиг кхалла газа ца йогIу, газа кхалла борз ца йогIу, барзах лата дуьйлийша.
ТIаккха жоп делла жан-жIаьлеша:
— Цига догIучул, тхайн Iуьно тесна даьIахк а цIубъеш, цо аьлларг а деш, Iен дай тхо, ца догIу тхо барзах лата.
— Шуна гIаж етта-м ас жаIу воуьйтур ву.
— Во, жаIу, бен тIехула дижина Iуьллу бецан хелиг дIа ца долу, бецан хелиг дIакхалла газа ца йогIу, газа кхалла борз ца йогIу, барзах лата жIаьлеш ца догIу, царна гIаж етта волахьа.
— Цига вогIучул, сан дечиг-пондаран мерзах пIелг а тосуш, тIаьхьа гIийла узам а балош Iep, гIоли хета суна.
— Хьан пондаран мерз хадо-м ас дахка боуьйтур бу хьуна.
— Во, дахка, сан бен тIехула дижина бецан хелиг дIа ца долу, и дIакхалла газа а ца йогIу, газа кхалла борз ца йогIу, барзах лата жIаьлеш а ца даьхки, жIаьлешна гIаж етта жаIу а ца вогIу, жаIуьнан пондаран мерз хадо болахьа, — аьлла, дехар дина зингато дахке, амма дахка реза ца хуьлу, цо олу:
— ЭхI, цига богIучул хIокху Iуьргара оцу Iуьрга а эккхаш, Iен бай со. ОьгIаз а дахана, зингато аьлла:
— Хьо кхалла-м ас цициг доуьйтур дуй-ца. Мохь тоьхна цициге:
— Во, цициг, бен тIехула дижина долу бецан хелиг дIа ца долу, бецан хелиг кхалла газа а ца йогIу, газа кхалла борз ца еа суна, барзах лата жIаьлеш а ца даьхки, жIаьлешна гIаж етта жаIу а ца веа, жаIуьнан пондаран мерз хадо дахка ца богIу, суна и дIакхалла долахьа.
— Цига догIучул, сайн ненан меса-бедарш тIехьIуьллур дай со.
— Хьан ненан меса-бедарш йовдо, ас мох боуьйтур бу хьуна.
Во, мох, хьо болахь орцах, цхьа бецан хелиг ду сан бен тIехула дижина, дIадолуш а дац, и дIакхалла аьлча, газа ца йогIу, газа кхалла йолахьа аьлча, борз ца йогIу, барзах дата дуьйлийша аьлча, жIаьлеш ца догIу, жIаьлешна гIаж етта волахьа, аьлла, дехар дича, жаIу а ца веа суна. ТIаккха жаIуьн пондаран мерз хадо дахка а ца беа, дахка кхалла цициг а ца догIу, цициган ненан меса-бедарш йовдо болахьа.
Жоп делла тIаккха мохо:
— Собарделахь, хьаша новкъа а ваьккхина, ламазана корта а тоьхна, со дIабогIу хьуна, — аьлла.
Хьаькхира мох, шок тухуш, гира цицигана богIу мох, дIахьаьдира иза дахка кхалла; гира дахкана догIу цициг, дIахьаьдира иза жаIуьнан пондаран мерз хадо, оьгIаз а вахана, жIаьлешна гIаж етта вахара жаIу. И вогIу гина жIаьлеш барзах лата хьаьдира, борз газа кхалла яхара, газа бецан хелиг кхалла яхара, бецан хелиг лестира, дуьхьало ян гIоьртина, газано и чехка дIакхаьллира.
Бен маршабелира, массо а юхабирзира, зингат шен бена гонах хьаьвзира. Иза хIинца а мохана баркалла бохуш laш ду.

XS
SM
MD
LG