ТIамах ведда Пятигорскехь вехачу Рамзанан нана кхелхинера. Ростоврчу онкологин дарбанцIийнера цо иза шен децIа МескатIа а кхачийна, дIайоьллинера. Тезета дахара тхо, Пятигорскехь дехарш.
- Дала гечдойла хьан нанна! Хала ду-кх, хьуо юьстах а вехаш, цигахь, Нохчийчохь, нанна каш а хIоттийна, юхаван, - шега аьлча, Рамзана бохура: «Дац, Дала диннарг тIеоьцур ду, ас дерриг а дина нана сайна къинтIера йоккхуш, ас тергойина цуьнан иза мел ю...»
...Ма тамаше дара и жоп, боху ойла ехара тхоьца, Рамзанан накъосташца. Амма хено кхетийра иза бакъ хиллийла. Уггаре халаниг хиллера кхетамчохь волчу доьзалхочунна, иза тIехь а воцуш, цуьнан тергамза нана кхалхар.
...ХIара ойла Соьлж-ГIалахь, кхоалгIачу микрорайонехь вехачу къонахчо Байсултанов Ахьмада дагатасийтира.
Массех шо ду Ахьмадан нана дIаяьлла. КIанта ненан дог муха эца догIу, иза цуьнца муьлхачу тергонехь хила веза масал гойтуш видео ю Ахьмадах а, цуьнан меттахь Iуьллучу ненах а массех шо хьалха яьккхина, интернетехула яьржина лелаш.
И видео шен Фейсбукерчу агIонтIе яьккхира деношкахь Устрада-ГIаларчу догцIенчу стага Хасимиков Сулбана.
Эццахь долийра наха и кIант лехар а, цуьнга шайн довха дегнаш кхийдор а. (Ахьмад бол а боцуш, чохь тоъал чIана а йоцчу доьзалера ву).
Байсултанов Ахьмадах нехан бIаьрг бузийнарг ду иза шен нана ялале, массех шарахь, цунах Iуьналла а деш, вехха тIе а хIоьттина, бедар юьттуш, юург еш ваьхна хилар, шен 12 шо а бен доцчу хенахь дуьйна.
Хасимиков Сулбанца къамел хилира тхан. Цо иштта довзуьйту, ша тIаьхьа а ваьлла, Байсултанов Ахьмад схьалахарх а, цуьнан кхолламах сагатдеш, дуьненан маьI-маьIIера вайнах хеттаршка-къамелашка бовларх а лаьцна.
ХIун мах бу ненан? Хьо мел байттамал хир ву нана, ахь дог а эцале, эхарта ерзахь? И хаттар даима а ду мехала, нагахь хьо баккъал а адам делахь. Хасимиков Сулбанна, масала, иштта хета оцу хьокъехь.
Оха хIара тема айинчу юкъанна Байсултанов Ахьмадца зIене велира Несарара цхьа бизнесхо. Шен цIе ца йовзийтар дехна цо. Оцу гIалгIайн совдегаро а тоьхна Байсултанов Ахьмаде телефон, ша хьуна шен фирмехь тоьлла корматалла Iамор ю, балха дIа а оьцу, хьайн дог делахь, Несара вола сан чоьтах, хьажа кхуза а волий, хьо реза ву я вац тхан белхан могIаршкахь хIотта, аьлла.
...Ахьмадах нехан баьрг бузийнарг нана ю. Аьлча а, воIа нене хилла безам, йовхо, терго. Бакъ ду вайнехан кица: ненан когаш кIел ю ялсамани.