ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин Владимира бечу тIемийн мах


Оьрсийчоьно Украинехь болийначу, хIинца а буьззина сацйина а боцчу тIеман мах 377 миллиард доллар бу. Оццул ахча пачхьалкхерчу бахархойн багара а даьккхина, хIинцале дайина Кремло, яздо шен "Путин.ТIом" цIе йолчу иртанехь вевзаш волчу оппозиционеро, экономиста Илларионов Андрейс.

Оьрсийчоьно, аьлча а, Кремло, кхин а герга далийна аьлча, президента Путин Владимира ша Iедал чагIдеш юьхьара лаьцна некъ билгалбоккхуш, кест-кеста олуш ду, «пачхьалкх голаш тIера гIоттуш, когахIуттуш ю».

Ткъа цуьнан маьIна а ду шерра гуш: махкахь кху I5 шерачохь йоцчу кхачийна демократи, хьаьшна дешан маршо, оппозици, национализман, шовинизман лозунгашца Европана а, Малхбузенан а мехаллех къахкийна, патриоташ бина миллионашкахь бахархой.

Иштта мах таханлерчу Оьрсийчоьнан политикан хадочийн могIаршлахь ву экономист, цхьана заманахь Путинан хьехамча хилла, хIинца Iедална оппозицехь волу Илларионов Андрей.

Цо кху деношкахь кечйинчу артиклан цIаро а гойту иза стенах ю – «Путин.ТIом»

Уггаре хьалха готу артикло, Илларионов а, цуьнца гергарлонехь болу политикаш а дахначу Iай вийначу оппозиционеран Немцов Борисан Путин Владдимиран политикера харцонаш Iораяхаран некъ дIахьош буйла.

Триллион соьме кхоччуш ду Оьрсийчоьнан бюджетера, халкъан текхах а хадийна, Путинан гонаша Украинерчу Донбассехь оьрсийн сепаратисташ кхиош, уьш герзах къовлуш, иштта ГIирмехь а изза болх беш а, дайина ахча, боху Илларионов Андрейн артикло.

Оппозиционеро дийцарехь, Кремло халкъан бюджетах Украинехь кегари латторхьама юкъара дохучу ахчанийн барам кхачабелла а бац, харжаш хир йолуш ю кхин а

Маршо Радиона цо довзийтира ша анализ еш дина тидарш, билгалъяхна харжаш.

Илларионов: «Ас юха а боху, даима олуш а ду, Малхбузено Оьрсийчоьнна хIиттийначу санкцеша оццул ницкъ бина пачхьалкхана, бохуш, Оьрсийчоьнан а, Малхбузенан а тергамчаша дийцаредар тIехдаздина ду.

Дуьхьалъяьхначу санкцеша бен эшам оццул барам болуш а бац, Оьрсийчоьно ша шена тоьхначаьрга ладоьгIча. Масала, пачхьалкхана III миллиард Iамеркан долларшкахь хилла эшам Малхбузенан бехкенна ма дац, Путинан а, хаарш доцучу Коьрта банкан а политика бахьанехь ду.

111 миллиард доллар кIеззиг ахча дац, и барам шозза совболу масех шарахь Сочехь хиллачу Олимпиадина хьажийначу ахчанан барамал а.

И бу-кх Путина доллу дуьненна дуьхьал баьккхинчу тIеман мах. Мах, тIеман!

Ткъа вайна гуш ма-хиллара, Путин оцу тIехь а саца дагахь вац, цундела вай ваьш хадо беза кхиндIа хиндолчун мах, мел зен хир ду Оьрсийчоьнан экономикана а, аьлча а, Оьрсийчоьнан бахархошна а. ХIунда аьлча, резервехь долу ахча а халкъан ахча ма ду.

Цу тIе хууш а дац, кхин мел бан воллу иза тIемаш кху 2015-чу а, кхидIа долчу а шерашкахь».

Илларионов Андрей ша цхьаъ вац "Путин. ТIом" артикл хIотторца Оьрсийчоьнан халкъе орца дохург. Цуьнца бу цхьамогIа махкана бевза оппозиционераш а. Шаьш хIиттийначу харжийн барамашца уьш кхето гIерта мел зуламе ду халкъан багара а дохуш даккхий ахчанаш тIаме тийсар а, и тIемаш Путинан гоно шорбеш латтар а.

Ткъа кхетаррий-те адам, аьррий-те Кремле халкъо, тоьар ду, шена а лаьа цивилан дуьненахь даха?

Цкъачунна халкъера жоп дац я Илларионовна а, я дуьненна а хезаш...

XS
SM
MD
LG