ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Варзапний, ноьжаний юкъанисбелла бусулбанаш


«Исламан Пачхьалкх» олучу жихIадхойн а, терроран ал-Къайда партин Шемарчу ал-Нусра декъо а кхойкху бусулба уммат тIамца Оьрсийчоьнна дуьхьалхIоттаре. Кремло Шема а, Иракъе а бомбанаш етта хьийсочу кеманаша дечу зенаша дарбинчу ницкъаша дечу дIахьедарех лаьцна яздина Маршо Радион агIонтIехь журналиста Паращук Джоаннас.

ЖихIад цхьана Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна ца Iаш, Iамеркан Штаташна дуьхьал а ду кхайкхош. Амма шолгIаниг цунах йоьлла елахь, Оьрсийчоьнна духхьара ду «Исламан Пачхьалкхо а», цунна гонахарчу а хьовха, нацкъарчу а исламхойн ницкъаша ша емалъяр.

Бахьана кхеташ ду – мила харц ву, бакъ ву ца къестош, шен хьешана Асад Башарна новкъа мел волчунна тIеетта Кремло бомбанаш, ракеташ.

Ал-Къаидан Шемара дакъа ларалучу ал-Нусран векала ал-Iаднани Абу Мухьаммада ша интернетехула яржийначу 40-минотан видеохь дерриг а бусулба уммат кхойкху «Оьрсийчоьнна дуьхьал гIатто хьакъдолчу» жихIаде.

«Оьрсийчоь оьшур ю!» - тешна ву шен къамелехь-кхайкхамехь Iаднани.

Оьрсийчоьнехьа тидам берзочех дуьххьара вац ал-Нусрера ал-Iаднани.

«Исламан Пачхьалкх» я ДАIИШ шех олучу жихIадхойн боламо дуккха а хан ю оьрсийн маттахь пропаганда яржаен. Фурат-Медиа ю цо интернетехь лелаечу сайтан цIе.

Оцу сайтехь Кавказера схьабевллачу тIемалоша кест-кеста тосу кхерам президентна Путин Владимирна, я кхечу цуьнан гонерчу хьаькамашна, шаьш Оьрсийчоьнах сийна цIе юьллур ю, цунах шолгIа ОвхIанистан йийр ю, олий.

ЖихIаде, даима а санна, интернетехула яржочу видеошца кхойкхуш нисло Шемарчу а, Иракъерчу а динан а, тIеман а лидерийн. Кхеташ ду, цара гIо доьху бусулбанашка. Оцу кепехь накъосталле хьежар массеран а хуьлу, даймохк агрессоро цIийла керчо болийча.

Ткъа бусулбанашка ойла йойтуш, уьш ойланашца, хьажамашца шалхачу бохург кхин ду.

Хьенан ю бакъо жихIад кхайкхо? Муьлхачу кепехь, хьесапехь, маьIнехь хуьлу иза кхайкхор?

ТIемашкахь кху тIаьххьарчу ткъе итт шерачохь мел хиллачу бусулбанаша бина кхайкхамаш, шайна гIо доьхуш шайн мехкашкахь а, арахьа а.

Амма, масала, Нохчийчохь ши тIом боьдучу юкъанна ца велира стагга а къомо маршонехь латтабечу къийсамах жихIад олуш а, я къам а, я бусулба дуьне а оцу жихIаде кхойкхуш а.

Стенна? Хьена ю бакъо иза кхайкхон, хIун боху оцу хьокъехь дино? Оцу хаттарна жоп дийхира Маршо Радионо Австрин шахьарарчу Венерчу маьждиган имаме Абубакар-Хьаьжига.

Абубакар-Хьаьжа: «Оцу Тарихна со мелла а тIаьхьакхуьуш волундела, Шемахь, Иракъехь и хьал доладелчхьана, цигахь дерг бусулбан наха меттахъдаьккхина а дац я Iеламнаха хьалха а бевлла хIара жихIад дан деза аьлла, меттахъдаькхина а дац.

Цундела нахе «цига ма гIерта, цигахь дерг я жихIад дац», олура ас.

Мила ву а ца хуучу стага, дIа а хIуттий, велха а воьлхуш, бусулба нах бу бойуш, бусулба нехан берийн цIий ду Iенош, бусулба наной, йижарий бу хьийзош, бохуш, велхарца къамел дича, цо дуьйцучех теша а теший бусулба нах "АллахIу Акбар" олий, дIахьовду».

ЖихIад хьенан ду кхайкхадойла боху хаттар шашаха агIо ю бусулба меттигашкахь лаьттачу тIемийн.

Иза хьан мега кхахйкхо боху агIо вай листар дац Кремль масмалик ду, иза цIенчу ойланца, Малхбалерчу адаман дахар цIиндархьама гIоьртина цигарчу тIама юкъа бохург.

Оьрсийчоьно баккъал а ийзабо шегахьа Iаьрбашкара а, кхечу бусулбанашкара а цабезам, гамо, мел-мухха а белахь а, церан бусулба вежаршна балеяларца.

Цу тIе, нах шех кхардош нисло оьрсийн низамхоша-иччархоша, ФСБ-но, ГРУ-но «Исламан Пачхьалкх» ма-хуьллу емалъеш, ма-торру ченала хьакхош лелориг.

Деношкахь Соьлж-ГIалахь Старопромыслан кIоштахь вийна аьлла Кадыров Рамзана кхайкхийна жимастаг, Байсултанов Аслан а, цуьнца кхин цхьаъ а, цул тIаьхьа кIира даьлча, Москох «Исламан Пачхьалкхана» бомбанаш еттарна Кремлана акха ваханера аьлла, лацар ду адамаш делош, цецдохуш, дардеш, Iедалх къахкош.

Кремло айинчу харцонашний, «Исламан Пачхьалкх» олучу ницкъаша бохьучу боданний юкъанислучу бусулбанаша шайна ма-моггу, шайн хьекъале хьаьжжина кхетадо кху муьрехь хуьлуш лаьттарг. Амма дукхахберш кхета я иза а, я важа а аго шайна диканна араяьлла ца хьийза.

XS
SM
MD
LG