Дукха хьолахь шайн цIераш яха а ца луш, дуккхаъчу бахархоша мукIарло до Маршо Радионе, Нохчийчохь пенсеш лахара хилар, шайн хеннахь, бутт байча бахархошка ахча дIакхачош цахиларх а.
Ткъа Оьрсийчоьно кху деношкахь зорбане дехкина 6 баттахь шаьш зийначу Оьрсийчуьрчу пенсионерийн дахаран хьелийн барам.
Шайн дахаран хьелаш аьхна хиларца, уггар ирсе пенсионераш бу боху Нохчийчохь, шолгIа меттиг дIалоцу ГIалгIайчоьно, цунна тIаьхьа ю Дагестан.
ХIун оьшу пенсехь бехачу нахана, шаьш ирсе хета? Могашалла, социалан хьелаш кхачамболлуш хилар, доьзалш могуш-маьрша гар, синтеме хилар шайн пачхьалкх. И дериге а чу а лоцуш хIоттийна «ирсечу пенсионерийн»рейтинг.
Дукха хан йоццуш, NewsEffector агенталло хIоттийра «ирсан» рейтинг. Оцу талламашкахь а Нохчийчоь хьалхарчу меттехь яра.
ЖамIдеш цара тидаме эцнера бахархойн дахаран аьхналла, Iаламера хьал, тоьлла-тоаме кхерамзалла махкахь хилар.
Дуккхаъчу тергамчаша шеконе биллира хIетахь NewsEffector-ан и бIаьрла хаам.
Билгалдевлла жамIаш шалхонашца го тахана а.
Масала, шолгIачу меттехь йолчу ГIалгIайчуьрчу пенсионерийн урхаллин векалшна хууш дацара, и статистика хьаьнга хеттарш дина, хьанах дагабевлла хIоттийна ю Оьрсийчоьно. И жамIаш, терахьаш шайга хаьттина даржийна дац, шаьш цаьрца реза а яц элира Маршо Радионе ГIалгIайчуьрчу пенсионерийн урхалллин пресс-векалтин куьйгалхочо.
Дагестанца а зIене елира Маршо Радио. Оха хаьттира, хаьий-те Оьрсийчоьнан жамIашца дагестанхойн пенсионераш ирсе хиларца 3-чу меттехь хиларх, юй-те церан цхьанне а кепара шеконаш оцу хьокъехь?
Тхан хеттаршна жоьпаш делира пенсионерийн урхаллин пресс-векалтин куьйгалхочо Сумкулиева Альбинас.
Сумкулиева: «Ма-дарра аьлча, суна хаьа и хаттам хиллий а, суна цуьнан жамIаш а девза, ас дешна. Бакъдерг аьлча, со цец а ца елира хIуммаъ! Ас и хьал дузу, уггар хьалха вайн менталитетца. Вайн пенсионераш, баккхий нах, цкъа делахь уьш безаш, лоруш, оьшуш бу шайн доьзалашкахь, и ламаст хилла дIахIоьттина ду.
Со йоккхае кавказхойн къаьмнашлахь, тхан махкахь а, и ламасташ хIинца а лелаш хилар. ШолгIа делахь, баккхий нах иштта вайн юкъараллехь а тергонехь бу. Цхьайолчу Оьрсийчоьнан кIошташкахь санна, вайн мехкашкахь ца го урамехь сагIа доьхуш, я цхьаьннан тергонехь боцуш, шайна буьйлабелла лела баккхий нах.
Нохчийчуьра, ГIалгIайчуьра, тхан Дагестанера пенсионераш ирсе хилар иза коьртачех цхьа ламаст ду, вайн цаьрга болу лерам… Кхин цхьа хIума а ду, вайн баккхий нах экаме бац, цара цкъа а ца бо латкъамаш, уьш реза бу шайн дахарна, церан цIийх, тIамарх йоьлла и амал.
Дино боху, тоам бе хьайн долучух, ткъа баккхий мел хуьлу ойлано цу тIе балабо уьш. Цундела, ас и дозу, уггар хьалха, вайн менталитетца».
Москохарчу NewsEffector олучу мониторинган агенталло дахначу шарахь хIоттийначу «ирсан» рейтингехь хьалхарчу меттехь яра Нохчийчоь, ткъа ирсечу махкахь ца хуьдлийла а дацара «ирсе пенсионераш».
Маршо Радион зIе хилира Соьлж-гIаларчу Пенсионерийн урхаллерчу векалшца а.
Аутарханов Люба коьрта говзанча ю цигахь. Цхьанне а кепара шеконаш яц шен, иза бакъ дацарца, элира цо тхан къамелехь, цхьана заманахь дуккха баланаш лайна нохчийн къам хьакъ ду ирсе хила.
Аутарханова: «Суна хиира и хаттам хиллий а, вайн нохчийн пенсионераша щаьш ирсе ду аьлла, хьалахара меттиг Нохчийчоьнна еллийла а. Иштта хIунда нисделла те аьлла, ойла йича суна хета, вайн къам хало лайна ду, цхьа мур текхира цара, луш доцуш пенсеш, тIеман халонаш, хIусамаш йохийна, хIинца шайн хеннахь луш пенсеш ду.
МеттахIуттуш йохийна гIишлош, шайн хIусамашкахь бехаш хиларна а, Iедалера а мелла а гIо а хуьлуш, Нохчийчохь пенсеш Оьрсийчохьчул а лахара делахь а, хIетте а шаьша гIоле хета царна, кхечахьа долчу хьоле ладоьгIча».
Любин белхан накъоста, пенсионерийн гIуллакхаш луьстучу отделан коьртачу говзанчас Жандаева Лайлаъа а дийхира шегара жоп хазийтар тхан хаттарна.
Жандаева: «Суна и жамIаш нийса ду аьлла хетта, хIунда аьлча, вайн республикехь массо а куьйгалхо царна тIе тидам а бахийтина Iаш ву. Тхан белхан хьаькамаша, уггар хьалха церан гIуллакх делаш, олу тхоьга даима . Цундела пенсионераш тхайна реза хир бу аьлла хета суна. И жамIаш цунедела нийча хир ду аьлла, тешна ю со».
Нохчийчутра масех пенсионер зийра Маршо Радионо, буй-те ма дуьйццу ирсе Нохчийчуьра пенсионераш, хаа лууш.
Теркйистера пенсиэцархо Умидат ю дуьйцуш.
Умидат: «Хьажал, хIинца бутт байча, пенси схьадала декхар бу, амма и схьа ца луш, шолгIачу батте доккху цара. Суна а хета, нахана санна, шайна са йоккхуш, лелош ду те цара и ахча, олий. Туьканара хIума оьцу ахь, дIа а язвойтий, лург.
Юха лаххьадой и царна дIало, вукху баттахь схьадаллалц хьо вакъа а лой Iа. Нах дIауьду кхечу пачхьалкхашка, ой, дIа ца идича бовлий уьш, я бала ца белча бовлий и нах, чохь яа сискал йоцурш а бу дуккха а».
Неврерчу вахархочунна Адама дика евза пенсионерийн проблемаш, ша а хиларе терра
Адам: «Цхьацца йолчу ярташкахь бутт бола ма белли схьало пенсеш, тхан юьртахь, хIун до, бутт бола ма белли I0-20 стагана дIало, оцу юкъа кIира-ши кIира дулу, тIаккха юха вукхарна ло, цул тIаьхьа юха а хьембо. ЦIерабаьхначарна луш 300 туьманаш дара, Ставрополе, кхечанхьа а хьо дехьаваьлча. 3-4-зза совду-кх царна лург.
ХIара Нохчийчоь а Оьрсийчу йогIуш ма ю, цигахь ишта луш, кхузахь вуьшта луш, стенна ду? Шайна дууш ду-кх!»
Ирсечу халкъалахь хир яц белхан меттигашца къоьлла, нах байарш, лецарш, лелхарш-лелхийтарш, уьдур бац дикачу мехкан бахархой хийрачу пачхьалкхашка баха, я оьхур бац мохь: «Къоьлла кхидIа ца кхехьало», бохуш.
Лайлаъ: «Де доьхна сан, суна ца хаьа ас хьаьнга гIо деха деза а. 6 бер ду сан. Бан болх ца хуьлу, аьтто боьхна ю-кх со. 6 эзар пенсе ду суна догIуш, бакъдерг аьлча, цуьнах тоам а ца хуьлу».
Гарехь я NewsEffector-о а, я «Оьрсийчоьнан пенсионер» юкъаралло а Iедалера боцчу Нохчийчуьрчу зударшка я божаршка хаьттинчух тера а дац, юй хьо, вуй хьо ирсе, кхачо юй даарца-маларца.
Къайле ю, и терахьаш хьанах дагабовлуш схьаоьцу талламаш бечу Оьрсийчоьнан агенталлаша а, юкъараллаша а.