Хьалха сценитIехь къахьоьгура нохчийн артисто, цуьнан иллеш нахана девзаш, дезаш, массеран бохург санна, дагахь, багахь хуьлура.
Шуьйра хуьлура хIетахь иллиолучун репертуар а, денна шен похIма кхиош, кIаргдеш къахьоьгура цо, дукха хьолахь, иза шен оьмарехь а кхиа цавора ерриг а пачхьалкхехь сийлахь хуьлу «Халкъан артист» цIе тIеэца.
Яхначу заманахь иллеш, эшарш чулацаме хуьлура, мичча хенахь а, хьаьнцца а, ладогIа томехь, ийза а ца луш, буьйцург «корехь чиркх богучу» Лайлаэ безам белахь а, я «дин беллачу кIентан» лазам белахь а, дог-ойла тIома йоккхуш, синна Iаткъамбеш хуьлура.
И дара тохара… Ткъа хIинца? ХIинца хийцаделла хьал, сценитIера дела денна хеза эвхьаза дешнех, нохчийн боцчу мукъамех вовшахйиттина эшарш. Ткъа шаьш и эшарш лоькхурш-м бу «Хьакъболу» я «Халкъан» аьлла йолу еза цIерш лелае артисташ.
Мила ву уьш кхиош, сценитIе хьийсош? Муха баьлла церан кхаж, когахIиттина а, къомана бевзина а бовлале «халкъан», «хьакъболу» артисташ хила?
Советан заманахь сила йолчу пачхьалкхехь цхьа Магомаев Муслим вара 30 шо а кхачале Iедало «халкъан артист» цIе елла. Веккъа цхьаъ 350 миллион мехкан бахархошлахь.
Иштта хала дара артисташна и сийлахь цIерш шаьш бехачу республикашкахь яха а. Ткъа тахана?
Хьо баккхийчу хьакамийн доьналла, стогалла, къонахалла (иза цаьргахь юй-яций халкъе а ца хоьттуш) хастаеш валахь сцени тIе, ма хуьлда хьан аз а, вийр ву хьох сийлахь-воккха иллиалархо!
Массарна а дагабогIу вайна Нохчийчоьнан лаккхарчу хьаькамна, шех паччахь нехан цхьана декъо олучу Кадыровн Рамзанна, я цуьнан дена, я цуьнан зудчунна, я цуьнан юьртана эшаран мукъамехь хастам мел бинчу адамна машенаш, квартираш йоькъуш хилла мур.
Тахана вон ца веха КадыровгIарна эшарш йоху а, лоькху а поэт я артист.