ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бисултанов Апти. Ас хьан чIабанех гIайгIа юцур ю...


Бисултанов Апти

***

Ас хьан чIабанех гIайгIа юцур ю,
КIайчу говрана туьйра дуьйцур ду,
Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь
Дашо гIаргIулеш новкъа йохур ю.

Ас хьан бIаьрхихцхьа илли доккхур ду,
Юьртан йисттехь цхьа ирзу доккхур ду,
Муьрг цIийх Iеначу нохчийн хьаннашкахь
Дуьне къинтIера сайна доккхур ду.

Ас хьан бIарлагIех гIала юттур ю,
Хилларш, лайнадерш сица луьстур ду,
Iаьно къарйинчу нохчийн ярташкахь
Цхьа-цхьаъдахарнадуьхьал хIуттур ву.

Хаза хилла хьо, кхин а хазлур ю,
Цхьалла лайна со къинойх цIанлур ву,
Вайшиъ декъалдан, лаьттан Iаьнарлахь
КIайчу говро шен туьйра дохьур ду.

Дашо гIаргIулеш цIехьа йоьрзур ю,
Цара гIабали хьуна йохьур ю,
БIаьсте йоьлучу нохчийн лаьмнашкахь
Ас хьан чIабанех сайн ирс дуцур ду.

Апти Бисултанов вина 1959 шарахь. Апти -- гоьваьлла нохчийн кхузаманахьлера байтанча ву. 1983 шарахь цо чекхъяккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет. Бисултановс арахецна цхьамогIа байтийн гулам. Масала, цуьнан «Ткъесан ӀиндагӀ» гуламана юкъайоьдуш ю шуьйрра евзаш йолу поэма «Хайбахехь язйинарг». 1992 шарахь цунна делира Нохчичоьнан Халкъан совгӀат. Апти Бисултанов 2002-чу шарахь дуьйна Ӏаш ву Берлинехь.

XS
SM
MD
LG