ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан харжам бац аьлла хета бакъонашларъярхочунна Ковалев Сергейна


Ковалев Сергей
Ковалев Сергей

Юстицин министралло «Мемориал» бехке йина, иза пачхьалкхан бух бохош болх беш ю аьлла. Прокуратуро «Мемориале»ша реза ца хиларх рогIера дIахьедар дина. Москохара Iедалша, доьхьал девла меттигерачу метрона «Войковская» станцийн цIе хийца ца лууш. Украинехь болу къиза тIом дIаберзале, Путин Владимир чугIоьртина Шемахь йолчу конфликтан а.

ХIун хира ду кхин дIа а? Путинан советан пачхьалкх, я керла ГУЛАГ? И хIума дийцаре дира Маршо радинна корреспондентаца Соколов Михаилца, Оьрсийчохь уггаре а вевзачу бакъонашлархочуьнца Ковалев Сергейца.

Шен къамелехь Ковалев Сергейс, хьахийра, пачхьалкхехь йолу чоьхьара а, арахьара а политика. Цхьаъ, вукхуьнах йоьзна ю аьлла хета цунна. И хIума вокхаван а хIума дац, элира цо.

Ковалев:«Хаало шуна, я ца хаало, амма, чоьххьарчу политиках дIадулуш ду вай. Суна хетарехь, Путинан кхин харжам бац. Шен аьттонийн готтачу гонехь ву иза. Цу юккъахь виса а висна, кхин дан хIума а дац цуьнан. Бехкатакхаман гIентан тIу хуура ма ваций иза. И гуо дукхачу хьолехь, боьзна бу Малхбузеран позицица. Керлачу исторехь масалаш ду малхбузе хIума дицдеш хиларна.

Дагадоуьйту вай 2008 шо, Гуьуржийчоь. Хьан йина Абхази йозуш яц аьлла къобал? Хетарехь 7 пачхьалкх ю, шаьш а цхьанна а евзаш йоцу. ТIаккха? Мичахь ду Малхбузено и дIалацарш емал дар? ХIунда дицделла? ХIумма а хала доцу хIума ду иза. Магош дац, дуьненаюккъера хьал тIехсов чIагIдан.

Ткъа, ас ма дарра эра дара: иза кхерамазаллийн сервисехь хIинца муха олу ца хаа суна, хьалха КГБ-хь иза Хьалхара коьрта урхалла яра. Цо арахь талламш бина а ца Iаш, Малхбузехь цхьацца политикан хаттаршна гонахь Iаткъам а бора. Оцу гIуллаккхан шортта ахча дара дойуш. Хетарехь, хIинца а иштта ду. Хьалхалера школа церан йисина ю, цо дика болх а бо».

Дукха хан йоцуш, Оьрсийчоьнан тIеман министраллийн Инарла штабера цхьа къайлахь болу хаам баьржира, керла герзах лаьцна. Иза, «ларамаза» гIарадаьлла бохуш официала хаам бира Iедалша. Амма, иштта долу хIума, хуьлийла дац аьлла цхьамоггIа эксперташ дIахьедарш дира. Ткъа, иза доцуш а, шай лаам гойтуш, оьрсийн тIеман министралло дечу кхечу дIахьедаршна терго йира бакъонашларъхочо Ковалев Сергейс.

Ковалев: «Инарла штаба бинчу хааман, терго ца йиира цхьаммо а. Шаьш толлуш ду бохура цигахь, заррат гIерз, хьалхе, хIума тIедалле тохар. Кхиъ цхьа хаам бара, Iамеркаца гIуллакх къасто, кIеззиг заррат герзаца дан мега аьлла. Цхьана, жимачу бомбийца, материкан пилтанаш вовшеххоьттинчу метте иза кхоьссича, инзаре боккха тIаплам хира бу. Сан хаттарна-йоьхиг ю иза.

ХIара ду хаттар ,ас сайга луш долу: масала, Хиросиман а, Нагасакина а кхоьссина ерг санна жима бомба Iамеркан, я Европан пачхьалкхан кхоьссича, хIун дийра ду Малхбузено? Со кхоьру, цара-м хIумма а дийра дацара, олуш берш Кремлехь дуккха а хиларна. ГIийла стаг вахьтаьIара ву, дийцаршка а вера ву, бохурш.

ХIара хаттар а ду. Ас иза хира ду эра дацара, амма, иштта хила мегаш ду. Зуламхочуьнца хьан гIуллакх Iоттаделча, хаа деза, цуьнца кIеда-мерза хилар догIуш доцийла. Хьо цуьнца кIеда къамел дан волавелча, цунна моьтту-хьо кхеравелла, ша хьо вахьтаIора ву.

Ша шена тIе куьг хьочарах вац иза. Эхь а бехк а доцуш, ша лелочу хIуманна кхоччуш шена доьхьало хира юй хиъча, цо и хIуманаш лелор дац. Суна хетарехь, хьехамчаша президенте, цхьа а хIумма а дацара иза-м, вайна кхиъ чолхе хIума гина, кхин дIа а гIура вай, царна иза дицлура ду, цулла тIаьхьа, вайца маьрша барт лохура бу олу».

Оьрсийчоьнан политика а, цо дIахьош йолу арахьара политика а, ша мел долу хIума цхьана стеган лаамах а, цуьнан дог-ойланехь доьзна хилар нийса хеташ дац «Мемориал» кхеташонан урхаллан куьйгалхочуьнна Ковалев Сергейн. Цхьацца гIардевлачу зуламашна цуьнан уьйранаш хиларна, шен цхьанна а тайпа шеконаш яц, аьлла цо.

Ковалев: Путинах сан яьккхий шеконаш ю, нах байрна юккъахь иза ву аьлла. Амма, тоьшаллаш шиъ бен дац-иза Катарехь Яндарбиев вер а, Лондонехь Литвиненко вер а. Хуьлийла дац, и нах байар, лаккхарчу тIегIанехь хууш ца хилла бохург».

Дукхачу наха, сагаттадо, кхане муха хиира ю Оьсрийчоьнан бохуш? Нахана, хаа лууш дерг ду, луларчу цхьаболчу мехкашкахь санна, майданашка нах ара а бевла, Iедал хуьйцура-м дац теша? Оьрсийн кицанахь олуш ду: «оьрсийн гIаттам Iалашо а йоцуш а, къиза а бу». Нах ара а бевла, карчам хира бу аьлла хеташ вац Ковалев Сергей. ТIаьхьалонаш хуучу цунна, иза дика а хета. Шена уггаре а халахеташ дерг цо иштта довзуьйту.

Сергей Ковалев: «Москохахь Майдан хира ю ,бохучуьнах, со ца теша. Дала хастам а бу хира йоцуш. Суна хIун лууш дара? Суна, хьекъалчийн гIаттам безара. Суна уьш кхетийла лаьара, театр кхио гIо доьхуш, юккъарална иза оьшуш ю бохуш, бевзачу нахана хьестабалар эхье дуйла. Иза, ду маьттаза», бохуш дийцира, Путинех а, дуьненюккъерачу политикех а, Оьрсийчоьнан дерриге а дуьнеца йолчу юккъаметтигех а, лаьцна маршо радионна ша еллачу интервьюхь «Мемориалан» куьйгалхочо Ковалев Сергейс.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG