Бер дуьненчу даларца болало и цакхетам лоьраний, доккхачу декъанна, беран нанний юкъахь.
Лоьраша шаьш дийцарехь, къаьсттина берашлахь яьржачу цамгаршна дуьхьал цатоьхча ца довлуш мехий ду. Цара дуьхьало йо цамгарш вайн массеран а лерехь ю даима а: Оьрсийчохь «коклюш» олу а, кхийолу а пехийн цамгарш, тайп-тайпана гепатит, дизентери, грипп.
Оцу цамгаршна дуьхьал ен вакцинаци берашна къаьсттина чIогIа оьшу боху лоьраша.
Амма тахана тергаллуш ду цхьа тамашена болам. Дуккхаъ а заманашкахь къера а хилла, шайн берашна вакцинаци йойтуш леллачу зударшкара резадацарш хеза тахана.
Оцу могIарара ду Маршо Радионе Нохчийчуьрчу яхархочо ПетIмата деношкахь шен озехь баийтина латкъам. Шен къамел махкарчу Iедална товр дац, цундела ша еха меттиг хьулъяр дийхира ПетIмата. Ша дуьхьал ю берашна цара хенан йохалла цамгарш лехьон тарло бохуш мехий деттийта, бохура цо.
Ткъа стенна ца лаьа хьуна и мехий доьттийла хьаттича, цуьнан жоп ишта дара.
ПетIмат: «Ас сайн берашна мехий деттийтина, амма кхул тIаьхьа вакцинаци йойтур яц аьлла, чIагIо йина Iаш ю со. Цуьнах болуш цхьа а пайда бац, шаьш хуьллучу кепара мехий тоьхча а хуьлу уьш цомгуш, йича алсам хуьлий-те аьлла а хета сугна».
ПетIмата тIех деста-м ца до-те хIуммаъ доцург, хIун новкъа ду берана шен хенна вакцинации яр, мел яьржина ю дай-наношлахь дуьхьало?
И хаа лууш тхо зIене девлира кхин а масех бераш долчу наношца. Цара цхьабоса ницкъаша вакцинаци ярна реза дац шаьш бохура. Бахьанаш дуьзина кхетийра шеен къамелехь Шелан кIоштарчу цхьана дарбанан цIийнехь берийн лор йолчу Зулайс.
Зулай: «Нохчийчохь тIаьххьарчу шерашкахь вакцинаци лаахь а, ца лаахь а еш ю. Ишколе бер ца дуьту, берийн беша бер чу дуьтуш дац и шаьйш дуьйцу мехий тоьхна дацахь. Юьртахь ишта хьал ду.
Ткъа Соьлж-ГIалахь массо а бохург санна, бошмашкахь гуламаш хилла дай-нанойн, шаьш йойтур яц, шайна ца лаьа, бохуш. Цаьрга кехат да, шаьш дуьхьал ду алий, шайн куьйг яздай аьлла. Иштта сацам хилла.
Со суо медбелхахо а ю, хIетте а сайн берашна уьш кегий болуш ца яйтина ас вакцинаци. Тахана цхьацца хабарш хезначул тIаьхьа, и детташ долу мехий цамгаршна дуьхьал дац, вайн къам хIаллакдан, тIаьхье ца кхиийта, бохуш, интернетехь хаамаш хезначул тIаьхьа, сайн берийн берашна а ма яйта, дуьхьало еш кехат язде, аьлла-кх ас».
ХIун хала ду къастамна тIекхача лаахь вакцина тохуьйтуш, ца лаахь, тохуьйтуш, дерза ца тарло дай-наношний, берийн могашалла чIагIъян гIертачу лоьрашна юкъара конфликт? Амма ма-хеттара атта дац и юкъаметтиг листа. Нана, я да дуьхьал а даьлла, церан кхетамехь доккхур цара шайн бер хьаштбоцчу я церан кхетамехь бале бала тарлучу мехах.
Дай-наношна баха-бола некъ боьхкург ду вакцинации йина кехат-тоьшалла карахь ца хилча церан бераш берийн бошмашка хьовха, школе хьалхарчу классе а дIа ца оьцуш хилар.
Соьлж-ГIаларчу Заирас дуьйцу, и кехат карахь доцуш шен йоI берийн беша дIаэцарна, хьаькмашлахь иккхинчу инцидентах лаьцна.
Заира: «Соьлж-ГIаларчу дукхаъчу бошмашкахь яйтина яц боху шайн берашна вакцинаци. Берийн дайша-наноша дуьхьалонаш еш, куьйгаш яздина. Сан бераш лелачу бешахь куьйгалхо дIаяккха лерина ю боху, берашна мехий ца деттийтахь. Хаац суна-м, чIогIа тIе-м таьIна уьш тхуна.
Паникехь болчу наношна синтеме хир ду аьлла хеташ, Маршо Радио зIене елира Москох-ГIалин берийн дарбанан цIийнехь лор-иммунолог болх бечу Ганиева Жанница.
Цо дуьйцу.
Жанна: «ТIаьххьарчу хенахь модехь ду дийцаредар: оьший берашна вакцинаци яйта я ца оьшу? Суна хетарг - ишта ду. И проблема ша тIех чIогIа естийна. Суна схетарехь, хIумма а хала дац хаттарна жоп дала.
Хьовсал статистийн терахьашка, дукха хьолехь берийн далар муьлхачу бахьанашца нисло? Мехий цадеттийтарна я вакцинаци а йина, беран могашалла талхорна?
Ас ечу тергонца, берашна вакцинаци йиначул тIаьхьа хуьлуш долу зен - дагар, дегIатIе цIен хьар тохар – иза кхераме ма дац эха шерачохь бераша еттачу йовхарел, масала. 4-6 баттахь тIаьхьара ца йолу, цхьанне кепара дарба доцу хала цамгар ю и. Дукха хьолехь цунах лан а лен бераш.
Цундела суна берашна мехий деттийта оьшу аьлла хета, ас юха а кхойкху дай-наной: хьовсийша статистике, масса бер, хIун бахьанашца леш ду - тIаккха шу шаьш а кхетар ду. Мехий деттийта деза. Амма маха тухучу дийнахь, бер могуш хилла деза, беро маха лов я ца лов хьожуш, аллерги ца хилийтархьама тоьхначул тIаьхьа. Неврологин лазарш хила ца деза дагарш а долуш.
Шелделлехь а мегаш дац вакцинаци ян. Бер нагахь санна могуш дацахь, цхьана ханна, дарба хиллалц, лоьрийн тергонехь а латто деза. Цул тIаьхьа кхоччуш гIоле хиллачул тIаьхьа мегар ду.лоьрийн рузманца йоггIу вакцинаци яйта».
Кхеташ ду, доццачу вайн къамелехь ера яц цхьа а йист. Делахь а, гуш ду цакхетам гена баьллийла а, охIла йоллучу тIегIанашкахь листа дезаш дуйла а.