ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен кема чудаийтинчу Туркойчоьнца юкъаметтиг талха мегаш ю Оьрсийчоьнан


Оьрсийчоьнан тIеман хIаваъ кема чудаийтина аьлла болу хаам, шинара Iуьйрана дуьйна баьржинера. Йоьхьанца олуш дацара хIун бахьанца иза чудеъна. Цундела, Оьрсийчуьра хьостанаша дуьххьара дийца долийра иза, Шемара ракета а тоьхна чудаийтина хила мега бохуш. Амма, Турцийн тIеман министралло бинчу хаамо, къастийра хилларг муха ду.

Оьрсийн тIеман хIаваъкема Су-24 олучо, Турцийн доза пхеа минотехь, мел лаххара а иттуза хадийнера. Сихонца цунна дуьхьал гIаттийначу туркойн хIаваъ кеманаша, дуккхуза дIахьедийнера пилоташка, шай дозанера дIадовла аьлла. Амма, вукхара иза ца дича, иза чудаийта дезна, шай пачхьалкхан доза лардархьам, боху официала оцу хаам тIехь. Туркойн Iедалша, тидам бина, дуьненаюккъехь лелачу низамашца, шай бакъо яра и кема чудаийта.

Ша ма доьдда, сихха лах а луш, и кема чудужуш видео ю интернетехь гIараяьлла. Иза яьккхинарш бу, Шемара бахархой, Латакия цIе йолчу меттехь бехаш болу туркменаш. Цу чуьра ши пилот аракхоссавала кхиина катапультаца. Делкъал тIаьхаь, веллачу цхьаннийн дакъа тIехь долу видео гIараелира Интернетехь. Иза яьккхинарш, Шемара герзхой бу. Вукху пилотах хIун хилла хууш дац. Иза, лохуш, оьрсийн ши беракема лелаш ду цигахь. Амма, шуьйра лехарш дан аьтто бац церан, оцу меттехь жигара тIемаш боьлхуш бу.

Оьрсийчоьнан Iедалша, йоьхьанца хиллачуьнах, доцца аьллера. Юха, хаам баьржира, Оьрсийчоьнан президента, сихонца пачхьалкхан кхерамазаллийн кхеташо гулйина аьлла. Амма, иза а бакъ ца дира официала хьосташа. Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша а, хIаваъкема чудаийтарх, беш болу хаамаш а, бац, тIех сов буьрса. Дукхачу тергамхоша, иза, дузу, Кремло а, хиллачуьнах, хIинца а шен хетарг, билгала довзийтина ца хиларца.

Шай агIора, Турцийн Iедалшца цхьанакхетарш дан долийна КъилбаСеда Атлантикан альянсо. ХIинцале, оцу пачхьалкхе, цу юккъе доьдуш долу массийта тIеман хIаваъ кема хьажийна, доза лардан.

Жимма хьалхо, оцу тIеман альянсо а, турцийн Iедалаша а, дIахьедар динера Оьрсийчоьне, пурба а доцуш, шай дозане даьлла долу хIаваъ кеманаш, шаьш болчу ницкъаца, чудоуьйтура ду аьлла. ДIаихинчу беттанашкахь, Оьрсийчоьно, масситаза дохийнера оцу пачхьалкхан хаваъехула доза.

Президент Путин Владимира, официала дIахьедар далле, пачхьалкха думийн цхьаболчу депутаташа, хилларг емал деш комментарийш йира. Вице-спикер волчу Левичев Николайс, журналисташка хаам бина, «Турцийца хIаваъехула йолу юкъаметтиг сацо еза», аьлла. Цунна хетарехь, боккха кхерам бу, Мисарехь санна, садаIа боьлху нах тIехь болу кеманаш эккхийтарна. И кхерамазалла кхоччуш хиллалца, и зIе сацо еза боху депутата.

Турцийн Iедалша, емал деш, дуккха а дуьйцу, амма, цхьаболу депутаташа, кхайкхам бинера, президентан хьехам бан оьшуш дац, цунна хIун дан деза дика хууш ду аьлла. Сархьо, Путин Владимира а тIеман хIаваъ кема чударах, шен дIахьедар дира.

Путин: «Тхан хIаваъ кема чудаийтина, «хIаваъ-хIаваъ» олучу ракетаца, «F-I6» цIе йолчу туркойн хIаваъ кемантIера тоьхна. Тахана тхуна хилла болу иэшам, боьзна бу, террорхойн агIончаша тхуна, букътIехьашхула бинчу тешнабехкаца. Кхечу агIора соьга, цунна мах ца хадало.Таханлера бохаме хилам, чIогIа кIоршме тIаьхьалонашца боьрзура бу оьрсийн-туркойн юккъаметтиганшна».

И дIахьедар цо дина Сочи-ГIалахь, Урдан пачхьалкхан паччахьца АбдаллахI II-чуьнца шен дIадаьхьанчу цхьанакхетарехь.

XS
SM
MD
LG