Шемара, Иракъера, ОвхIанистанера уьду мухIажирш ма-хуьллу чу ца бита гIертачийн декъахь яра, цара шайн новкъахь уггаре хьалха дозанаш хедаде пачхьалкхаш – Желтой-мохк, Балканашкара мехкаш – Серби а, цунна гонахарнаш а, Амма Евробертан мехкашлахь массарел хьалха и ойла баккъал а йийцареян яьлларг ю Голланди.
Цуьнан Iедало а, кхиболчу цуьнан хьешаша-мехкаша а вовшашлахь хьехадо дозанашкахь нехан паспорташ зен эшарх лаьцна.
Шенгенан бертан 26 махкана юкъа кевнаш дегIар Евробертан принципашца догIуш дацахь а, шайн дахар ца кегаден некъ лоьху тIеоьхучу мигрантийн чотт миллионашка яларна сагатдечу европахоша.
Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министро де Мезьер Томаса дIахьедира Берлинехь пресс-конференцехь, шен Голландерчу коллегас къадийна дозанаш паспорташ талларца Iалашдарх лаьцна, амма Германи йоккха ца е оцу некъах, аьлла.
“Вайн политикан коьрта Iалашо ю Шенген маьрша хилийтар, дисинарг юкъ-кара дийцаре далург ду,” – элира де Мезьера.
Голланди йогург, шеко а йоцуш, ши кIира хьалха Парижехь 232 стаг а вуьйш дина лелхийтарш ду. Цуьнан дипломатин куьйгалхочо Кундерс Бертас, мухIажирийн тобанашца тIех яккхий проблемаш хуьлуш йолчу мехкашлахь бен дац юкъадаьлла паспортех долу къамел.
Оцу гIайгIанан декъахь ю Австри, Германи, Белги, Люксембург, Голланди. Чоьхьара кхерамзалла, шайн мехкийн бахархойн хьал уггаре коьрта ду муьлххачу а махканна.
Делахь а дозанаш тухучу Европа а ялахь, дакъаза долу демократин гIуллакх, ткъа иштта буху шайн дехьа-сехьа боьлху некъаш а, аьлла хетарш алссам бу европахошлахь.
Хьанна а тахь а, ца тахь а, пхийттех шаре даьллачу нохчийн мухIажиралло а гулбина Евробертан мехкашлахь, масала, нохчий.
Уьш вуно дукха бу вайн къам жима хиларе хьаьжча, кхузарчу муьлххачу а махкахь.
Голландехь гIаьттина ойла муха тIеоьцу Европан пачхьалкхийн паспорташ долчу а, цкъачунна доцчу а нохчаша теллира Маршо Радионо.
Парижерчу историн докторца Вачагаев Майрбекца иштта къамел хилира тхан цу хьокъехь.
Вачагаев: «Суна хетарехь, Европе схьа а баьхкина, Шенген олу доза а хадийна, кхузахь дIатасабеллачийн кхин башха баккхий хийцамаш хир бу, аьлла ца хета суна. И гIуллакх меттахдаьккхинарг церан партеш ю, националистех дог лозуш йолу.
Кхул тIаьхьа чубахка гIерта мухIажирш чу ца бахкийта, аьлла лоьхуш некъаш ду. ТIаьххьарчу 3 баттахь миллион гергга адам чудеана Германичу, тIедогIучу шарахь уьш кхоьрург ду, кхин а ши миллион чуван кечвелла ву бохуш, лела хабарш. Царна дуьхьал кечбеш болх бу хIара болийнарг».
Кхеташ ду, мухIажирех шаьш бол-болучохь мехкийн бахархой хиллачу нахана хетарг царна хетарг а хилла дуьсур дуйла.
Делахь а ца хетало, Европа ша бIе шо а сов хьалха хаьржинчу адамна маршо латточу хьесапех къаьстар ю, Малхбалехь тIемаш лаьттара, цигара мигранташ тIеоьхура, царалахь лач ойланаш йолу нах а нислора аьлла.