ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МостагI шен стагал ваз а веш...


Нохчийчоь --Десантийн тоба
Нохчийчоь --Десантийн тоба

Къоман цIарах бохуш гIулчаш яха кIадо ца йо Нохчийчуьрчу Iедалехь болучара. Халкъана лаьа бохуш деш ду зевне дIахьедарш, шайн лаамехь арабевлла сурт а хIиттош, бертахь а, бертаза а адам гIалин урамашка а доккхуш, емалбо дуьненара цхьацца хиламаш а. Иштта, халкъан лаам болчуха хIиттабо бо маьршачу нехан цIий Iанийначу эскархошна хIолламаш а.

Псков кIоштера йоккха тоба-делегаци хилла кху деношкахь Нохчийчохь хьошалгIахь, хьалхаваьлла цигара губернатор Турчак Андрей а волуш. Официалан кхайкхорца цара йинарг белхан визит ю.

Соьлж-ГIалара лераме, сийлалин меттигаш гайтарал сов хьеший кхачийна Старопромысал кIоштерчу 84 псковера десантникийн цIе тиллинчу ураме. Цу генара баьхкинчу хьешийн тобанна юкъахь хилла нохчийн лаьмнашкахь, Улус керт эвлана гергахь эгначу цхьаболчу десантникийн дай-наной а.

Цара зезагаш дехкина кхузахь терроризм кIарьеш беллачу шайн кIентийн сий-лерамна хIоттийначу мемориалан унтIе. Цул тIаьхьа эскархойн гергарниш бигна ШуьйтIа кIоштан,оьрсийн баьхьойн беллачу Улус кертана юххерчу ломан басе а.

Цигахь цара керста дино ма- хьоьххура, шайн кIентийн дагалоцуш чIураман чиркхаш летийна, ламазаш а дина, уьш Деле боьхуш.

Пскован губернаторан Турчак Андрейн меттигерчу Iедалдайшца хиллачу бартаца десантникаш беллачу меттехь, Улус кертан ломахь десантникийн сийнна хIотто лоьруш ду Iедал мемориалан комплекс а.

Бакъду, ишта хIолламаш хIиттор могIарерчу нехан лаамца доьзна хIума ду бохург даррехь бакъ ца до шаьш бахархоша.

Ма-дарра аьлча, цхьа закъалтана охьайиллинчу хIуманах тера, шайх чIагIо-тIетовжийла а йина,хьалханчаш шаьш долу сурт а кхуллуш, лелош лору наха урхаллехь болчара цу могIарера хIумнаш.

Путин Владимир коьртехь волу Оьрсийчуьра Iедал пачхьалкх тоеш,нахана токхе,ирсе дахар кхолла гIерташ,схьадогIуш ду аьлла, хьажам болчех ву тергамхча,соьлжагIалахо Мохьмад.

ХIетте а, ур-атталла цунна а цIармата, кхардаме,ца оьшуш хIума хета кхузахь тIамехь беллачарна хIолламаш хIиттор а,урамашна церан цIерш тахкар а. Ишта къамел нисделла тхойшиннан цу хьокъехь.

Мохьмад: «И хIоллам Оьрсийчохь, нагахь уьш Псковера белахь,циггахь хIотто беза-кх. Нохчий байа баьхкина кхузахь тIемаш бина болчу церан цIерш тахкар лартIа дац. Урам хуьлда иза, я хIоллам хуьлда иза. Церан цIерш тохкийла ма дац.

Масала инарла Лебедь цIе –м туьллур яра. Масала, турпалхо цIе шена оьшуш яц аьллачу инарла Рохлин цIе а туьллур яра ас сайга хаьттича. И хIолламаш хIиттор, цхьа къамел а дац, нохчийн къоман лаам бац аьттехьа а. Ишта хIоттош хилча-м Ермоловна а хIотто мегар ду иза.

Я Пятигорскехь цунна хIоттийнарг схьаеъча харж а ца еш гIуллакх хир ду. ХIинца сунна нийса а ца хеташ хIума ду и оьрсийн кема чудаийтина аьлла кегийрхой ураме бовлар а.

Иза къоман лаам ма бац. Балхара ца боха а, вониш ца хила а арабевлла Iедалан белхахой бу. Балхара боха ца лууш арабевлларш а бу…»

Нохчийчохь Iожалла карийначу оьрсийн эскархойн сий-лерамна бохуш кхузахь цхьацца гIулчаш яхар тIаьхьло йолуш хIума ца лорурш чот йоцуш дукха бу.

Iедалхошна ца хаьа те иза? Шина тIеман теш хиллачу, цу тIемаша чуьра,юххера гергарниш дIабаьхьначу нахана хIун хета техьа шайн йиш-ваша,шича-маьхча,беза-бевзарш байинчарна хIолламаш хIиттадарх?

Бакълена а къомаш лаам лору те хьаькамаша шайна хетарг? Цу могIарера, цкъачунна жоп дала да воцу хеттарш вуно дукха ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG