ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Ахьмад. Даймехкан Илли


Нохчийчоь -- Нохчийн лаьмнаш
Нохчийчоь -- Нохчийн лаьмнаш

Массо а суьранна тхан беша долий,

Хьозано юх-юха локху цхьа йиш...

Карара сайн къолам охьа а буьллий,

ЛадугIу ас, хуттуш бIаьргаш чу хиш.

Цкъа а цу эшаран дош а ца кхета,

Мел чIогIа ойла йеш, ладегIарх ас.

Амма цхьа ша тайпа гергара хета

Сан дагна, ца кIордош цу иллин аз.

-Алахьа, хIай хьоза,

Юх-юха боху

Хьан хьоме и илли,

ХIун илли ду?

Хьан даим и лекха

Дог хунда догIу,

Суна а и хIунда

Ца кIорда до?

Хьозано, ладоьгIна, элира доцца:

- Сийлахьчу Даймахках и илли ду

Даймехкан иллига шщен безам боцург

Ша винчу махкаца зIе йоцуш ву.

Сулейманов Ахьмад вина 1922 шеран стигалкъекъачу-беттан 1-чу дийнахь Хьалха-Марта районан Олхазар-кIотарахь. Ишкол яьккхина ваьлча Ахьмадас серлонан наркоматан инструктор а, комсомолан райкоман секретарь а болх бо. Сибрехара цIа дирзинчул тIаьхьа цуо чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институт. Цул тIаьхьа Ахьмада дуккха а шерашкахь хьехархочун а, директоран а болх бо Хьалха-МартантIера а, Олхазар-кIотара а ишколашкахь. Цул совнаха, Нохч-ГIалгIайн яздархойн союзан литконсультантан декхар кхочуш а до цуо. Шен кхоллараллин болх А.Сулеймановс 30-чу шерийн чаккхенехь болийра. «Безаммий, шаьлтий» цIе йолу стихийн хьалхара гулар араяьлла 1967-чу шарахь. ХIетахь дуьйна шуьйра йовза йолало поэтан цIе. «Цхьа-ши дош» книга язъярна Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан совгIатан лауреат а хилира Сулейманов Ахьмадах. Ахьмадан дуккха а байташ иллешка, эшаршка йирзина, халкъана шуьйра евзаш а, езаш а ю. Кхин цхьаъ билгалдаккха деза: вайнахана йицъелла Нохч-ГIалгIайн чохь лелла вайнехан топонимаш меттахIоттийра цо. Кхалхар нисделира цуьнан 1995-чу шеран мангал-беттан 20-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG