Айдамирова Машар
Совба
– Алло, Совба! Алло, алло!
– Хьамид!
– ХIинца хезий хьуна, Совба?
– ХIаъ… хеза!
– Муха ю хьо?
– Дика ю со, Хьамид! Оццул… сагатдаллал, со… вуон ма яц.
– Хьан аз ма гIийла хета суна…
– …
– Совба!
– …
– Ваши, лор чувеъна…
– Iимран!
– Вай!
– Мича хьолехь ю хьан нана?
– Дика ю–м олу цо, Ваши, суна иштта–м ца хета иза…
– Iимран!
– …
– Iимран, суна хезарг хIун ду? Воьлхуш вац хьо?! Хьо цхьа къонах ву моьттуш ма вара со…
– Ваши, Даймахкана, нанна вилхича, иэхь дац ма олура ахь…
– Даймахкахь воьлхур хьо… хьайна ма–товв… Iимран, немцой… немцой кхетар бац… вайн… вайн бIаьрхих …
– Ваши!
– …
– Ваши!
– …
– Ваши! Хьо вистхуьлуш ма вац?!
– Со кестта дIакхочу, Iимран, … цхьажимма… собаре ца хилча, вайшиннах кхаьрдар бу хIара хийра мохк!... ЦIерпошт хIинца дIайолалуш ю!... Ледара ма хилалахь!
…ХIаъ, кхетар бац дера–кх хIара хийра мохк хIокхеран бIаьрхих а, лазамах а.
Я даймахкахь кхетар ду аьлла а ма дац хьуна!
Нана–Даймохк, Къам, Къонах – дIадаьлла–кх оцу сийлахьчу дешнашца лелла дозалла, мехаллаш.
Ма–дарра аьлча, даймахкана, къомана хьакъбоцчу, амма цаьршиннан цIарах дош олучу, цхьа нах боцчу нехан багара уьш дукха лелхарна, писдолийна, сийдайина–кх.
Даймахках хьоста оьцуш, комаьршша охьахаьалхинчу бIаьрхийх а тешам байина. ДуьххьалдIа, моттаргIанийн куц–кепаш тарйи–кх царах а.
Тилпон йийкира.
– ЛадугIуш ву, Iимран!
– Ваши, дарбанаш хилирий хьуна?
– Хилира, дIадохьуш ду, са ма гатде…
Йишина, Совбина, пехашкахь вуон лазар гучудаьллера. И кхо элп дерг. Дуьненанах догдуьллуьйтург. ТIаьхьарчу шерашкахь нохчашлахь доккха ун хилла даьржинарг.
Лоьраша цхьа «стадеш» юьйцура, цхьа «проценташ», цамгар генаяьлла хилар, догдохийла кIеззиг хилар.
Шийлачу кхоо вохийн ваша, ша хIун дан деза ца хууш, бIарзвелла хьаьвзира.
– ВорхIе дегара охьа халкъан дарбанаш лелош цхьа хьенех ву, цо хьоьхур дара хьуна дан дезарг. Дуккхачу а нахана гIо хуьлу бохуш, дика вуьйцуш ву–кх иза, – хьийхира хIокхуьнан накъостех цхьамма.
Цхьадика, хIорш биссинчу махкахь, Францехь, вехаш хиллера иза. Лаьмнаш долчу агIор.
Цига дIакхаьчча карладевлира даймахкара хьомсара лаьмнаш.
«ДIо–о гуш берг сан тайпанан лам бу, хIара лаьттарг сан турпалчу дайн бIов ю!» – мохь тоьхха, ала йиш яра хьан цигахь.
Хьан цIа ма дара иза. ХIусам. Кхерч.
Ткъа кхузахь хьежа бен бакъо яц…
Хьан ма дац уьш! Я хIара латта а, стигал а, Iалам а.
Ши шо хьалха, махках а девлла, кхуза схьадаьхкича, хаттарш дан бевлира Iедалера нах.
– Шун махкахь тIом а бац, республика дено–дено кхуьуш–хазлуш ю, хIун лоьхуш лела шу?
ХIетахь царна дала жоп доцуш виснера Хьамид.
Амма цунна билггала цхьаъ хаара – хIуъу делахь а, цуьнгара цхьа хIума дIадаьккхинера. Сан хIара лачкъийна я яйна ала, оцу, тIап–аьлла, яйначу хIуман цIе яккха а, кхайкхо а йиш йоцуш, къоладинарг хIара ву–кх ала, тIе пIелг хьажо къу а воцуш. ТIера, мIаьргонна а, бIаьрг баккха йиш йоцуш, иэшначохь даиманна а куьг тIекхочехь хилла йолу и хIума, мел ойла тIеяхийтарх, карош яцара.
ТIаккха, кхано–о, гIан–набаршкахь, синмехаллаш еза–йорах юхкучу лайн базарахь нисвелча, ша мел ву хьажа синтерзанна тIе хьалаваьлча, дуьне кхардош терзано дIакхайкхийра: «Ши метр хиллал дегI ду хьан, тIулгах даьтта даккхал ницкъ бу хьоьгахь, амма коьртан хье якхбелла, деган коржам осалаялла. Доьналлица уьш ца кхиаяхь, яйна тIаьхье ю хьо!»
Доьналла?!
Хьажахьа, и хилла–кх хIокхуьнан яйнарг, оццул хьаьдда–ведда леларх, хIокхунна цакарориг.
ТIаккха, даш санна базбелла ког, дозанал дехьа баккха гIоьртира иза. Амма, тхьузбелла иза, цунна меттах а ца баккхалора .
– ХIун дан гIерта хьо? – дуьхьалвелира цунна цхьа посол.
– ЦIа ваха воллу!
– ХIун дисина хьан цигахь?
– Даймохк.
Француз велавелира.
– Масийтта бIе шо хьалха ваьхначу, къоман маршонехьа къуьйсуш веллачу тхан турпалхочо Жорж Жак Дантона аьлларг хезний хьуна? Хьо лаца, хьо вен схьакхочуш чалтачаш бу, Францера дIагIуо шега аьлча, цо делла жоп даха дисина: «Даймохк мачийн айраш тIехь дIабахьалур бац!»
ХIара карзахвелира.
– Со а вац чалтачех водучарех. Оха тхайн Даймохк дегнаш чохь лелабо!
– ТIаккха дIа хIунда гIерта хьо? Тхоьгара хIун цатам баьлла хьуна? Тхан Iедало сийсазво хьо? Дола ца до хьан доьзалан? Iен–ваха меттиг бац я шийла–меца ду шу?
Хьамид доггах велавелира:
– Лараме господин посол, махках волуш, суна ца делла хаттарш луш ма воллу хьо–м!
– ТIаккха хаьий шуна, декъазниш, шун гIарабаьллачу Даймахках нохчий боцу Нохчичоь еш юьйла. Ткъа кхузахь шуна, нохчий а хилла даха, хьелаш цкъа а хир дац. Шух французаш а хир дац, я тхох нохчий а…
– И бакъду, дера хир ма дац хьуна! Я хьох Наполеон а, я сох Шайх Мансур а...
– Юхабаккха хьайн ког, оцу агIор хьоьга сатесна цхьа а вац!
«Даймохк бу, Даймохк! Иштта ца хилча, буса сахиллалц соьга кхойкхур бацара иза! Со цуьнга а!», – олуш, дуьхьала жоп дала ницкъ ца кхочура, – бистина, стигалх летта мотт ца керчара, эххар а къамкъаргехь хIоьттинчу хуорамо садукъдира.
Хьацарлахь самаваьлла Хьамид, вехха Iийра саметта ца вогIуш.
И гIан дага моссазза догIу, дог къовзадора цуьнан.
…Iимрана тилпон тоьхча, тIоьрмаг чуьра, лоьро шена кечдина дарба хьаладаьккхира цо – иза литр банка яра, цу чохь юьззина сегалий а долуш.
– ДоIха цомгуш а хилла, можа цамгар кхетча, мезий кхоллуьйту, ткъа хьан йишин лазарна хIокху сегалша гIоли йийр ю, уьш дIадаийта цуьнга, –кхетийнера иза лоьро. – ХIара банка дIакхетарх ларъелахь, дегIан температура латтош, лерина оцу сагалматашна йина ю хIара. Дала дарба дойла! Дала маршалла дойла цомгашчунна а!
Сегалий цхьа малделча санна хеташ, банка талла воьлча, тIетоьхна негIар галдаьлла карийра. Дагадеара, сихвелла вогIу хIара а, иштта сихвелла хьаьдда духьал вогIург а вовшахкхетар. Оцу сагалматийн дахарх доьзна дара хIокхуьн йишин дахар а. Больнице дIакхача а ши сахьт сов хан ю.
…Дика лоьраш Германехь бу аьлла, Хьамида шен карахь мел йолу шайкай дIа а елла, тоьллачу больница чу йижийнера Совба. ХIусамда а велла, цхьаъ бен воцчу кIантаца йисинера иза. Вашас ша кхечу пачхьалкхе ваха воллу аьлча, цуьнца мухIажаран кхоллам бекъа тIелецира йишас. Цуьнан кхин йиша–ваша а дацара.
– Хьамид, хьо цхьана пана махка дIа а хьажийна, хьуна сагатдечул, хьоьца дIаеача сапаргIат хир яра–кх со, – дехарца вешин бIаьра хьаьжира миска.
Кхуза схьадаьхкинчул тIаьхьа гучуелира и стешха цамгар. Цхьана башхачу сихонца якъийна, хьовзийна, къанйина охьайиллира Совба.
Хьамидан дуьненан цхьа доккха дакъа дIадала новкъадаьллера.
Совба еккъа йиша хилла ца Iара – иза цуьнан ден–ненан безам бара, цуьнца даймехкан марзо яра, хIокхо, цаваьллачу денна, дIатесначу кхерчан йовхо. Хьамидан шен доьзал бацара, и боло а ца кхиънера иза. ХIокху хийрачу махкахь деккъа хIара ши адам – Совба, Iимран – дара цуьнан даймохк а, тайпа–тукхам а, доьзал а.
ХIинца цуьнан дог огург цхьаъ дара – хIара цIахь Iийнехьара, Совбина кхетта лазар кхетта а хир дацара.
Йишас цхьа а леткъамаш ца бора, гIийла вешега а хьожий, иштта гIийла–эсала елакъажара. Делахь а, дагахьдерг схьаала, наггахь цхьа а тайпа аьзнаш я элпаш а ма ца оьшу.
Цхьана дийнахь цIадахар ша хьахийра Хьамида.
– Хьуна жимма гIоли а хилийтина, Даймахка дIагIур ду вай, Совба!
Дуьхьал кхин жоп а ца луш, вешин коьртах дайн куьг хьаькхира йишас.
– Месаш къежъелла хьан, – хазарна кхоьруш санна, меллаша элира цо.
Муха ца къежло?
Кийрахь сецо балий, гIайгIий, кIац санна коьрта тIехь гучуюьйлуш хилча!?
Ма хала хуьлуш хиллера–кх Даймахке сатийсар!
Оцу шен гIенахь дуьхьалваьллачу посолна езза кхоссар–м дера ма йинера хIокхо, «оха тхайн Даймохк дегнаш чохь лелабо!, аьлла.
ЭхI, ма цIархазмана аьлла дешнаш дара–кх уьш!
Ма ца тарло–кх иза даг чу!
Массо а мухIажарийн дегнаш цхьанатоьхча а тарлур бацара!
Дуьненнал йоккха марзо, буйна доллал бен доцчу, жимчу даг чу мича тарлур ю?!
Хьамидан дуьне духуш дара.
ХIокхо цхьана барамашца оьзна, цхьана хазачу гурашка дерзийна, цкъа а, цхьанна а дохалур дац моьттина сийлахь дуьне, «ткъарш–ткъирш» деш, лелхаш–дIасадоьдуш дара.
Нохчийн эзар дайша «Маршо!» бохучу дашна чу диллина деза–доккха маьIна заманан боьхачу сацкъаро дIадаьхьнера. ХIара дуьне кхолладелчхьана дуьйна схьа, хьал–бахам, гIийла–миска а ца къестош, Далла хьалха дерриге а адамаш цхьатерра ду бохург – хила деза бохучунна тIе даьккхира, тIаккха – шеконе дерзийра, тIаьххьара – цкъа а ца хилча санна, дIадаьккхира.
Яхь боху дош а толкхалелха делира.
«Яхьъя!» аьлла, цIе йоккхуш, цхьаьнга кхайкхича а, цецволий, и цIе лелориг бIаьргашца лоьхучу девлира.
Цкъа а дицлур дац Хьамидана, да велла доьхначу дийнахь, иза лаьтте кховдо кешнашка боьлху хIорш, некъана дехьа ца довлуьйтуш, барам гихь, эхасахьтехь гергга шаьш латтадар – геннара богIучу хьаькамашна некъ паргIат хила безаш хиллера.
ТIаьххьара новкъаваьккхинчу, хIокхуьнан ден некъ хадийра цу дийнахь.
Эхарта боьду некъ ма бара цо юьхьарлаьцнарг!
Латта а дегош, мох санна схьалахкаелла машенаш, барам тIе йоккха чан а хьовзийна, чекхлилхира.
Нохчийн Iадатехь а, бусалба динехь а веллачуьнца болу сий–ларам хьаьшна, ченакIуьрлахь битира.
ТIаккха, дийнависинчо мел дакъа оьцур дара оцу сий–пусарх?!
Оцу дийнахь да валар а дицдинера Хьамидна. Шаьш новкъахь совцийна латтош, харцоно эргIадаьккхина цIий коьрте хьадира, барман гIаж иэккхийта санна, мIарашна цIий а хьодуьйтуш, чIоггIа буйнахь къевлира цо. Цхьана мIаьргонна, барам тIехь гIорийна Iуьллу ден дакъа меттаххьовш санна а хетаделира. ТIаккха, цхьа гIийла узам болуш санна а.
КхидIа кешнашка боьду некъ болчу тIе а базбелира – барам тIехь кхин а цхьа дакъа дахделира – хIинцца, новкъана дехьа йожийначу синмехаллийн чарх.
«Кешнашкара арадевлча, юха ма хьовсалаш!» – Ша витий дIа ма гIахьара шу бохуш, велларг тIаьхьа мохь–орца доьхуш хуьлу боху», – олуш ду–кх.
Хьамид юхахьаьжира.
ХIетахь ша юхахьажар сих–сиха дагадогIура цунна хIокху хийрачу махкахь.
ХIун дара а хаац, иза тешнера–кх, шега дас кхойкхург хиларх!
Амма цуьнга цхьаммо а ца кхайкхира!
Я дас–нанас а, я ворхIе дайша а!
Царна а хууш хилла хир ду–кх, хьаьнга кхайкха деза а, орца ала дезначохь, хьанах бIобулуш хила мегар ду а, хьанах гIортор хир ю а.
ХIокхо царна букъ туьйхира, тIаккха цара хIокхунна а…
…ЦIерпошт эххар а сецира.
Охьавоьссинчу Хьамидан дегIах чекхъяла хьаьрчира Iаьнан шело, амма шен кетар чIоггIа тIеозийначу цунах дог а диллина, кхечарах хьарча дIахьаьдира шийла мох.
Совба Iуьллучу палати чу кхача сихвелира иза. Коьртара куй дIа а баьккхина, хьажа тIера хьацаран буьртигаш дIадохуш, чоьхьаваьллачу цунна иэрча сурт гира – нанна тIе а воьжна, къора воьлху Iимран а, цунна маслаIат дан гIерта лоьраш а.
Хьамидна бIагор беара. КхидIа хилларг гIенах санна дара.
Лоьраша цунна гуобиллира.
– Даге ладогIа, цунна инфаркт хилчух тера ду!
Цхьамма сихха кетар дIаяьккхира, тIаккха – коч.
– Хьовсийша! – цецъяьллачу лоьран мохь белира.
Инзарбевллачу лоьрашна гинарг тамашийна хIума дара – дегIах леттачу сутарчу сегалша сийсош дара Хьамидан дегI.
Йишина дарба хилийта, уьш дийна тIекхачо гIерташ, хIокхуьнан дегIах сутара декхачу сагалматийн Iазап ловш, схьахьаьдда веана ваша, тIаьхьависнера.
– Миска, лоьрийн дарбанах дог а диллина, кхин дарба лоьхуш лелла, – бIаьргех хи делира лор–йишин.
– Сихха реанимаци йолчу хьалаваккха и нохчо! – геннара схьахезира лоьрин омра.
«ХIетахь, кешнашкахь, соьга мохь–орца хIунда ца элира–те?!» – оцу хаттарца, цхьана бодашкахь тилабелира Хьамидан синкхетам.