ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнна низамаш яздина дацахь а...


Адамийн бакъонаш ларъяран дуьненаюкъарчу HRW хьукматан лого
Адамийн бакъонаш ларъяран дуьненаюкъарчу HRW хьукматан лого

Т1аьххьарчу 65 шарахь хIора ГIура-беттан 10-чохь дуьнено билгалдоккху адамийн бакъонаш ларйаран де. Бакъду, и бакъонаш цхьайолчу меттигашкахь лоруш елахь а, цхьаццайолчу пачхьалкхашкахь кIоршаме хьоьшуш ю...

1948-чу шарахь, шозлагIа тIом дIабирзина масех шо даьлла а долуш, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн цхьаьнакхетаралло шен рогIерчу сессехь тIеийцира, адамийн бакъонаш ларйарах болу сацам.

И сацам оьшуш хилар гайтира нацин заманчуьрчу Германино тIамехь лелийна къизаллаш юкъараллина йоллучу барамехь йовза йолаелча а, Сталинан Iедало лелийначу къизаллин барамаш бевзича а.

Цул тIаьхьа ши шо даьлча Дуьненаюкъара адамийн бакъонийн деклараци тIеийцира, ткъа иза тIеэцна долу гIура беттан итталгIа де адамийн бакъонийн де санна дIакхайкхира. Адамийн коьрта бакъонаш ягарйеш долу дуьненчохь дуьххьарлера официала документ хилира цу Декларацих.

65 шерачохь дукха хIума хийцаделла дуьненчохь. Малхбузерчу кхиинчу пачхьалкхашкахь Iедалш Iемина, хIора а цхьа-цхьацца волчу вахархочуьн бакъонаш ларйан, ткъа бахархошна дика кардирзина шайн бакъонашкахь къийсар а, Iедалшна шайца харйонаш йийцар ца магор а.

Амма дуьне Малхбузерчу кхиинчу пачхьалкхех лаьттина ца Iа. Азехь а, Африкехь а, ур-аталла Европехь а дуккха а ю, адамийн бакъонаш бохург беламе а лоруш, Iедалша шайна луъ-луъучу кепара куьйгаллаш лелош а, низам шайна тарлучу агIор дIасаийзош а йолу пачхьалкхенаш.

Нагахь санна хIора а Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллина декъа йолчу пачхьалкхено куьг таIдарца къобалйина йолу адамийн бакъонийн деклараци ешча, гуш хуьлу, мел генахь ду цу тIехь яздинарш миллиардаш нахана кхочуш хила бохург.

Декларацин уггаре а хьалхарчу артиклехь яздина доьшу вай: „ХIора а стеган дахар низамца лардеш ду. Цхьа а вен бакъо яц, цунна нагахь санна кхело верца бекхам бан сацийна дацахь“. Вайн заманахь мел кIезга ткъех тIом бу дуьненчохь дIабоьдуш. Цу тIемашкахь бойъучийн терахь бIеннаш эзарнашкахь ду.

Цхьанна а Декларацино, цхьанна а низамо гIо ца до цу нахана. Нохчийчохь шина тIамехь байинчу бIеннаш эзарнашна а бен хир дацара, шаьш дуьненаюкъарчу Декларацешца лардеш дуй хаар, къизачу оьрсийн чаьлтачано шаьшна герз тухучу я шаьшна тIе бомбеш еттачу хенахь.

„Цхьанна а стагана таIзарш дан бакъо яц, цуьнан сий дойъуш, я адамаллийца догIуш доцу гIуданаш цунна дар а магийна дац“, - аьлла яздина ду Декларацин кхозлагIчу артиклехь. И дешнаш хаздезара Нохчийчуьрчу Чернокозово цIе йолчу набахтехь дийна боллушехь оьрсийн салтеша тIера цIоканаш даьхначу кегийчу нахана, я ПАП2 цIе йолчу Соьлжа-гIаларчу фильтрацин лагерехь пIелгийн мIарашна кIела мехий эхийтарца таIзарш динчарна.

Я шен хIусамда, цIеяххана хилла нохчийн тIемло мичахь ву схьадийца бохуш оьрсийн чаьлтачаша а, церан хьадалчаша а масех дийнахь таIзарш а дина йийна хиллачу Эвтарарчу къоначу зудчунна.

Декларацин 6 артиклехь доьшу вай, „хIора а стаг, цуьнан бехк кхелаца тIечIагIбина бацахь, бехке воцуш ларавогIу“ бохург. Бехке ца хиларан презумпцино болх ца бора оьрсийн хаамийн гIирсашкахь цу махкахь мел хуьлуш долу вуон хIума я къепедацар нохчашна тIе а тоттуш, каравеъ-веънарг нохчо дIа а лоций, боцучу бехкаца шерашна набахте чу кхуьссучу хенахь. Болх ца бо цуо тахана а, Iедалхойн шеконашца лийца а луьйцуш нах телефизионехула сийсаз бечу хенахь, я царна террорхошна санна тIе мухIар тухучу хенахь.

Дуккхаъ ю цу кепара, чуламца мах бина ца валлал, амма бакъдолчехь дуккхаъчу Iедалша хьоьшуш йолу артиклаш Декларацехь. Ю уьш иштта Европерчу адамийн бакъонийн конвенцехь а, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин Деклараци тIеэцначу шарахь Женевехь къобалйиначу.

Бакъду, цу конвенцин цхьаццайолу артиклаш кхочуш йан сихлуш яц хийла йолу Европера пачхьалкхенаш а. Масала, маьрша ваха-варан бакъо а, я шаьш долчу кхаьчна болу нах нуьцкъаха дозанал арабаха бакъо Iедалийн ца хилар.

Женевера конвенци хьоьшуш берш а ца хуьлуш, амма мухIажарш тIе ца эца шайна аьттонаш а беш цхьа могIа керла сацамаш а, низамаш а тIе а эцна, легала некъахула адамийн бакъонаш хьоьшуш ю, масала, Европехь лелаш болу Дублин 2 цIе йолу барт. Цу бартаца дуьххьара ша ког левзинчу Европерчу пачхьалкхахь саца везаш ву муьлха а мухIажар, адамийн бакъонийн Декларацино а, Женеверчу конвенцино а шена маьрша дIасалелоран бакъо лушшехь.

Еари дийнахь, адамийн бакъонаш ларйаран де билгал а доккхуш, меттигерчу Iедалхошца и бакъонаш ма хьеша аьлла кхайкхам бан Венерчу парламентана хьалха дуьхьалонан акцин арабевлла хиллачу жигархойх цхьаммо, „Европа дозанаш доцуш“ юкъараллин векал волчу Зайберт ВилхIелма дийцира Маршо радионе, Дублин 2 барт Европин Iедалхоша юхабаккхалца цу континента тIехь адамийн бакъонаш ларйеш ю бохург дийца хьалхе ду бохуш.

Зайберт ВилхIелм: „Цу Дублин 2 цIе йолчу сацамца адамаш цхьа а церан бакъонаш ларйеш а йоцуш, Европа мел ю дIасалоьхкуш ду. Кху Австрера а адамаш я Венгре, я Словаке, я Итале, я кхечу меттигашка дIахьежош бу, и барт бахьана долуш. Дуккхаъ бакъонашларйархойн боламаш бу, и барт юхабаккхийта дагахь дIахьош, даханчу шерашкахь дуккхаъ протесташ а хилла цунна дуьхьал, иштта кхеле делла а цу Дублин бартана дуьхьал гIуллакхаш“.

Лакхахь хьехийначарел совнаха кхин цхьаъ мехала адамийн бакъо ю Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн Декларацехь а, Женеверчу конвенцехь а билгалйаьккхина. „Шен доьзалан чуьра а, шен долара а дахар лараре йолу бакъо“ аьлла цIе йолчу артиклехь яздина ду, „хIора а стеган бакъо ю, шен доьзалан дахаран а, шен хIусаман а, шен корреспонденцин а къайле ларйаре а, иза лараре а“ аьлла.

Бакъду, и артикл хьеша адамашна, къаьстина вайнаха, башха Iедале гIо-накъосталла а ца оьшу аьлла хетало, ваттсап мел ю кхечу нехан дахар а, церан къайленаш а юьйцучура нохчи совцахь тамаша а хетало.

XS
SM
MD
LG