ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШ-ана гIо деш Оьрсийн Iедалш ду, аьлла, дIахьедар дина ФСБ-н белхахочо


Украине дехьа а ваьлла, цигарчу Iедалшна тIеваханчу, Евгений ц1е йолу ФСБ-н хиллачу белхахочо, Оьрсийчоьнан кхерамазаллийн сервисан ДАIИшца уьйранаш ю аьлла дIахьедар дина. Цхьаболчу эксперташ, цо дуьйцург шеконе диллахь а, хиллачу чекиста дуьйцучу хIумано шен тIе терго йоьйту.

Ша украинхойн Iедалшна тIе ма вахнехь, Евгений цIе йолчу, Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллийн сервисан лаккхарчу даржехь хилла ву бохучу белхахочо, шегахь тоьшаллаш ду аьлла, Лубянкин а, Шемахь а Иракъехь кхоллаеллачу ДАIИШан зIенаш хилар. Оцу тоьшаллашна тIе а тоьвжина, цо чIагIдина Европехь хиллачу цхьацца чолхаллашна а церан лар ю аьлла.

Евгенийс бахарехь, 2009-2011 а шерашкахь, Лондонехь хилла къепедацарш а, дина дара Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша, шаьш хIоттийначу Iалашонашца. Иза динарш, Евгенийн къамелаца бу, оцу пачхьалкхехь тховкIело карийна болу, агенташ. МухIажарийн могIаршка шортта, шайна болх беш болу нах а бахийтинчу Москохана, ца хуийла дацара боху Евгенийс, Парижехь террроран тIелатарш кечдеш дуйла.

Шай агIора сехьаваьллачу Евгенис дуьйцург, аьшпаш-м бац теша аьлла, украинхоша иза теллина полиграфца. Шозза а, иза цIена ву аьлла жоп хIоьттина. Амма, тIаккха а цхьаболчу эксперташна, иза шина пачхьалкхашна юккъахь лелачу политикийн «ловзарийн» декъашхой-м вац теша аьлла хета. Оьшучу хенахь, оьшург ала ваийтина-м вац теша иза бохуш, дуьйцу царах цхьаболчара.

Дерриге а дуьненна бала а хилла дIахIуттуш йолу ДАIИШ, ша шех кхоллаелла яц, аьлла хеташ кIезга бац тергамхой. Цхьаболчара бахарехь, массийта пачхьалкхан цхьанатоьхна проект ю иза, ортодоксан хьежамаш болу бусулба нах, цхьанаметтехь гул а бина, уьш Iуналлехь латто. ДАIИШ лерринчу сервисан бера хиларна шеко яц нохчийн политологан Мачигов Альбертан. Маршо радиога вистхуьлуш цо иштта элира.

Оцу ДАIИшан дуьхьало ян ницкъ латтош дерг, Шемахь а Иракъехь долу мехкдаьтта ду. Амма, Шемара Iедалша а кхайкхам бинера, и маьIда доккхучу меттигашна тохар ма дахьара аьлла. Оцу хIумано, дуккха а хIума гойту, и тIом а, и террорхойн цхьанатохаралла хьанна хьалха яьлла лелаш ю, аьлла кхин дIа а дуьйцу Мачигов Альберта.

Оцу тIемашка а боьлхуш, цигахь лечулла бусулба кегийчу нахана, кхечу агIора джихIад дича гIоле дара аьлла хета нохчийн политологан Мачигов Альбертан. Цуьнах жамI онда хира дара, элира цо.

Аль-Кхайда а, шен хенахь, ша кхоьллинчуьнна дуьхьал яьлла ма хиллара, шена урхалла дечаьрна ДАIИШ дуьхьала а яьлла, дерриге а дуьненна бала ериг хиларна, шеко яц нохчийн политологан Мачигов Альбертан.

Кху массийта шарахь,Оьрсийчуьра дуккха а кегий нах бахна оцу ДАIИШан могIанашка. Билгала церан терахь олуш дац, амма, шуьйрачу гIирсашкахь вуьйцуш ву 7 сов эзар стаг. Ткъа, КъилбаСеда Кавказах аьлча, Дагестанера-900 стаг ву, Нохчийчуьра-500 ву, ГIебарта-Бакхархойн махкара-150 ву, Гуьржийчуьра -100 ву боху. Царах дуккха а нах, Оьрсийчуьра паргIат доза а хадош, дIабахна Турци, цигара-Шема дехьабовлархьам. Массийта шарахь, оцу хIуманна терго хIунда ца йина Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисо боху хаттар, диллина лаьтташ ду х1инца а.

XS
SM
MD
LG