ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аганан илли доьза дайча...


Нохчийчохь цхацца къиза хилам бийцаребеш, наха даим, шаьш-шайна адвокаталла деш санна, олуш хеза «ТIемаша вайна йитина лар ю иза», олий.

Кхеташ ду, тIеман Iазап лайначу къомана, кога-ира а хIоьттина, шен дайн ламасташка юха а дирзина, даха дIадоладала цхьа хан оьшу. Олуш ма-хиллара, тIамо къонахий ца кхиабо, цо уьш хIаллакбо.

ТIебуссучу кхерамо дIахьо адамашлара тоьлла амалш, гIиллакхаш – даIаман, чагIалкхан санна, са дадой, гай дузой бен гIайгIа а ца буьту адамна тIамо. Ткъа бехха лаьттинчу шина тIамера бевллачу нахана и амалш йита а атта дац, гарехь.

Цунна делахь а, кхечу бахьанашца делахь а, тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийчохь кест-кеста хеза доьзал боьхна, деца доьзал а битина, нана дIаяхана, я дас-нанас шайн долара а даьхна, дIатесна бераш, олий.

Къинхетам, адамалла боху синхаамаш де дийне мел долу нахалахь бовш хетало гондхьарчу хиламашка ладоьгIча.

Ялх шо долу шен йоI къиза йийна Аьрга-Хишкарчу (Серноводскерчу) 34 шо долчу цхьана нанас.

Кхо шо долу шен мерайоI йиттина, лечу хьоле яьккхира Соьлж-ГIаларчу Байсултанова Маринас.

Соьлж-ГIаларчу яхархочо Кушалиева Индирас шен хIинцца дуьненчу даьлла бер доьхкина хиллера дуьхьал шена чохь Iен хIусам а, белхан меттиг а лург.

Ала тарлой иштачу стенах Зуда, Нана, Йиша?

Дукха ду и тайпа масалш Нохчийчохь. Адамашкахь къизалла алсамъяларан бахьана долуш нохчийн юкъараллехь ира лаьтташ дай-нанойн-берийн гамоно айина проблема.

Маршо Радионо хаьттира Нохчийчуьрчу бахархошка, хаалой шуна тIаьххьарчу шерашкахь вайн дайшкахь, наношкахь лелла доцу сакхт – синан айпалла - хIинцалерчу божаршкахь, зударшкахь, аьлла.

XS
SM
MD
LG