Дагестанерчу салафия боламан хьолах лаьцна яздо кху деношкахь On Kavkaz интернет-портало. Кавказхошна дагестанхоша латтаеъчу оцу инфоромацин-аналитикан хьостанехь Юсупов Тимур ву ша бохучу авторо яздо: «Дагестанехь салафийаша шайн караялийтина йоккха таро. Шайн хенна цара политикехь жигаралла латтийнехь, уьш Iедалца а хир бара, церан нах Iедалехь а хир бара».
Оцу ойлане кхачале Юсуповс, юьхьараоьций, гойту кху муьрера хилам.
ХIинжа-ГIалахь, цкъа - Венгрин бIаьхойн, тIаккха - Котровн урамашкахь гонелаьцна литтина, ши маьждиг. Уьш дIакъевлина полицино, ткъа муфтиято чуьра имамаш хийцина.
Иштта, къовлларх лаьтта тахана а маьждигаш. Хилам тергоне бижар ду и ши маьIждиг Дагестанехь салафийан ши маьждиг ду бохуш дуьйцуш хилар.
Iедалан дайша "шайтIанаш" бен шайх олуш а доцчу кху хенахь нисло On Kavkaz портало, салафийаша шайн карара политикан мукъ, аьлча а, берриг а Iедалан карахь болчу оцу муькъан шайга лацалуш болу хьоз, ца лоцуш Iийра бахар.
Юсупов Тимура, авторо, салафийа гарано баккъал а карахь Iедалца барт карон цхьа некъ а болуш, иза дIатесча санна дуьйцу.
Цо бахарехь, Дагестанехь Iедале бахка а, парламенте кхача а, мехкан дахарехь дика адамаш а хилла, дакъалаца а таро йолуш баьхна салафийаш, ткъа царна, шаьш барт лаха арадевлла дацаре терра, тIом карийна.
Пхийтта шарахь ерриг а Къилбаседа Кавказан гIаланашкара, ярташкара, хьаннашкара танканашца, кеманашца, эзарнаш салтий ара а бохуш, "вахIабхой" ша олу нах Кремло хIаллакбечу юкъанна церан карахь яккхий шансаш яра шайна луург машарехь чекхдаккха, ткъа царна ца лиира барт тIеэца бахар, кIеда аьлча, корректаллах хьаса а боцу къамел ду.
Дагалоцур вай, масала, Ельцин Борис президентан даржах кIадвеллачу 1998-чу шарахь Дагестане, Кхарамахи, Чабанмахи ярташка, премьер-министр Степашин Сергей вар.
Цо цигахь, къуьйллуш мара а буьхкуш, кхарах "вахIабхой" ма олийла, хIорш узуш-молуш а бац, ярташкахь шайггара дарбан цIенош хIиттош бу, кхарах "тоьлла адамаш" ала деза бехира.
Нийссо шо а далале, 1999-чу шеран гурахь, Кремлна дуьхьал гIаьттинчу Нохчийчоьнан хотIехь хьийза аьлла, каппашкахь, доьзалшкахь байина, багийра чабанмахой а, карамахой а.
Цигара тIом Iуьналлехь а кхаьбна, Москох схьаварцана орца кхайкхийра Степашина.
Степашин: «Дагестанехь, Кавказехь, чIогIа хала хьал хоьттина. Со хIинцца кхаьчна цигара. Гарехь, вайгара баккъал а яла тарло Дагестан....»
Заманаш ю хIинца-м "шайтIанаш" лецар, кхеле кхийлар доцуш, хIаллакхден Оьрсийчохь. ТIаме бирзинчу оцу нахаца, салафийашца, барт лохуш Iедалера цхьа а ца хилла. Цкъа а ца хиттина Кремло цаьрга, шуна хIун лаьа, я аш хIун боху.
Оцу хьелашкахь, On Kavkaz портало шен авторан Юсупов Тимуран иртанехула, барт бийца ца ховшарна бехке а хилла, политикехь эшна, боху салафийаш. Ткъа дуй иза бакъ?
Кремло ша хIоттийначу Iазапехь даха ца луучу адамашна 1994-чу шарахь магийтира, «Маршо я Iожалла» бохуш, эхарта дIадаха. ТIаккха, 1999-чу шарахь, оццу нахах дийна бисинчарна некъ белира, «Делан калам я Iожаллах чекх Ялсамане» бохуш, пачхьалкхан гIопах тийсабала а, ницкъ карахь бацаре терра эга а.
...И дерриг а ца лелча санна, хIаллакбеш лилхабаьхначу салафийашна On Kavkaz-о бехкбиллар го чаьмза, барам а боцуш чаьмза.