ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дош лачкъочу плагиатах дош


Плагиат – ингалсера «плагиризм» - схьаэцна меттиг а, йолу да а ца хьахош, долаерзийна текст, эшаран композици, сурт. Плагиат – леррина я ларамза нехан интеллектуалан болх шена пайденна шен цIартIебаккхар.

Цхьа бутт хьалха дара иза. Фейсбукехь цхьа вуно хаза байташ яра оьрсийн маттахь Соьлж-ГIаларчу цхьана, кхин къона а йоцчу зудчо яржош.

- Оффай, ма тайна ю уьш! Ас сайн «Нана» журнала тIетоха мегий хьан уьш? – хоьттура яздархочо Джумалаева Лулас байтийн да язъеллачуьнга.

- Сан могIанаш кхин эхI-аьлла а ма бац, Дела реза хуьлда оццул боккха мах хадорна. Магайой ахь сан уьш зорбане? – цхьа кура хоьттура Фейсбукехь «Эл Эмм» шех олучо.

Цул тIаьхьа иттаммо а яздира байташ вуно бIаьрла, дагах кхеташ ю, мега дера уьш нахала яха, аьлла.

...Амма цхьа адам делира юкъа, «Эл Эммина» цхьа вон тохар деш, човхош. Цо интернетерчу Стихи.ру сайте байташ ешнарг а хьовсош, дагахьбаллам боссийра массеран а коьрте – ПЛАГИАТ.

«Эл Эмма» шен ю бохуш Фейсбуке йохучу байтийн дуккха а хьалха дуьйна а болуш нисделира шайн авторш. Эццахь массара а емалъян йолийра нехан могIанаш лечкъош йолу «Эл Эмм», хIетахь яррах, йоцуш ю иза Фесбукехь хIинца а.

РогIера масал шен Маршо Радион ду. Кхушеран бIаьста тхан авторо шен рогIера эфир кечйинера нохчаша вовшашца ечу забарех лаьцна «Лекъаш яц вайнехан барта кхолларалла» аьлла. Цунна а дира къола.

Цхьаъ бен доцчу нохчийн «Даймохк» газетан агIонтIе елира ши бутт хьалха, Гезгамашин-беттан 29-чохь «Забар – вайн дахарехь» аьлла» ирта. Маршо Радионо ма-яхккара, могIа а ларбеш, охьаехкира журналисто ярташкара оха гулйина забарш.

Маршо Радионо хаамбира «Даймехкан» сайте, оццу иртанна бухахь, шун журналисто тхан болх шена долаэцна аьлла. Жоп шеггара автор ю бохучуьнгара деара. «Хударан кедах Iехабелла махках бевллачарна дуьненах а плагиат таръелла! Халкъан забар – иза юкъара ю,» - аьлла.

Бакълоь «Даймохк» газетехь тоьллачех ларалуш йолу корреспондент Амаева Б. – забар юкъара ю. Амма дуй юкъара эфир дIахьочу тхан журналисто олурггий, цо язде корреспондентан дешнашший?

Маршо Радионо тема йолош олу: «Вайнехан кицанаша а, аларша а, дустарша а санна, ненан мотт хазбеш, тобеш, кIаргбеш, шайнчул дакъалоцу, шен маттехь аьллачу забарчуе дашо а».

«Даймахко» а боху тхол тIаьхьа, ах шо гергга хан яьлча ша тоьхначу материалехь изза, хийцина яц цхьа а цIоьмалг. Доцца аьлча, плагиат гуш ю цхьа аэкспертиза а, я кхел а ца оьшуш. Амма эхьдоцург шайга бехкбаьккхинарг а волуш ерзийна газетан материална бухахь иккхинчу диалогехь «даймахкахоша».

Боккхачу лазамца тIеоьцу цхьаболчу авторша шайн болх кхечара лачкъор. Къаьсттина халонга долу къола музыканташна.

Рамзаева Бирлантца, массарна а евзачу пондарчица хилара тхан плагиатах лаьцна къамел. Маршонан байракх шегара охьа ца йиллархьама еха Бирлант даймахках а хьоьгуш кхечу махкахь, кхечу континента тIехь.

Цуьнан эшаршкара цхьаболучара лоькху тахана Нохчийчохь хьена ду а ца хьахош дешнаш, вукхара – караэцна цуьнан эшарийн мукъамаш. Уггаре халаниг ду Рамзаева Бирлантна цо шен эшарш ша къонахий лоруш хиллачу нахана лекхана хилар, таханлерчу къолахоша цуьнан эшарш цо къонахий ларране а а ца лорручу нахана лоькхуш нисдалар.

Канадерчу Торонтохь – иза, Чехин коьртачу шахьарахь Прагехь – тхо.

Социалан машанашкахь дижаза дуьйцу нохчаша кхин а цхьана плагиатах. Ростовхь ю «Окраина» («Дозанан йист») цIе а йолуш байтанчийн юкъарло. Цига а лелаш, цигахь шен ю а бохуш, Ахматова Раисин а, Сулаев Мохьмадан а оьрсийн матте яьхна йолу байташ долаерзийна цхьамма – Пехтерева Маринас.

Оцу нохчийн шина поэтан ша лачкъийначу байтийн кочарх кинжка йина, иза ара а хецна цо. Оцу зудчун плагиатах лаьцна дехха орцанаш дехира Нохчийчуьрчу жигархоша Пехтеревас байташ тIейиттинчу Стихи.ру сайте. Сайто къера а хилла, билгалдаьккхина тIаьххьара а, байтийн авторш Ахматова а , Сулаев а хилар, уьш шен цIарх Пехтеревас сайте хIиттийна хилар а.

Хи санна даьлла лелачу плагиаталлах Маршо Радионо къамелдира нохчийн публицистца, хьехархойн институтехь болх бечу Iилманчица Серганова ТIаусца. Иштта нисделира и къамел.

Оьрсийчоьнан гражданаллан кодекса тIехь силадолу 70-гIа дакъа ду плагиатах а, авторийн бакъонех а лаьцна. Амма Серганова ТIауса ма-аллара, дага ца йогIу цхьаммо кхечунан интеллектуалан бахам лачкъийнера аьлла кхелаша куьйгана цIена боцу нах бехкебина меттиг.

ХIун ду ала оцу хьокъехь. Масех шо хьалха Вашингтонерчу Брукингсан интситуто IилмангIирсашца талламаш а бина, билгалдаьккхира Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира ша шегарчу дарже хIоттале хьалха ша язйинчу Iилманан кандидатан болх хIоттийна Питтсбургерчу шина профессоран Кинг Вильяман а, Клиланд Дэвидан а йозанаш а лечкъийна аьлла.

Бинчу талламо бохура Путинан плагиатан барам NI_MPU бу, аьлча а, юккъерчу хьесапера. 218 агIонах хIоттийначу Путинан диссертацехь нийсса вуно доккха дакъа нисделлера, хIора дош а диссертанто хьахийна воцчу оцу шина Iилманчин белхашна тIера схьаэцна. Иштта лачкъийна Путина ша шен кандидатан балха юкъаэцна 6 диаграмма а, бохура къола Iорадаьккхинчу Вашингтонерчу институто.

Амма скандал йирзира Оьрсийчохь шина Iамеркахочунна неIалташ а хьежийна.

Иштта ехачу пачхьалкхехь Ахматова Раисин, Сулаев Мохьмадан, хьумаршийн, я илланчин Рамзаева Бирлантан похIма муьлш бу а ца хуучара лачкъор-м дан къад болуш хIума а!

XS
SM
MD
LG