ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехкдаьтттан мехаш дайлахь а, язло ягориг Оьрсийчохь


Мехкадаьттан мах охьа мел болу лахло Малхбузехь бензинан а, дизелан а мехаш, ткъа Оьрсийчохь мехкадаьтта дай мел ло а, машенаша ягориг язло.

Чекхдолуш до 2015-гIа шо мехкадаьттин мехаш хаддаза лахдаларца билгалдаьлла дара. Шо доладелчахьана дуьйна цкъа лахлуш, тIаккха йоццачу ханна хьалабовлуш хилла болу и мехаш эххар а гIура бутт болалуш ОПЕК олуш йолу дуьненчохь мехкадаьтта доккхуш а, духкуш а йолчу пачхьалкхийн юкъаралло Венехь шен цхьаьнакхетарехь тIедогIучу эха шаранна и шех Iаьржа деши олуш долу сурсат даккхаран барамаш лах ца бан сацам бовзийтинчул тIаьхьа дела денна лахлуш схьабогIуш бу.

Карарчу хенахь 36 долларал жимма сов доьху Брент олучу тоьллачу мехкадаьттин кепах дуьненан биржашкахь. Дустарна аьлча, даханчу шеран бIаьста цунах 120 доллар доьхура.

Дуккхаъчарна хетарехь, мехкадаьттин мехаш лахдаларца цунах дохучу сурсатийн, масала, бензинан я дизелан мехаш а охьадовла декхар дара. Амма Оьрсийчохь иза аьттехь а дац. Даханчу шарахь хиллачул, аналисташа дагардарехь, 11 процентана мехаш тIекхетта машенах ягочунна.

Кхин хьал ду Европехь. ТIаьхьарчу шарчохь мехкадаьттин мах охьабаларца цхьаьна лахдуьйлу машенашна ягочунна мехаш а. Германехь, масала, шо доладелчахьа лахлуш хилла болу А95 тайпанчу бензинах карарчу хенахь юкъарчу хьесапехь 1 евро 30 цент бен ца йоьху, даханчу шарахь цуьнан мах I евро 70 цент бара.

Дизел кхин а лахделла, цунах хIинца 97 цент бен ца йоьху, хьалха 1 евро 15 цент доьхуш хиллехь а. Гергарчу хьесапехь иштта ду Австрера мехаш а. Мехкадаьтта доккхуш йоцучу цу жимчу пачхьалкхахь цхьаццайолчу меттигашкахь 92 центах эца йиш ю дизелан литр.

И тамашийна хьал шен рогIерчу къамелехь хьахийра хьастагIа Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимирс а. „Цхьаццадолчу хIумнаша хеттарш кхуллу. Масала, I0 процентана лакхадевлла мехкадаьттах дохучу сурсаташна мехаш, ткъа дуьненчохь мехкадаьттин мах 35 процентана охьабаьлла. Цунах муха кхета веза?“, - элира цо урхаллин декъашхошца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Муха кхета веза цунах боху хаттар Маршо Радионо делира Венерчу Малхбалерчу Европин институтан Iилман белхахочуьнга политологе Чапханов Руслане. Муха нисло Малхбузерчу доккхачу декъехь мехкадаьтта доккхуш йоцучу, иза эцарх йоьзначу пачхьалкхашкахь бензинан мах лахбалар, ткъа Iана а дахана мехкадаьтта долчу Оьрсийчохь цуьнан мехаш, мелхо а, хьалабоьлхуш хилар?

Аналистана хетарехь, бахьана – Оьрсийчохь мехкадаьттаца долу хIума нисдеш ерш пачхьалкхан корпорацеш хилар ду, йозуш йоцу концернаш а йоцуш. Цул совнаха, могуш конкуренци йоцучу меттигашкахь нисло и санна долу хIума.

Чапханов: „Оьрсийчохь ягорг юхкуш ерш дукхахьолехь Роснефт а, Газпром а концернаш ю. Ткъа уьш бюджете ахча латтон дезаш ю. Нахана дIадала пенсеш а, алапаш а бюджетехь тоъала хилийтархьама леладо аьлла хета суна цара иза. Цул совнаха, мехкадаьтта даккхар вуно зенаш дан дезаш хIума ду, Оьрсийчохь и технологеш шира хиларна царна алсамох харжаш ян еза, иза а ду мехкадаьттах доху сурсаташ Оьрсийчохь деза хиларан бахьана.

Ткъа Малхбузехь мехаш кхуллуш ерш йозуш йоцуш концернаш ю, биржехь билгалбоккхуш бу мах. Дораха схьаэццехь дораха духку кхузахь сурсат, деза эццехь деза духку. Конкуренци хиларо а мехаш лахдохуьйту“.

Аналисто хьахийна ма-хиллара, мехкадаьтта даккхар дохкар пачхьалкхан структурийн карахь хилар а, и сурсат доккхуш йолу технологеш вуно ширъелла хиларна царна шаьшна дуккхаъ зенаш дан дезаш хилар а, иштта цхьа могIа кхин бахьана ду Оьрсийчохь мехкадаьттица цхьана бензинан мехаш лах ца баларан.

Цундела нисло, олуш ма-хиллара, доккхучу меттехь деши деза хилар. Кху хьолехь, „Iаьржа деши“.

Амма машенашлелочарна кIеззиг тем хуьлу цу кепарчу кхеторех. Социалан машанашкахь шуьйра дийцаре деш ду Оьрсийчоьнан бахархоша бензинан мехаш лах ца далар, и доккхуш долу мехкадаьтта мел дайлахь а, пачхьалкхан куьйгалхой и бахьана долу ирчу критике а беш.

Бакъду, шайн пачхьалкхийн куьйгалхой а, мехкадаьттанийн концернаш а критике ца еш Малхбузера бахархой а ца Iа, шаьш долчехь бензинан мах мел лахабаларх а.

Иштта, масала, АДАС цIе йолчу машенашлелорхойн сайта тIехь цхьана оьгIазваханчу юзеро язйинера, аьхка дуьйна мехкадаьттин мах 40 процентана байбелла, цундела бензинах хIинца 90 центал кIезгох деха дезаш дара аьлла. Цундела ша хIинцачул тIаьхьа вилспетца лелар ву, бензинан мафи кхин ца кхабархьама аьлла дIакхайкхира цо.

XS
SM
MD
LG