ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вайгара дикалла а ю Делан дуьхьа...


ГIажаройчуьрчу Ширазера "Къинхетамаллин Дитт" - шайна совъялла бедар, сагIийна луш, "дитта" тIе хьалауллу наха.
ГIажаройчуьрчу Ширазера "Къинхетамаллин Дитт" - шайна совъялла бедар, сагIийна луш, "дитта" тIе хьалауллу наха.

Дахначу шеран жамIаш дечу хенахь карладолу мел хилла дика а, вон а...

Даханчу шеран жамIаш дечу хенахь карладолу мел хилла дика а, вуо а. Уьш луьстучу хенахь Iовжамаш а, дагахьбаламаш а, амма иштта велааьшнаш а хуьлу. Ткъа иштта кхета, мел сингаттаме хиламаша вайн дегнаш даханчу шарахь Iийжинехь а, дикадерг алсамох дара, ткъа дахар – исбаьхьа ду.

Наг-наггахь цхьа бохам хилча, я цхьаммо дог дохийча, дуьне а, дахар а, адамаш а таьIначу басаршкахь го. Хетало, зама а телхина, адамаш а хьалха хилларш дац, дуьне а цхьа баланан цIа ду, олий.

Амма жимма ойла ян, я синкхетамехь дахаран бен-бен агIонаш талла дуьйладелча, кхета – дика адамаш вуочарел алсамох ду, дахар кхин дIа а мерза ду, ткъа Делан къинхеман дозадацар хIора а деладийнан мIаьргонехь хаалуш ю, ган похIма долчунна.

Даханчу шеран дика а, вуо а луьстарехь уггаре а хазчех коста, Маршо радион корреспондентана хезначех, Huffingtonpost цIе йолчу сайтана интернетан хIурдалахь карийна хилларг дара. Даханчу аьхка мухIажарийн тулгIе Европе хьаьдча, Британерчу цхьана жимчу стаго мигрантан когаш тIехь болчу сурт хIоттийнера шен Фейсбук агIонна тIе.

Цу кIелахь цо яздинера: „Кху суьрто гойту, цу тIеоьхуш болчу нехан цкъа а компетенци хир йоцийла, вайн махкахь лартIехьчу статусе кхача“, аьлла.

И йозанаш дешнера цуьнан нанас. Хье ца луш оццу сурта бухахь нанас шен расистийн комментари язйинчу кIанте делла жоп вуно хьекъале а, меттахь делла а ду.

„Сан хьоме кIант, - аьлла яздира нанас, - суна лаа-м ца лаьара, хIокху ахьий, хьан нисбеллачу дотагIашийн дIахьош йолчу расистийн къапкъарсана новкъарло ян. Хьоьга цкъа а айса дIадуьйцур дац аьлла чIагIо йина яра со, амма хьо хIинца боккъал а тIехваьлла.

Цундела ас дуьйцу хьоьга: хьан дасий, асий хьо 23 шо хьалха, хьан цу хенахь 2 шо а долуш, Болгарехь ехаш хиллачу цхьана эрмлойн доьзалера схьа а эцна, тхайн дола ваьккхина ву. Эхь хета хIумма а дац цигахь. Хьох заманца къона, кхиаме банкхо хилира, хьайн дахар вуно исбаьхьа а долуш.

Со теша, и ахь буьйцуш болу „боьха мигранташ“ цу шайн „боьхачу генашца“ - уьш а хир бу гуьнахь, шайн дахарехь кхиамашка кхача, хьо санна. Ала дашна, кIирандийнахь, мухха а хIуъу делахь а, делкъана хIума яа хьо схьаваре хьоьжур ду тхо. Спагетти Болоньезе кечйийр ю ас. Иза хьуна дукха тIехсов хийрачу къоман кхача ца хетахь“ - иштта дара ненан жоп.

Ала дашна, расистийн хьежамаш болчарел а муьлхачу къомах я динах болчу нахаца къинхетаме долу адамаш дуьненчохь алсамох хилар а гайтира даханчу шаро.

Шайх цхьаццаболчу, къаьстина европахой бIаьрга а ца байначу наха „телхинарш“, „буьзнарш“, „кIалцIолаш“, иштта дIа кхин а маьттаза хIумнаш дуьйцуш болу, европахой эзарнашкахь гIевттира, тIеоьхучу мигранташна гIо дан, царна юург -молург, тIейоха-когайоха, ур-атталла, цаьрга цIа телефон тохийта сим-карташ а дохьуш.

ДегIе зуз доуьйтуш хуьлура хIораза а мухIажирша бахкон цIерпошта схьахIуттучу хенахь меттигерчу наха уьш тIараш деттарца тIеэцар.

МухIажарел сов, уггаре а яккхийчех тема яра дуьненчохь даханчу шарахь бусулба дин а, радикалан исламхоша лело террор а, ша шех Бусулба пачхьалкхе олучу ДаIиш тобан чаьлтачаша лелош йолу къизаллаш а.

Дукха наха хоьттура шаьш шайга а, кхечаьрга а- муха хила йиш ю и тайпа хIумнаш динан цIарах лелор? Муха хила йиш ю Къинхетамечу Делан цIарца къизалла бакъйар? ХIун адамаш ду уьш дан мукъане а – и бусулбанаш?

Бусулбанаш муха хIун адамаш ду бакъдолчехь гойтуш яра Австрерчу бусулба кегирхоша керлачу шеран хьалхарчу Iуьйранна дIаяхьана хилла ша-башха акци.

Куьйгах каранаш а доьхкина, кара нехаш чутоссу галеш а, нуй-аьшкал а эцна, иттанашкахь сахуьлучу хенахь урамашка бевллачу бусулба кегирхоша Австрерчу гIаланийн урамаш цIандира, Керла шо даздеш меттигерчу бахархоша а, туристаша а тоннашкахь шайна тIаьхьа йитина хилла йолу нехаш.

„Бусулба дин эханна цIанонах лаьтташ ю“ бохучу дешнаша арабаьхна болчу цара, цхьаццаболу керла бевлла молнаш Керла шо даздан магарх-ца магарх хабарш дуьйцуш, интернетехь Iашшехь, гайтира, бакъболчу бусулбачийн леламаш муха хила беза. И акци дIахьош декъа хиллачех цхьанца, Мусавар Ахьмадца къамел хилира Маршо радион. Цуо иштта дийцира.

Мусавар Ахьмад: „Цу идеяна тIехьа лаьттарг тхан лаам бара, оха, бусулбачара цхьа дика хьарк гайтарца, позитиве масала кхолла, оха тхешан кху юкъараллехь хиллачу аьттонашна а, тхайна кху махкахь динчу диканашна а тхаьш дехачу гIаланашна мелла а дина а диканаш юхадарца баркалла алар. Амма иштта бусулбанаш кху юкъараллин вуно беркате декъашхой хилар а гайтар.

Боккха тIеIаткъам хуьлу нахана тхо и болх беш гича. Керла шо арахь сахиллалца даздинарш бийшина садоIучу хенахь бусулба нах ара а бовлий, нехаш дIайохуш хиларх цецбовлу уьш, баркалла а боху тхуна, и болх вуно мехала а бу олу.

Амма тхан коьрта мотиваци кхин ю – бусулба дино боху, ткъа иштта вайн Пайхамаро, Делан салам хуьйла цунна, аьлла, цIеналла ах дин ду, аьлла.

Цул совнаха, кхечу хьадисашкахь аьлла Пайхамаро, урамаш цIена латтийнарг Далла гергахь вуно сийлахь ву, аьлла. ТIаккха цхьана агIор Дела реза хуьлу хIума ду оха деш дерг, вукху агIор нахана пайдехь хIума а ду. ХIунда аьлча, бусулба динан ши бIога бу Дела реза варий, шен гуонахьарчу юкъараллин пайдехьа хиларий“.

Нийса хир дацара даханчу шеран хаза жамIаш хьехочехь дуьненаюкъера а, Европера а хаза хиламаш а хьахийна, вайнахаца доьзнарг ца хьахош Iийча.

Даханчу шарахь Маршо радионна мел кIезга а ши бIе репортаж ечу юкъана сайна вевзина волу цхьа жима къонах, дейтта шо долу Мохьмад хилира суна цу шеран уггаре а хазачех цхьа кхаъ. ЛадоьгIча а, бIаьрг тоьхча а, вайнехан кегирхой телхина, уьш доьшуш бац, уьш дарна дайна лелаш бу, бохуш дийцарш хезчу заманчохь къоначу спортхочуьнца Мохьмадца сайн хиллачу довзаро йоккхайер деара.

Спортхо Мохьмад хилар-м тамашийна а дац, - наггахь бен ца нисло нохчийн кегирхошна юккъехь спортхо воцург, - тамашийнарг кхин дара. Журналистикехь айса болх бечу 20 сов шарчохь дуьххьара Мохьмад санначу жимчу къонахчо иштта хаза баркалла олуш хезнера суна. Репортаж араяьллачул тIаьхьа хIара хаам битира жима къонахчуо сан телефонехь.

Спортхо Мохьмад: „Де дика дойла, деца. Могшалла муха ю? Хатта мел везарг а муха Iаш ву? Дела реза хуьйла хьуна, ахь сох лаьцна иштта дийцарна. Ахь ма-аллара дика кIант-м вац со, амма суна даггара баркалла ала лаьа аш беш болчу балхана. ХIора дийнахь ладугIу ас Маршо радиога. Баркалла шуна аш къахьегарна. Оьшучунна тIехь со накъост ву шуна“.

Ишттачу цхьаьнакхетарша догтокхе до, кхин цкъа а дог дешамах дузу - дерриге а дика хир ду, Даламукълахь бохучух.

XS
SM
MD
LG