ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сатийсамца арахь лаьтта кирлелорхой


Оьрсийчоь --Химкехь яккхий машенашлелорхойн протест, 2016
Оьрсийчоь --Химкехь яккхий машенашлелорхойн протест, 2016

ШолгIа бутт болабелла Москохна гена доццуш, четарш а тоьхна, машенашца кир дIасалелабен нах протестехь лаьтта.

Некъах йоккху ял пачхьалкхо естийна, шаьш доьзалш кхаба де а доцуш дуьсуш лаьтта, боху машенашца лаьттачара. Протестан барамехь бара и нах Керла Шо а, цул тIаьхьа догIучу а дезачу деношкахь. И нах болучохь а хилла, церан гIайгIанех лаьцна дийцира Маршо Радион корреспондента Балмфорт Тома.

Оьрсийчутрчу Химки гIалахь маьркIажа бода къовлабеллачул тIаьхьа шийлачу Икея туьканна уллерчу соьцийлехь лаьтта кIайн йоккха машен. Генераторо йохъечу машенчохь иттех стаг ву Iаьнан духаршца хиина Iаш, проекторца кино хьоьжуш.

Дуьхьалонан акцина арабевлла яккхий машенашлелорхой готтачу хьелашкахь бохку ГIура-баттахь дуьйнна схьа.

Церан Iалашо ю бIаьсте яллалц дуьхьал латта «Платон» аьлла юкъаяьккхинчу керлачу системина. Цо декхарийла бо машенашца кир дIасалелабен нах, шаьш бечу некъан цхьана чакхармах цхьа сом ах сом Iедална охьадилла.

Ткъа машенашлелорхой реза бац, шайн бизнеса юкъа Iедалхой бита.

Оьрсийчоьнан экономика мехкадаьттан мах охьабаларна холчу хьоле кхаьчна. Дерриг а Путин Владимиран бехканна ду- Малхбузено санкцеш тоьхна цо Украинехь оьрсашний, украинхошний юкъайоьлла конфликт марсаяхарна.

«Сан хIусамера 10-ммо тосунболчу кхожах ваьлла Путин», боху шен машенна тIехьа цигаьрка узуш лаьттачу 31 шо долчу йоккхачу машенан долахочо, Петрозаводскерачу Алутай Ивана.

ГIура-баттахь машенашлелорхойх-протестхойх дIакхеттера церан доьзалш, ткъа цхьаберш Керлачу шеран даздаршна цIа а бахана, протестхойн могIарш лахделла го.

Йоккхачу машенчохь дечиган терха, цу тIехь тоькан пеш ю юург ен, чай кхехкош лелон.

Пенаш кечдина Керлачу шарна леринчу бес-бесарчу бIарлагIашца, ГIура-Дадин а, Санта-Клаусан а куйнашца.

Божарий блокбастере хьоьжуш Iа. Советан заманара кIайн-Iаьржа «Оптимистан трагеди» цIе йолу кино хьуьйсу уьш. 1963-чу шарахь къаьсттина гоьялла яра и большевикийн карчамах лаьцна филм.

Серлоно гучудаьккхи картолийн а, кхин а пластикан а, цхьацца сурсатех дуьзна галеш. Москохарчу кхеран агIончаша кхехьна совгIаташ ду уьш Керлачу шарна.

10-х яккхий машенаш лаьтта куп тоьхначохь, тIехула хьарчийна даккхий баннерш ду, Iедале шаьш некъах налог яккхарна дуьхьал хилар а, зорбанан гIирсаша шайн акци тидаме ца эцарна шаьш резадоцийла а дIахоуьйтуш.

ГIишлош еш, гIурте ерзийначу, цхьа заманаш хьалха фашисташ совцийначу аренгахь, леккхачу цIеношна генадоццуш лаьтта тахана кирлелорхой

Москохарчу къоначу активиситаша протестехь лаьттачу церан ехачу буьйсанашца са ца гатдалийта еана кхарна киношка хьежийта проектор.

Ишта бу цаьргахь пондар-аккордеон. Протестхойх цхьаъ ву пондар лакха хууш.

ГIура-беттан 17-чу дийнахь машенашлелорхойн самукъа а доккхуш, церан дог-ойла айъян веара оьрсийн бард Шевчук Юрий.

Алутайн нана а, зуда а, кIант Лаврентий а Iиса Пайхамар винчу буса килсе бахана хилла. Йоккха стаг охьакхетта, лазийна. Иза цкъа а ца хилла Путинах шек, реза яцара шен воIа акцехь дакъалацарна. Амма хIинца цо хийцина шен ойла а.

Алутай: «Коьрта чохь дерриг а хийцаделла. Цара телевизорехула гойтург бакъдац, боьха аьшпаш бу. Хьо кхуза веача гур ду хьуна тхоьца лелае харцо мел къоршаме ю».

Алутайс шело чIагIлахь а ша юхавала дагахь вац боху ша юьхьарлаьцначу новкъара, ткъа хенан хIоттам Москох хIинцале а – 16 градус.

«Сан доьхначуьнга хьажча, кхин галдала хIуммаъ дац», боху Алутайс.

Алутайн долахь ю кир лелон машен, цо боху, нагахь санна некъан ял тIера ца яккхахь, шена са ца хуьлу машен хехкарх, деккъа цхьа зиэн бен.

Къаьсттина новкъа ду цунна некъан ял йоккхучу компанин коьртехь лаьттарг миллиардеран Ротенберг Аркадийн 42 шо долу кIант Ротенберг Игорь хилар, ткъа цуьнан да Путин Владимиран воккха доттагI хиларал совнаха, дзюдо латарехь партнер а ву.

Тахана ша хьоьгучу халонашна бехке Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир хета Алутай Иванна.

Алутай: «Бакъдерг аьлча, суна хIара хан тIеяллалц ца хаьара Путинан кхиамаш еккъа цхьа моттаргIанаш бен йоцийла. Цунна хууш леладо дерриг а, цо дамашна тIехь геноцид латтайо».

Дуьхьалонан акцехь машенашлелорхой лаьттачу деношкахь дуьйнна сих-сиха богIу полисхой кхарна тIехьажа. Цара хIоразза а машенийн лоьмарш дIаязъйо. Кхин цаьргара хуьлуш гIо а дац.

Алутай: "Тхоьгахь иллюзеш ехара, оха лайтIе язъеш хиллера тхайн Iалашонаш. Ял хан хене мел йолу естош ю».

Юьхьанца дуьйнна акцехь дакъалаьцна, йоккхачу машенан долахо-протестхо Городишенин, Москох шело кхаьчначул тIаьхьа цомгаш хилла. Цо боху, цхьаболчийн доьзалаш кхоьру Iедалхоша шайна таIзар дарна, амма хIетте а, накъостий а хилла, шайца Iа куьпахь.

Дукха ца Iаш Икея туьканачохь гучуйолу Алутай Иванан хIусамнана, францхойн Ашан гипермаркете яханчуьра йогIу иза 3 шо долчу шен кIантаца Лаврентийца.

Муха го царна шайн хиндолу дахар?

ЦадогIучу дагца забар йо Алутайс: «ГУЛАГ-ехь дагалеца дуккха а хIуманаш хир ду!»

XS
SM
MD
LG