ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров даржах мукъаваккхар доьху Оьрсийчохь


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, системехь йоцчу оппозицера нах «халкъан мостагIий» бу алар ца тайна Оьрсийчоьнан Призидентан адмийн бакъонашкахула йолчу кхеташонна. Кадыровс аьллачун мах хадор деха дагахь ю кхеташо президенте Путин Владимире.

Оцу хьокъехь хаамбина «Дождь» («ДогIа») телеканалехула бакъонийн кхеташонан куьйгалхочун гIовса Бобров Евгенийс.

Иштта, Инарла прокуратуре а кечдеш ю кхеташо шен арз.

Пачхьалкхан Думин спикера Нарышкин Сергейс оршоьтадийнахь элира, Кадыровс айинарг «товшйоцу конфликт» ю аьлла.

Кху беттан 12-чу дийнахь Нохчийчуьрчу журналисташца къамелдеш, юкъараллашкахь йоцу оппозици «халкъан мостагI» ю, цигарчу нахана «мохк боьхкинчарна санна кхел ян догIу», элира кадыровс. Цунна тIетовш, оццу маьIнехь шога къамелаш дина официалехь Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь депутат волчу Кадыров Рамзанан шичас Делимханов Адама а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG