ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелехула Кремлан аьшпаш Iорабаха бохку немцой


Пропагандин Iалашонашца бакъдерг а, харцдерг а иэдеш, цхьа а тоьшаллаш а ца далош, эфирехь хьовсархой лебан Iеминчу оьрсийн телеканалана ца моьттинчух тера ду, шайн рогIера репортаж иштта йоккхачу дуьненаюкъарчу скандалан бахьана хилла а ца Iаш, и репортаж йинарг йозуш йоцучу кхело харцдерг дийцарна кхеле озон а йиш ю бохург.

ХIинца амма эххар а Оьрсийчоьнан официалечу пачхьалкхан Хьалхарчу телеканалан жоп дала дезар ду, миллионаш телехьовсархой Iехорна а, аьшпенечу материалашца къаьмнашна юккъехь питанаш даржорна а, журналистикан этика хьашарна а.

Ткъа хилларг иштта ду. Даханчу шота дийнахь, хьалхехьо Маршо радионо дийцина ма-хиллара, оьрсийн Хьалхарчу канало Керланаш схьадоьллуш даима а шайн Iадатехь пачхьалкхан куьйгалхочун леламаш шаьш гойтучу уггаре а мехалчу эфиран хенахь гайтира Германера репортаж.

Телеканалан Берлинерчу корреспондента Благой Ивана цу гIалин урамера схьа дийца долийра, цу меттехь, ша лаьттачу автобусан социйлехь цхьа 13 шо долу оьрсийн йоI тIехьаьжна Iарбойн къомахчу мигрантех терачу стаго яда а йина, ша вехачу петаре дIа а йигина, цигахь кхин а шен шина накъостаца сийсазйинера, бохуш.

Тоьшаллина цо гайтира цу йоIан деца ю ша боху цхьа зуда а, цуьнан деваша я ненаваша ву ша боху цхьа стаг а. Цу шиммо вуно эмоцианале, зуда юкъакара елха а ийзалуш, дийцира, 13 шо долу бер 24 сохьтехь талорхойн долахь хилла, цунна хаддаза масийта мигранто, немцойн мотт ца хууш волчу, ницкъ бина, ткъа цул тIаьхьа иза цара цхьанхьа гIалин йистехь охьакхоьссинера, бохуш.

Журналисто иштта гайтира хиллачун хьокъехь Берлинехь дуьхьалонан акце ян арабевлла бу бохуш болу цхьа оьрсийн тоба а – цара, цу наха дийцира, мигранташа денна Германехь зударий хьийзабо, ткъа полици и хIума къайлакхоьхьуш ю, цундела шаьш хIинца бекхамна мигранташна ницкъ бийр бу, бохуш.

Котваьллачу журналисто шегара тIетуьйхира, оьрсийн йоI хьийзоран хьокъехь Берлинерчу полицино шеца къамел дан ца тикира, аьлла, и полици хилларг къайладахьа гIерташ хиларна нун дохуш.

Цул тIаьхьа вуно йоккха IалагIож яьржира интернет машанахь а, немцойн журналисташлахь а. Цхьаьна агIор Германехь бехачу оьрсаша а, царна гергарчу Анонимус тобано а йаржайора и аьшпийн репортаж, мигранташца гамоне комментареш а еш.

Вукху агIор немцойн журналисташ а, юкъараллин жигархой а бара Хьалхарчу каналан корреспонденто шен репортаж харцдолчунна тIехь йина хилар а, цу репортажехь массо а хIума фальсификацина тIехь лаьтташ хилар а гучудохуш.

Берлинерчу Iедалхоша а чIагIдора, оьрсийн доьзалера йоI хьийзина бохург бакъ дац, иза ша цIера еддера, цул тIаьхьа шозлагIчу дийнахь могуш-маьрша ша цIа а еана, бохуш.

Цу тIехь и IалагIож, масех дийнахь сийса а сийсина йижа там бара, Хьалхарчу каналана цхьа а тIаьхьло а йоцуш, хIинцалца схьа цу кепарчу материалашна царна цхьа а тIаьхьло ма ца хиллара. Нагахь санна немцойн Кобленц гIалара адвокат Люитле Мартин юккъе ца гIоьртинехь.

И хьал тергоне лаьцначу юристо шинари дийнахь Берлинерчу прокураторе дIахьедар яздира, оьрсийн Хьалхарчу каналан Германера корреспондент Благой Иван шен репортажехь харцдерг дийцарна а, цуо къаьмнашна юккъехь гамо кхолларна а бехке веш.

Адвоката чIагIдарехь, немцойн низамашца пхеа шаре кхаччалца набахти чохь яккха хан тоха йиш ю Благой Иванна, нагахь санна и гIуллакх кхеле далахь.

Маршо радиога адвоката Люитле Мартина дийцира, ша Хьалхарчу каналан корреспондентана дуьхьал бинчу латкъамах лаьцна.

Люитле Мартин: „Бехкталларан гIуллакх схьаделларе кхойкху латкъам бу Берлинерчу Лакхарчу прокуратуре ас бинарг. И латкъам къаьмнашна юккъехь гамо кхолларан хьокъехь бина бу. ХIунда бина аьлча, Оьрсийчуьрчу Хьалхарчу канало Берлинера йинчу репортажан гоч ас дешначул тIаьхьа суна гира, и репортаж шен чулацамца дегIе зуз доуьйтуш хилар а, цхьанна кепара тоьшаллаш дахкош йина ца хилар а. Иза цу канало цу кепара цхьанна а тайпана журналистийн таллам а, решершаш яр а доцуш гайтар вуно -вуно кхераме хIума ду.

Цу журналисто динарг суна хазнесанна санна жоьпалле доцуш хIума хета. Цуо нундохуш дуьйцу, немцойн пачхьалкхе шен бахархой ларбан гуьнахь йоцуш санна, полици а гуьнахь йоцуш санна. ТIехула тIе НПД-ан агIончийн демонстраци а юккъетакхина цо цига.

Цо хьовсархойн ойла кхуллу, пачхьалкхан кхерамазаллин институцеш нехан кхерамазалла Iалашйалуш яц, цундела нах шаьш арабовла беза шайн кхерамазалла ларйан бохуш.

Ткъа и дерриге мухIажаршна дуьхьал хьажийна цхьа а бехк-гуьнахь а боцуш цуо юхьаралаьцна болчу. И дерриге а вай тидаме эцча – и хаам социалан машанашкахула баржар а, ткъа иштта Германехь бехачу 6 миллион герга оьрсийн мотт буьйцу нах Оьрсийчоьнан телеканалашка хьовсуш хилар а тидаме эцча, вай кхета деза, цу нахехь мухIажаршна дуьхьал цабезам а, гамо а кхоллалур юйла. Ткъа иза вуно вуно кхераме хIума хета. Суна хетарехь, цигахь низамца „къаьмнашна юккъехь гамо кхоллар“ олуш йолу артикал йогIуш ю“.

Цу юкъана Берлинехь шайн йоI мигранташа хьийзина бохуш Хьалхарчу канале латкъамаш бина болу оьрсийн доьзал шаьш дийцинарг харц хилар гIардаьллачул тIаьхьа хаамийн гIирсашца зIене бовла туькуш бац. Хетарехь, уьш кхеттачух тера ду, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан телевизионо шаьш пропагандин Iалашонашца юхьIаьржа хIоттийнийла а, шаьш харцдерг дийцарехь ира-кара хIиттийначу журналисто шайх пайда эцнийла а.

Хила там бу иштта, цу 13 шо долчу йоIана гуонахьара талламаш чекхбевллачул тIаьхьа полисхоша цуьнан да-нанна дуьхьал бехкаталламан гIуллакх схьаделла – цкъа делахь, цара берана кхоччуш Iуналла ца дарна а, шозлагIа делахь, пачхьалкхан Iедалхошна харц цIе кхолларна а.

XS
SM
MD
LG