ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн митинг


Оьрсийчуьрчу оппозицин сий а дожош, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIе язъян гулбинера Соьлж-ГIала дуккха а мехкан бахархой.

КIиранах сов Кремлна реза боцу оппозиционераш интернетехула, хаамийн гIирсашкахула емалбинчул тIаьхьа, Кадыров Рамзан вазвеш флешмобаш, кхиболу барамаш хIиттийначул тIаьхьа, церан жамI деш гулйинера Нохчийчоьнан администрацино и митинг.

Гуламо совбаьхна Оьрсийчохь Iедалний, оппозициний юкъахь лаьтта цакхетамаш. Хьалхо цхьамогIа оппозицин векалша кехаташ хьовсийнера президенте Путин Владимире а, пачхьалкхан кхечу хьукматашка а, Кадыровга оппозицина кхерамаш ма тийсийтахьара, Iедална критика ен нах цуьнга сийсаз ма байтахьара, аьлла.

Оцу кехатана дуьхьал жоп ца делла, мелхо а пIераскана Соьлж-ГIалахь кхин а алсам хазийна оппозиционерашна кхерамаш.

Шоьтадийнахь Кадыров а, цуьнан го а нохчашна тIехь Iазап латтош бу аьлла лейтмотив йолуш, Европан а, Iамеркан а континенташкарчу итт пачхьалкхехь хир ю даймахкарчу Iедална резабоцуш арахь бехачу нохчийн митингаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG