СемаьIашкарчу вахархочо Фейсбукехь довзийтинчу бакъонан кехато гIовттийна къамелаш кхехчачу юкъанна, гучубелира кхин цхьа хаам - ТIехьа-Мартанарчу бахархойн яц шайн лаамехь хьонке баха бакъо, цунах лаьцна дехкарш а дина кIоштан администрацино.
Нагахь санна, я бохка, я хьайн доьзална пхьор дан дагахь хьонке ваха хьо валлахь, кIоштан дайшкара кехат даккха деза. Цунна тIехь билгалйоккху вахархочун цIе, вина шо, веха юьрт..
Бакъо яккха еза божарша а санна, зударша а.
Наха аьшнашка яьккхинчу ТIехьа-Мартанан кIоштан администрацино, ша бахархойн кхерамзалла Iалашъярхьама юкъаяьккхина хьонке боьлхучийн и бакъо, аьлла.
Iаьнан юккъерчу кху баттахь къаьсттина дукха лела нохчий хьонке.
Цхьаберш лела жил-Iаламе бевлла садаIархьама а, жим-тIама хьогамна кхалла хьонка баккхархьама а.
Амма доккхах дакъа – даима а санна болх-некъ а боцуш биса кхоьллина болу ламанхой – напха, рицкъ хIусамашка дахьархьама, я ма-дарра аьлча, доьзал Iаьнера баккхархьама.
Цхьа зама яра, Нохчийчохь тIемаш хилале хьалха, хIора юьртан бахархой: кегийн нах, зудабераш хьонка гучубаьлча, цхьаьна вовшахкхетий хьонке лелаш.
Муха нислора и «хьонкийн синкъерам», масса дика кхочура хьонкийн муьрехь массарга а дагалоьцу Веданарчу яхархочо Кисас.
Циггара ву Шемила а. Арахь чилла елахь а, иза-м кху деношкахь а кхиина хьонке ваха. Амма дац боху цо хьалхалераниг аьттехьа а. Шемила дуьйцу.
Йиллина хьонке а лелаш, и бохка а бухкуш, шен доьзална напха а латтош, Соьлж-ГIалахь университетехь доьшучу кIантана гIоьнча а хилла, дикане-вуоне а йоьдуш оцу ахчанца, схьаеанчех ю Сирж-Эвлара яхархо Шахидова Зулай. Цуьнца а хилира Маршо Радион къамел.
...Мел мухха а яртийн хьакамаша бахахь а, царна тахь а, ца тахь а, нохчий бIешаршкахь лелла шайн махкахь хьонке, лелаш а бу, цхьана а тIамех пусар а ца деш, лелар а бу, Дала мукъалахь, кхидIа а эзарнаш шерашкахь.
Цундела тоьлуш дац, бехкамаш а ца хIиттош, Iедало нахана шайн ворхIа дегара схьаэцна леладе текхан ламаст, къоман Iаьанан кхача чукхачо гIо латтийча.