ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн Iедалан стешхалла ца тов францхошна


ТIаьххьарчу мукъаденошкахь эзарнаш францхой арабевллера террорхошца къийсам латторхьама Iедале юккъеяьхна керла къепенаш юхалистаре кхайкха.

Францехь эзарнаш бахархой урамашка бевллера, террорхойн тIелатарш бахьана долуш юккъедаьккхина долу кхераман хьал юхадаккхаре Iедале кхайкхам бан.

Даханчу шеран Лахьан-баттахь Парижехь 130 стаг а вуьйш, террорхоша тIелатарш динчул тIаьхьа и санначу зуламечу тобанашца къийсам латтон аьтто хилийтархьама аьлла кхайкхинера Францин президента Олланд Франсуас цу махкахь кхераме хьал.

Цкъа хьалха кхаа баттана тIеэцна болу и сацам амма гIура беттан кхозлагIчохь кхин а кхаа баттана бахбан дагахь ю Францин урхалла, нагахь санна парламент цу хIуманна тIетахь.

Бакъду, дуккхаъчу Францин бахархошна шайн бакъонаш хедор а, Конституцин коьрта артиклашца шайна йогIуш йолу дешан я митингийн бакъонаш хьешар а санна го Олланд Франсуас юккъедаьккхина долу орцанан хьал.

Цундела даханчу мукъаденошкахь масех Францерчу яккхийчу шахьаршкахь дуьхьалонан акцешка арабевллачу наха меттигерчу урхалле кхайкхам бира, кхераме хьал юхадаккхар а, боламийн а, гуламийн а бакъо Францехь юхаерзор а.

Уггаре а дукха нах цу пачхьалкхан коьртачу гIалахь Парижехь бевллера урамашка – 5 эзар сов стаг.

Республикан майданера Пале-Роял гIопе кхаччалца гIаш буьйлабеллачу наха мохь беттар „Кхераман хьал- иза полицин пачхьалкхан билгало ю“ бохуш.

Дуьхьалонан акцехь бистхуьлучара дийцира, нагахь санна Францин урхалла боккъал а террорхошца эвсар къийсам латтон лууш елахь, цунна шортта тоьуш ду Францин долуш долу низамаш, бохуш. Ткъа кхераман хьал кхайкхаро меттигерчу бахархойн маршонаш а, бакъонаш а хьешар бен, терррорхошна еш цхьа а хIуьттаре я новкъарло яц.

Муха хIун тIеIаткъам бо Францехь тIаьхьарчу кхаа баттахь герга кхераман хьал кхайкхина хиларо маьршачу бахархойн дела денна боху хаттар Маршо радионо делира Парижехь вехачу вайн махкахочуьнга Дервишев Адаме. Муьлхачу хьаьркашца я хийцамашца хаа йиш ю, махкахь кхайкхина орцане хьал дуйла?

Дервишев Адама дийцарехь, могIарерчу бахархойн дела дийнахь кхин хIара аьлла хийцамаш ца бо цу хьоло, урамашкахь вуьштачул алсамох герзех боьттина эскархой а, полисхой а гуш хилар бен.

Кхераман хьолана дуьхьал лерина протесташ вовшахтоьхначу Адамийн бакъонийн лигано кхин а цхьа могIа яккхийчу гIаланашкахь урамашка бехира Iедалан антитерроран политикана реза боцурш, масала, Тулузехь, Марселехь, Бордохь, иштта дIа кхин а.

Цу юкъана террорхошца къийсам латторехь керла гIулчаш яха лерина ю Францин урхалла. Цара тIеэца кечдеш ду террорхойн талорашкахь дакъалацарна кхеле озийначу зуламхошкара Франци пачхьалкхан олалла дIадакхарх долу низам.

ХIинцалца схьа и тайпа низам дуккхаъчу Европерчу пачхьалкхашкахь лелаш дара, амма цу пачхьалкхийн олалла дIадакхар кхечу мехкашкара тIебаьхкинчу, цигахь тховкIело карийначу нахах бен хьакхалуш дацара.

ХIинца амма Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министрна Валс Мануэлан хетарехь, изза таIзар Францехь бина а, кхиъна, къомах францхой болчу а террорхошна а дан догIу.

Цу долорна реза бац адамийн бакъонашларйархой а, ур-атталла цхьаццаболу Францин урхаллин декъашхой а.

Иштта, масала, кху кIирнахь Францин юстицин министр йолчу Тобир Кристианас шегара дарж шен лаамца охьадиллира, цу низамна ша резацахилар гойтуш.

XS
SM
MD
LG