Мамакаев Iаьрби
БIаьргаш
Маржа-яI, бIаьргаш, шу -
Дагарчун куьзга:
Дог декхча - къега шу,
Седарчий санна.
Дог доьхча - кхулу шу,
ДогIанах юьзна,
ТIеелха кечъелла
И мархаш санна.
Даима ца лаьтта
Воккхавер даг тIехь,
Стаг вехаш, хенан мур
Хийцало хийла.
ГIийлачу ойлано
Шад гулбо хьаьж тIехь,
Ирс - йоI ю,
ГIайгIано
Муо буьллу кийра.
БIаьргаш!
Шу тIун ма луо,
Дог,
Хьо ма цIийза,
Сов атта воьлхуш а
Ца тов-кха къонах,
Декъала еш хьайн хан,
Бакъ ларде цIийца,
Дозалла де лаьттахь
Баьккхинчу гонах!