Кадыров Рамзанна хетарехь, цхьа а бахьана дац Закаев Ахьмада Лондонехь хан такха.
«Иза цIа ван везара. Ас маситтаза а дехна цуьнга, иза тIеман стаг цахиларе терра, цIа вагIахьара бохуш. Ичкерин ойла-Iалашо дIаяьлла… Тхуна Закаевна а хаийла лаьа Ичкери 2003-чу шарахь дIаяьллий, нохчийн къомо референдумехь дакъалаьцча. Иза халкъан лаам бара.
...Вайн вешан Конституци а,герб а, байракх а ю. Махкахь уггар дукха маьждигаш а ду….»
Ишта дIахьедар дина мехкан куьйгалхочо.
Цо бечу чIагIамашца, Закаев Ахьмад вага оьшуш, жимма а кхерам бац цуьнан дахарна. Ичкерин Iедалехь болх бина дуккха а нах тахана маьршша цIахь бехаш бу, боху Кадыровс.
Цо цу кепара дина дIахьедар бакъ лорурш, цо ша аьлларг дахаре дерзор ду бохучух тешарш кIезиг бац. Царех ву Соьлжа гIалара тергамхо Леча а. Цунна хетарехь, Кадыровс, шеко йоццуш, лардийр ду ша дуьненна а хезаш делла дош.
Леча: «Цо цIавола бахахь, и цIа веъчахьана ваьлла-кх. Цунна хила тарлучу бохамах цо ларвийр ву иза, ша а юьхьIаьржонах ларвалархьама. Цо къайлахчу сервисан белхой а юхатухур бу, аьлла хетта суна».
Iедалдай Хьалха-Мартан тIехь ЗакаевгIаьргахь хилар шуьйра гайтинехь а, Ингалсан пачхьалкхера цIа воьхуш волчо делла жоп хезнарш дукха бац нохчашлахь.
Кхеташ ма-хиллара, меттигерчу хаамийн гIирсаша Iорабоккхуш бац «ингалсхочун» лаам.
« ГIур вац дера со-м и волчу, Нохчийчохь дечу зуламийн декъашхо хила», - бохучу дешнашца хадам боллуш шен сацам дIабовзийтина Закаев Ахьмада.
Цуьнан и сацам къобалбийраш хаъал алсам бу Нохчийчохь. Цуьнан хьокъехь къамел мел дечара билгалдоккху, нагахь и цIа вагIахь, угар хьалха цунна тIебазбеллий лаьтташ къайлахчу сервисан урхаллех боьзна кхерам хирг хилар.
Бахархойн аьзнаш: «Москвах тешам бац. И цIа ван веза аьлла суна-м ца хета».
« Кадыровс шен дош лардан тарло,амма вукхарах-м бац тешам. Хийла стаг вийна-кх цуьнан омрица, ур-аттал шуьйра бевзаш берш а».
«Закаев а, и санна кхиберш а маршонан байракх ю аьлла хета суна. Оццул Iовдал ву аьлла ца хета, и кхарех а тешна, цIаван. Цуьнан метта хилча со-м вогIур вацара. Нагахь цIа вагIахь, кхара доь доцуш войур ву-кх иза».
Закаев Ахьмадан хьокъехь нахана хетарг атта кхетало: Оьрсийчоьнан къайлах структураш бахьнехь царна некъ ца го тахана иза а, кхиберш а Даймахке юхаберза.