ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Нохчийчоь яла ма ца елла». Абдулаев Лечех дош


...Селхана «Пхьарматан» бенара воьссинчу, исбаьхьаллин дешан таронаш шорьеш, кIаргьеш, керла-керла исбаьхьаллин жовхIарех юьзна ойла кхиош, кхиъна жима стаг кхузткъара а ваьлла аьлча тешац дог. И ца тешшал сиха яьлла хан!

Амма гIеметта хIотта а, къардала а ца туьгуш, къардайна, нехан дегнаш ир-кара хIиттош деха Абдулаев Лечин исбаьхьаллин дош. Деха, дегнаш тIома а дохуш, къомах а, махках а дозалла дан бахьнаш а кхуллуш.

Сан Iалашо яц Лечин орденш, мидалш, кхидолу совгIаташ, еза цIерш ягарьян. Цуьнан байташа дуьйцур дерриге а. Кхузара ас царех гIортор еш, царна тIе а тийжаш дийр ду къамел. Суна ца хаьа Абдулаев Леча буьрканах ловзарна мел тIера ву, амма цунна шена а ца хууш цо гIо дина масала «Терек» тобанна лакхарчу премьер лиге йолуш.

И дара Ставропол мехкан Пятигорск гIалахь 2003-чу я 2004-чу шарахь. «Терек» Москохарчу «Торпедо» тобанца ловзуш яра, толам ца баккха амал а доцуш.

«Тереко» дуьххьара буьрка чутоьхча, шатайпа, лерана аьхна гIовгIа елира стадионан цхьана агIор. Хьалха хIоьттина дирижер санна цхьаъ а волуш тIетаьIIа Лечин дешнаш тIехь яьккхина эшар локхуш вара тккъех стаг: «Лазийний? Лазийна, хьаха. Къарьеллий? Дера ца елла! -зевне мохьболура хьалхарчуьнга.

ТIаккха массара, вуно дика озайора: «Луъураш дуьйцийла наха,- Нохчийчоь яла ца елла!». Забаренна а доцуш цу дешнаша, дикачу маьIнехь, хаза нехан санна тIеIаткъам бора цигахь мел болчу вайнахана.

Ала дашна, кхузара цига кхаьчначу Iедалдайн гIаролхой а иллалархошна тIебогIабеллачохь биснера, шаьш лардеш долу догIмаш а дицдина. Иза къеггина масал ду аьлла хета Лечин дашо могIарерчу нехан кхетамна бечу тIеIаткъаман.

Ма-дарра аьлча, говзанчаш, исбаьхьаллин дешан мах хуурш хIитта а ца хIуьтту хIара тема поэто дика яьстина, ткъа хIара ледаро яьстина аьлла цхьана сацаме бахка. Муьлхха тема а цо Iаьрчашка хьала а хьой, седанах тера, серло легош лоьпуьйта, ладоьгIург ойлане а воккхуш.

Хьан йи хьо, Нохчийчоь, хьуна дай хIитта,

Хьо оьшурш, цаоьшурш, бохуш нах литта?

Мила ю хьан нана, мила ву да а? Мила ву хьо екъна,

Кхаьчна верг дакъа?

Мила ву гергара,мила ву хийра? Мила ву каш хьарам хьан лаьтта кийрахь?

Мила ву юкъархо,- хьуна тIевало? Муьлш бу и устазаш хьо еза Iамо?

Мила ву уьш эшнарг,- хьан сих са дага? Мила ву уьш лехнарг,

- Хьан сих са къага?

Суна ца эшна хьан дозаллин дареш. Сан дог ов хилла хьан иэшамийн,дарийн

Суна хьо, Нохчийчоь, еза ца езна,

Иэша а ца эшна,суна хьо лезна!

Цхьа тIехула, яхьний –дагний ден куьце къамелаш а дитна, (цуьнан байталлин хьокъехь беш болу муьлхха а хастамаш шен метта хир белахь а), Лечин кхолларалла ахкаме а йиллина талла езаш ю, цуьнан «чуьчча», философан кIорге йолчу ойланийн дуьхе кхиа а, церан хакъболлу мах хадо а.

Мел дахаран хало эшо, цуьнан къахь лан, къизалла ган, цуьнца цхьаьна инзаречу къармазаллица стогаллех, доьналлех ца вухуш чекхвала дезна Лечин синхааман турпалхочун, Iийжачу кийрахь Даймахке безам а дебош…

Ишта ду, Нохчийчоь, хьуна тIевар сан. Вахара хьо йоцчохь ирс лохур аьлла.

Амма ца кхетар бепигах чам сан, хи а ца тоьура хьогалла яйа,

ХIаваъ а дацара, сан кийра Iабо. Цхьа илли дара сан доллучух ала:

«Нохчийчоь ца тоьу суна! Нохчийчоь, хьо оьшу суна!! Нохчийчоь, хьо еза суна!!!

Ондда бух болуш ду Абдулаев Лечин чот йойцуш дукха байташ мукъаме йовлар. Цуьнан исбаьхьаллин дашо литтарца довзуьйту дахар, дешнаш, яххьаш, амалш карла а йохуш, "хьалха, куьг кхоче» дIахIиттабо юххера гергарниш а.

Хьуна моьтту хир ду, нана, хьо дIаяьлча дуьне доьхна,

Хьох йисинчу уьйтIахь, кертахь дIатуьйш доцу догIа доьлху.

Моьтту хир ду, са ца хуьлу, малх дIабузий са ца дов а,

Хьо тIехь йоцу цIе а, кхерч а пхьоьран ханна кхин ца тов а.

ХIан-хIа, нана, хийцам боцуш, хьо дIаяларх дуьне-м лаьтта.

Шен рагI еъча, Iа а дулу, бIаьсте йолу хIокху лаьттахь.

Хийцам боцчу кху дуьненахь цхьаъ ду керла- цу хьан кIентан,

Нана йоцуш хила Iемаш, халла когаваха гIертар.

Вайнехан исбаьхьаллин литературехь Абдулаев Леча байтан-философ санна вевзина ца Iаш, веза тоьллачех тоьлла гочдархо санна.

ДуьнентIехь шуьйра бевза, цIарна цIе яххана байтанчаш нохчийн матте бахарал сов, Лечас кхиамца ненан матте дерзийна Антуан де Сент-Экзюперин , туьйра «Жима эла».

Лаа дац Лечин накъосташа иза философ ларар.Цунна тоьшаллина ялайо ас къамел дерзош хIара байт а.

Гуттар лаьтта вон ца догIу.

Диканан а шен цхьа хан ю.

ДогIий, доьду доьду-догIург,

Муьлхха догIий. Доьдург санна.

Гуттар вело –кхаъ ца богIу.

Гуттар велхо-дог ца духу.

Цкъа тов хIутту, цкъа ша туху,

Цкъа букъ кагло, цкъа бохь бугIу.

Дикий, вуой шен рогIехь лаьтташ

Дуьне ду-кх горга латта.

Дика доцуш вуон хир доцуш,

Цхьа вон доцуш,-дика

XS
SM
MD
LG