ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлан пропаганда Iорайоккху сайт йиллина Евроберто


Политикан карикатура, автор - Oleksiy Kustovskyi
Политикан карикатура, автор - Oleksiy Kustovskyi

Евробертан арахьарчу зIенийн сервисо кху деношкахь йовзийтина шайн оьрсийн маттахь йолу керла сайт. Цу тIехь оьрсийн пропагандин харцдерг а, Кремлана муьтIахьчу хаамийн гIирсаша еш йолу дезинформаци гучуяккхар а хир ду.

Цу Iалашонца Евроберто лерина проект йолийна - „дезинформацин дайджест“, я „дезинформацин гулам“ ала мегар долуш.

ХIора кIиранахь арахоьцучу цу проектан лоьмаршкахь керла-керла оьрсийн хаамийн гIирсашкахь дийцина харцдерг ган а, и харцдерг дохош, хиллачух бакъйолу информаци еша а таро хир ю оьрсийн мотт буьйцучу нехан.

„Брюссело оьрсийн мотт буьйцучу аудиторига кхайкхам бо“ аьлла цIе тиллинчу артиклехь сайт кхоьллинчара дуьйцу шайн белхан мехала хиларех лаьцна.

„Миллионаш адамаш ду дуьненчохь оьрсийн мотт буьйцуш а, оьрсийн маттах кхеташ а. Уьш Оьрсийчоьнан бахархой хилла ца Iа, Евробертан а, Цхьаьнакхеттачу Европин Малхбалерчу партнераллин а дуккхаъ бахархой бу царна юккъехь. Евробертана стратегикаллин мехалла йолуш ду, шен политика цу нахана йовзийтар а, уьш цунах кхетийтар а“, - иштта яздо Евробертан арахьарчу зIенийн сервисо сайт йовзуьйтуш.

Цо билгалдоккху, шайн политикан керлачу гIулчех лаьцна а, Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхначу санкцийн хьокъехь долу керланаш а, ткъа иштта оьрсийн хаамийн гIирсаша еш йолу дезинформаци гучуяккхар а сайтан Iалашонашна юккъехь хилар.

И тIаьххьарниг – оьрсийн официалан пропагандин аьшпаш гучубахар сайтано кху деношкахь жигара дIадолийна. Дуьхьарлерчу цу темина леринчу дайджестехь карон йиш ю Russia Today телеканалан аьшпаш а, Sputnik агенталлин харцдерг а, ткъа иштта "Комсомольская правда" а, "Известия" а газетийн харцдерг дуьйцу артиклаш а.

Цул совнаха, Оьрсийчуьра Хьалхара канал а, Россия 1 канал а, LifeNews сайт а ю аьшпашбитархойн гуларехь билгалйаьхна.

Ткъа цу хаамийн гIирсаша тIаьхьарчу масех кIиранахь биттинчу аьшпаш буьйцучохь шен гуларан хьалхарчу лоьмарехь Евроберто хьахийра оьрсийн телевизионо Дуьненаюкъарчу трибунало Саакашвили Михаилан тIеман зуламаш талла долийна аьлла чIагIдар.

Оьрсийчоь Украинин Малхбалехь некъахойн Боинг чудаийтарна бехке хиларна цхьа а тайпа тоьшаллаш ца карийна дуьненаюкъарчу комиссина бохуш харцдерг дийцар.

Ткъа иштта тIаьхьарчу кIиранашкахь Оьрсийчоьнан пропагандано уггаре а алсамох дийцаре дина долу хIума – Берлинехь 13 шо долу оьрсийн йоI мигранташа хьийзина бохучух аьшпаш биттар, немцойн полицино а, прокуратурано а талламаш а бина, и йоI ша шен тIехьийза кIантаца буьйса яккха яхана хилар тIечIагIдина долшехь.

И тIаьхьара аьшпаш бахьана долуш немцойн адвокато Люитле Мартина прокуратуре оьрсийн Хьалхарчу каналан Берлинерчу корреспондентана Благой Иванна латкъам бар бахьана долуш хIинца цу журналистана дуьхьал бехкталламан гIуллакх ду Германехь дIахьош.

Иза Iедале веллачу адвоката Лютле Мартина хьастагIа Маршо радионе дийцира, Благой Ивана шен репортажаца аьшпаш биттина ца Iаш, къаьмнашна юккъехь гамо а кхоьллина, Германи пачхьалкхана харц цIе а кхоьллина, аьлла.

Лютле Мартин: „Цу репортажан чулацам дегIе зуз доуьйтуш бу, цхьа а тоьшалла а доцуш йина а ю иза. Иза интернетехула яржарий, ткъа иштта Германехь оьрсийн телевизионе хьожуш 6 миллион герга оьрсийн мотт буьйцуш болу нах хиларий, цу нахехь кхечу къомах болчаьрга цу кепара цабезам кхолла йиш хилар а тидаме эцча, тIаккха соьга хаьттича къаьмнашна юккъехь гамо кхолларан зулам ду иза“.

Ала догIу, хIинца Евроберто схьайиллина йолу оьрсийн дезинформаци гучуйоккху сайт – иза Малхбузенан дуьхьарлера къийсам бац Кремлан муьтIахьчу хаамийн гIирсийн пропагандийца дIахьош болу. Ши бутт хьалха Британехь Полшин керлачу премьер-министраца Шидло Беатица шен цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа Кэмерон Дэвида элира журналисташка, шаьшимо дийцаре динчу хеттаршна юккъехь Оьрсийчоьнан пропагандица къийсам латторан некъаш а дара, аьлла. Ткъа цул а хьалха Литварчу сейман депутата Паулаускас Артурасас дIахьедар дира, Оьрсийчоьнан урхалло шен пачхьалкхан пропаганда Малхбузехь яржорна хIора шарахь бIеннаш эзарнаш еврош хьажадо, аьлла.

XS
SM
MD
LG