ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIудал кхин юзур яц шовдано...


Нохчийчоь --Шовданан хи эцна йоьду йоI, 2014
Нохчийчоь --Шовданан хи эцна йоьду йоI, 2014

Зама замано хуьйцу, цхьа дика дIадоьду къоман амалера, дахарера, важа дика тIедогIу. Нохчийн юкъаметтигашна, гIиллакхаллина, оьздангаллина, къоман амална эшам хуьлу, дуьту адамаша дайн ламасташ, къаьста къам хIиннцалц шеца лелллачу битамех.

Хьалха шен нанас аганахь техкийначо ша шен тIаьхье гIудалкхахь, коляскичохь техкайо, хьалха шовданан коьртехь, хийистехь бевзийнчийн берашна захалонаш хIинца телефончухула карадо.

Оцу дустарша бохьий-те сингаттам къомана, дохадой-те иза шен чуьрчу низамах, ша хIотталучу орамах? Оцу хаттаршна жоьпаш каро хьовсур вай.

Тахана муьлххачо а нохчийн хазачу гIиллакхех къамел долош, «мацах цкъа дара», «тоххара» олий доладо.

Арахь, цхьа ледарло яьллачуьнгара бехк боккхуш, олу вай, «ма Хьенехан тIаьхьенах хила хьакъ вацара хьо, яцара хьо» олий.

Схьагарехь, вайн дай лаьттина нохчаллин гIаролехь, ткъа тIаьхье?

Вай а хIунда ца хIуьтту пен хилла, вешан дайша вайга кховдийначу оьздачу гIиллакхийн турс хилла дIа?

Австрехь еха 7 беран нана Садаева Марет. Лазам бу цуьнан гIиллакхаш довш латтар.Цо дагалоьцу нохчаллле нах кхачош хилла гIиллаккхаш.

Иштта дагалоьцу Марета нохчийн доьзал кхоллалуш юкъахьийзина мехала ламасташ а. Дустуш карарчу заманца.

Нохчалла адамашка дIакхачо лууш, оцу Iалашонна вецаш хила догIу тахана уггаре хьалха яздархо. Иштачийн могIарахь хьалханчех ву прозаик Бексултанов Муса.

Веха иза шен халкъан баланашца, толамашца, эшамашца, лазамашца, лаамашца.

«ХIун хили-те кху заманах, хIун сардам я хIун неIалт даха-те кху чкъурах, мича декхарна дIаийци техьа Дала хIокху къоман доьналла я стенах доьхки- те кху адамаша шайн кортойн сий, дуьне а цецдаьккхинчу дешан мах хьан лахби-те дуьххьара кху Нана-ДегIастанахь, мила ву те…» бохучу хеттаршкахь беха Бексултанов Мусан турпалхой.

Оцу хеттаршна жоьпаш лоьхуш хIоьттинчу яздархочо кхин дIа а дуьйцу.

Шен къомах бIобулуш, цуьнан кхане дайн хотIах хедар дац аьлла хетачуех ву яздархо-поэт Уциев Абу. Тхоьца хиллачу къамелехь цо а карлодаьккхира дайша захало-гергарло муха, хьанца тосура.

Селхана шовданан йистехь дина захалонаш тахана интернета машане довларх а дийцира Абус. Оцу интернето нохчийн юкъараллехь бинчу теIаткъамах а дегалазамца дицира цо.

Даим шен къоман дахар тергонехь латточу Уциев Абуна тахана вайнехан дахар дайн гурашкара даларан коьрта кхачамбацар го, тахана наноша бераш бошмашкахь кхиош хиларца, ца олуш царна аганан илли, халкъан туьйранаш, нохчийн маттана букъ тохарца а.

ХIара дуьне хIоттаделчхьана дуьйна а хилла къена чкъор жимачу чкъоре, къомалла цо лагIдо, дожодо олий, бехк боккхуш.

Ткъа нохчашца дерг кхин ду олий хетало : буьсу вайх вай ден ненан мотт вайца, деха кхидIа дуьнено а тергоне эцна лаьттина къонахчалла, доьналла, оьздангалла вайн къоман сица, кханенца, тIекхуьур болчу нохчашца, бохург.

Бакъду цхьаъ, хила а тарло нохчалла дуьненахь сацо гIертачара хьоькху камаIарш эрна.

Хьашт яцарна вай шен дахарх хадийна кIудал я кхаба санна, дуьненан ниIматашлахь беркъа а хетта дита тарло дуккха а гIиллакхаш, амалш.

Шеко а йоцуш, хир ду вайн тIаьхьенах лаккхара кхетам-хаарш долу адамаш. Ткъа «нохчий» бохуррий-те оцу нахах? Я ца баьхча а мега-те?

XS
SM
MD
LG