ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Декъаза мухIажиралла


Парижехь 130 вахархо а вуьйш, 350 лаза а веш динчу талораша болх алсам баьккхина полисхойн.

Денна бохург санна, Iедало луьттуш, лебеш, шайн тергонехь латтабо нах, къаьсттина бусулбанаш.

Бу царлахь Нохчийчуьра цхьацца бахьанашца тховкIело яларе сатуьйсурш а, пачхьалкхан бахархой бина, дIатарбелларш а.

Страсбургехь веха 31 шо долу Руслан. 5 шо хьалха махкарчу хьоло ваьккхира иза шен доьзалца даймахках.

Ши бутт хьлаха Парижехь динчу цхьамогIа лелхийтарша цунна къевлина некъ, тахана а бастанза бу. Цунах шекдолчу Iедало дихкина цунна маьрша чу-ара валар.

Цо чIагIдарехь, и воцург а, дуккха а нохчий бу тахана Iедало шен бIаьрг тIехь лаьтташ. Цхьаберш мичча хена а полисхоша, чулелхий , дIабуьгу шайн хьукмате хеттарш дан, вуьйш декхаребо дийнахь 2-3 полице куьйгъяздан баха.

Довзуьйтур вай Русланера хьал , цунна хетарехь, уггар Дала тоьхнарг иза а волуш ду гIуллакх.

Руслана дийцарехь, хIуманна а бехке вац иза. Ца хилла талораш динарш я бевзаш а.

Ткъа стенна лелайо харцо, Парижехь хиллачу талорийн декъахь иза а, цуьнан накъостий а аьттехьа а хилла ца хилча?

Тхан хеттаршна жоьпаш луш ву историн Iилманча, Францехь тховкIело а карийна, дуккхаъчу шерашкахь цигахь веха, даима а нохчийн мухIажирийн проблемашца шен само латтош волу Вачагаев Майрбек.

Бахьанаш мухха делахь а, гарехь, стагга а вац тахана де эшначу нохчийн мухIажиршна тIехIотта. Миччахь, хIуъа а хилахь а, уггар хьалха кхайкхориг ду, ю цигахь «нохчийн лар», олий.

Оьрсийчоьнан ницкъаша, Кремло хIоттийначу мехаца нохчий дерриг а дуьненан а хьалха буьсу хила тарло экстремисташ а, террорхой а санна.

Цуьнан лар лара тарло хIинца Францин Iедало а, кхин а дуккха а пачхьалкхаша а нохчий сов йоккхачу тергонехь латтор.

Ткъа нохчашна дуьсург дац цкъачунна цхьаъ бен - дуьне шайх кIезиг тешийла а хууш, дахарехь, леларехь, вахар-варехь сема хилар, ма-хуьллу шайх байна тешам меттахIоттор.

XS
SM
MD
LG