52 шо бен а доцуш, баттахь гергга пехийн лазар а лайна, Москох велла шайн мехкан да Агузаров Тамерлан хIираша дIавуллучу Алагире ваха кIирандийнахь Магасехь вовшахкхетта кхо куьйгалхо цхьана машенчохь кхаьчна тезета.
ЮхабогIуш, Дагестанан куьйгалхо ХIинжа-ГIала шен цIа дIа а хьажийна, Несарахь бухасецна Евкуров Юнус-Бекца Кадыров Рамзан.
Шаьшшиннан цигахь хилла къамел, тIаьххьарчу хенахь ша шегара керланаш даржочу шен инстаграмехь Кадыровс иштта довзийтина.
«КIирандийнахь Магасехь со цхьанакхийтира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнца Евкуров Юнус-Бекца, Даггара а, пайде а къамел хилира тхан. Шина къоман юкъаметтигаш чIагIъян аьтто луш йолу агIонаш йийцаре йира оха.
Юкъара комисси кхолла сацамбина, цо толлур ду къовсамехь мелдерг, цакхетамаш нацкъарбаха некъ а хьоьхур бу. Проблемаш гуш ю, уьш оха лечкъа а ца йо, цхьаьна новкъара яха дагахь а ду. Къуранца, Сунница, Къадарийн, Накъашбандин терикъаташца ца догIу бусулба динан гаранаш шина махкахь хила а ца деза, аьлла, бартбина оха» - яздина Интаграмехь Кадыровс.
КхидIа цо боху, динан экстремисташ Нохчийчохь белира чIагI, цара баьккхира тIом, цара яржийра террор, уьш бахара тIамца Дагестане. Оцо къоман трагеди эккхийтира.
«Тахана цхьана адамаша хаза дуьйцу, амма цара халкъ Iинчу дуьгуш ду. Церан цIерш евза массарна а. Шаьш бакъду аьлла царна хетахь, Iилман бухатIехь шаьш нийса хилар гайта деза цара.
Хуьлушдерг деккъа дIа тергал а деш, адамашна юкъа цаьрга цим а туьйсуьйтуш, тхо хьоьжуш Iийр дац. Ас а, Юнус-Бек Баматгириевс а бартбина кест-кеста цхьанакхеташ хила. Иза шина а махканна пайде хир ду» - яздина Кадыров Рамзана шен инстаграмехь.
Шаьшшиннан хиллачу къамелах лаьцна Евкуров Юнус-Бека а бина хаам. Цо бахарехь, шина а мехкан Iеламнах диалоге бовла беза. «Цакхетамаш, кеп-кепара динан агIонаш йийцарееш, цхьанабеттабала беза дешна нах. ТIерикъатийн гаранаш вовшашна лейта мегар дац бохучунна тIевеана тхойша,» - яздина Евкуровс шен интернетерчу хьостанехь.
«Оха бартбина, - боху цо, - гIалгIайн муфтиятехь цхьацца хийцамаш а бина, тIаккха шина мехкан Iеламнах дагабийла буьйлалур бу цхьацца динан агIонийн хьокъехь».
Шина куьйгалхочун хилла къамел, цара динан дай а, иза лелораш а цхьана юкъарчу хорша берзош йолийна гIулчаш дуккха а нехан кхетамах а, дахарх а хькхалуш нисло.
Кавказехь дукха а боцу маьрша хаамийн гIирсаш гIерта Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а интернетехула шаьшшийннан къамел хиллачул тIаьхьа бина хаамаш туьдунболу нах каро.
Амма иза а дац журналисташна аттачех. Цкъачунна парггIат хетарг динах, цуьнан гаранех, мазапех, терикъатах ира хьакхалуш-м муххале а, дош ала хIуьттурш дено-дено бовш, бовдуш, юьстахбуьйлу шина а махкара.
Амма шеко яц, тIаьхьало йоцуш буьсур боцийла шина куьйгалхочо бина барт. ЖамIаш тIедогIучу деношкахь дуьйлалур ду гучадийла а, даржа а.