72 шо даьлла нохчийн къам, махках а даьккхина, Сибреха а, Юккъерчу Азе а дIадохийна. Амма цу бохамах болу дагалецамаш дIа ца бовлу къоман иэсера. И бохам лайначийн а, иза шаьшна шайн бIаьргашца схьа гина бацахь а, амма баккхийчаьргара иза буьйцуш хезначийн а – массеран синошца цхьатерра леза къам дIадохор.
Нохчийн къоман исторехь хала киртигаш дуккха а хилла, - къийсамаш, мостагIийн тIелатарш, церан къизалла, къам сакхачийна, лаьттан букътIера дIадовчу зилана тIе хIоттош бахбелла тIемаш.
Цу массо а халонех а, цу массо а баланех баккхийчу эшамашца, амма шайн орамех ца хедаш, шайн латтах тIамаршца дозаделла, цунах летта, цуьнгарчу йовхоно керла ницкъ луш схьадеана долу нохчийн къам амма 1944-чу шарахь махках а даьккхина, шен лаьттан йовхонах а хадийна, дохоро йинаерг санна лазаме чов ца хилла цу исторехь аьлча харц хир дацара.
И чов ца туьку тахана а ерза, къам дохор дагадогIурш шо шаре мел долу кIезгалуш белахь а, и де шаьш лайнарш кхачалуш белахь а.
Лазаме ю и чов кху муьрехь юха а оццу мостагIчу махка беанчу тIемаша шайн Даймохк битина, хийралле берзар тIедожийна, Малхбузехь бехачу вайнахана а.
Цундела хIора шарахь чиллан беттан 23-гIа де герга гIорта доладелча вовшахбетта буьйлало Европера нохчи, къам дохоран де шайн иэсехь карла а доккхуш, тIекхуьучу чкъурана цу бохамах лаьцна дийца а дуьйцуш, Малхбузехь нийсбеллачу и де дагадогIучу я дIадохор лайначу баккхийчу нахаца цхьаьнакхетарш а деш.
Кху шарахь къаьстина шуьйра яра нохчийн къам дIадохор дагалоцуш Европехь бехачу вайнаха цхьаьнакхетарш а, тайп-тайпана акцеш а дIаяхьанчу пачхьалкхийн географи. Ма-дарра аьлча, Евробертана юккъе богIучу мехкашлахь массанхьа а аьлча санна дIаяхьира цигахь бехачу вайнаха митингаш а, дагалецамийн суьйренаш а.
Европехь уггаре а йоккхаха йолу нохчийн диаспора ехачу Австрехь шинари дийнахь хIора шарахь вай дIадохийначу дийнахь дIахьош ма-хиллара, Венина юккъерчу Шварценберг майданахь Оьрсийн салтичунна хIоттийначу хIолламна хьалха вовшахкхийтира йоллучу Австрера схьагулбелла болу нохчи шайн дагалецаман акце.
„Доьлхур дац, духур дац, дийдийр дац“ бохучу хьесапца вовшахтоьхначу митинге баьхкинера къена а, къона божарий а, зударий а, бераш а. И цхьаьнакхетар вовшаштоьхначу Австрерчу нохчийн диаспорин жигархочуо Исханов Хьусейна Маршо радионе дийцира къам дохорна леринчу акцех лаьцна.
Исханов: „Тахана вайн къам цIера даккхарна лерина де ма дуй. Цу дийнахь Евробертан пачхьалкхашкахь беха нохчи арабевлла шаьш бехачу гIаланийн урамашка, вайн къоманна тIехь хIоттийна хилла йолу къизалла карла а йоккхуш, хIетахь оьрсаша вайна тIехь дина хилларг геноцид хилар меттигерчу Iедалшка къобалдайта.
Иза геноцид хилар 2004-чу шеран Чиллан - баттахь Европарламенто тIеэцна ду, иза даима а карладоккхуш хила деза вай. И де вайш вешан иэсехь дагахь латтийна ца Iаш, Европехь кхуьучу нохчийн къоман керлачу чкъуран а дагалецамашкахь дита дезаш ду.
Иза вай диц а ца дина я дицдийр а дац. Цундела кхузахь Венерчу Шварценберг майданахь гулделла ду тхо тахана“.
Шинари дийнахь Оьрсийн салтичун хIолламна хьалха дIаяьхьанчу митингаца дIа ца доьрзу Австрерчу вайнаха къам дохорна лерина долу цхьаьнакхетарш. ТIедогIучу шота дийнахь Венерчу цхьана Ленас Донау ХIотел цIе йолчу хьешийн цIийнан конференц-залехь дIахьур ю депортаци дагалацарна лерина суьйре. Исханов Хьусейна дуьйцу.
Исханов: „Тахана цхьаьна дийнахь Венехь шиъ акци дIахьойла дацара, хIунда аьлча тахана белхан де а хиларна, дуккхаъ вайн махкахой доьшуш я болх беш хиларна. Цундела тIедогIучу шота дийнахь Ленас Донау ХIотел хьешийна цIийнахь суьйре вовшахтухуш ду тхо. Цигахь дуккхаъ нах гулбала меттиг а ю.
Кхечу къаьмнех хьеший а хир бу цигахь. Депортацех лаьцна филм а гойтур ю. Иштта цигахь хIума кхалла таро а хир ю хьешийн, цу бохамехь кхелхинчу вайн къоман йижаршна, вежаршна тIера сагIа а доккхуш. Тезетан хьесапехь цхьаьнакхетар хир ду иза“.
Лакхахь хьахийна ма-хиллара, йоллучу Европехь а дIаяхьира шинари дийнахь депортаци дагадоцу акцеш. Норвегин коьртачу шахьарехь Ослохь Оьрсийчоьнан векалтана хьалха гулбеллера цу махкахь беха нохчи а, амма царел сов нохчийн къомаца солидарелле болу кхечу къаьмнийн векалш а.
Цу гулдаларан хьокъехь митинг вовшахтоьхначу Норвегерчу нохчийн диаспорин векало, адамийн бакъонашларйархочуо Гисаев Ахьмада яздинера шен интернетерчу агIонна тIехь, „вай дицдан мегар дац Путинан пропагандано вайна иэсера цу бохамах болу дагалецамаш дIабайъа гIерташ къахьоьгуш хилар. Путинан Iедало Сталинан режимо лелийна хилла къизаллаш ур-атталла дагалацар а дихкина.
Цо гойту, советийн-оьрсийн импери, и къизаллаш лелийна йолу, дохкояла дагахь а ца хилар, кхин цкъа а и саннарг вайна тIехь дан цара шайна магош хилар а. Цуьнан тоьшалла ду цу хиламех бакъдерг ала воьхьначу нохчийн къоман турпалхочуьнга Кутаев Руслане цара юьйцу харцо а“, - аьлла.
Германера нохчи а, немцойн къомах болу нохчийн доттагIий а гулбеллера шинари дийнахь депортацин де дагалаца. ХIора шарахь санна Берлинерчу Унтен дер Линден урамехь лаьттачу Оьрсийчоьнан векалтана хьалха гулбелла хилла уьш цигахь шайн дуьхьалонан акци дIайирзинчул тIаьхьа Бранденбургийн кевнашна хьалха бахара, цу гIалахь уггаре а алсам адам лелачу меттехь нохчийн къоман бохамах лаьцна дийца.
Йистаха ца бисира шайн къоман бохаман де дагалацарна иштта Полшехь а, Белгехь а, Францехь а, Финляндехь а, цхьа могIа кхечу а Евробертан пачхьалкхашкахь беха нохчи а.