ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьахон мел дихки а, дазло и къематде"


Нохчийчохь тахана хьахош а дац Iедалан тIегIанехь Сталина нохчашна дина таIзар, цигахь даздеш ду Оьрсийчоьнан Турслочун де.

Iедалан хаамийн гIирсаша кхайкхош, хьахош, ур-аттал къадош а дац кху чиллана бетта 23-чу дийнахь нохчийн къам дохийна, махках даьккхина 72 шо кхочуш хилар.

Хууш ма-хиллара, урхаллехь болчеран лаамара а ваьлла, къам дохадар хьокъехь гулам бина бакъонашларьярхо, къилбаседа Кавказерчу кегийчу къамнийн Ассамблеян хьаьакам Кутаев Руслан, киснахь кIомал карийна аьлла, набахте хьажийна ши шо дуьзна.

Кхузара могIарера нах, гIуллакхехь берш-м муххале а, хIуьттуш бац юкъараллехь къам Сибрех хьажорах а, цо цигахь Iожаллин жоьжагIатехь 13 шо такхарх а дийца.

Бакъду, Iедалехь болчара и къаьхьа денош билгалдахар дихкинехь а, кху беттан 23-чу денна мохк ларбархочун де, къонахчун де бохуш, тайп-тайпана цIерш техкинехь а, и де могIарерчу нахана къам дохийна, махке бала боьссина де ду.

Цундела бахархоша шаьш, цхьаммо а хьеха я омра дан ца оьшуш, дагалоьцу Сибрехахь Iожалло лецна шайн гергарниш, уьш Деле боьхуш мовлдаш а доьшуьйту, сагIанаш а доху.

Дохадар а, цIерпошт тIехь байтина къиза некъ а, Казахстанехь яьккхина хан а дагаеъча, тахана а дегI дегош, дегIе зуз догIу шена боху Теркйист кIоштан Ломаз -юьртарчу вахархочо Хажмурадов Джамилас. ВорхIалгIа шо долуш жима адам хилла иза цIийнах-цIарх вохош.

Дагалецамашка вахча, кест-кеста дукха холча хIуттий, соцунгIа а хуьлуш дийцира цо нохчий бохабарх а, хетахьлера Iедалан векалш шайга цхьана къизачу акхарошка санна хьежарх а.

Джамил: «Къизалла ю-кх и яллийнарг. Шалон тIехиинчул тIаьхьа мел хилларг дерриге а дагадогIу. ТIаьхьо бен дуьхе ца кхиира со баккхийчара лелочунна а,хIун-мила ду а хууш,дохийний а хиира. Суна гина хIума ду-кх иза.

ЦIерпошт тIехь хIора социйлехь салтий хьадабовлура шалон тIе,нахера схьа а дохуш,декъий охьадохура. Хетта а ца хоьттура. Нохчаша декъий къайладохий хууш дара царна,цундела дукха лорий зераш дора.

Цхьаболчара шаьш охьа а лелхий шайн велларг тIе тIулгаш а дохкий,дIавуллу кепаш а лелайора. Хьаамна до хир дар-кх цара иза… Ницкъ чIогIа хилла нахана хIун дан волу хьо. ХIун ду а ца хаьара, мича дуьгу а ца хаьара. Билггал тхайх хиндерг хууш дацара.».

Маршо Радио: Уггар хала хан, хала мор муьлханиг бара хьуна гергахь?

Джамил: «Деллахь дара хьалхара шераш. Хьалхара шераш муха дацара. Болх бацара. КарадогIуш хIума дацара. ДIаяхьийтина хIума а яцара. Бухарчу казахашна а ца безара нохчий. Яа дIа кхалла хIума дацара. Цхьа саба санна бепиг дара луш, иза яккхий очарташ а хIуьттий лардора, вуно чIогIа ницкъ а хуьлуш.

Иза а дара цкъа дохьуш, тIаккха ца дохьуш. Дукха меттигаш яра, дог а гIеллой цу очартехь лаьтташехь баккхийнаш охьаоьгуш, цу юккъехь тIеттIаIийдар лан ца луш.»

Маршо Радио: Цига валийнарг масса нохчо ву3 ца хаьаара Iедална. Нах а ца хьийзош массарна а цIа а хьуш дIадала мегаш ца хилла те и кхаллар?

Джамил: «Мича лора дIа, ахь хIун дуьйцу? Цу хьалхарчу шерашкахь мацалла дукха адам делир-кх. Хала хан яра хьуна. Картол цIаньечу хенахь, масала и чкъоьрнаш охьаэга ца дуьтур-кх 17-18 шо долчу кегийрхоша. Валлай ца дуьтур-кх. Сан шина бIаьргана гина хIумнаш дар-кх уьш. Со, масала, 1947 –чу шарахь дIакхиссинчу чIерийн кортош а, кхиерг а юуш лелла-кх. Ас иза ца дина, оха мацалла ца лайна бахарх пайда буй, хилларг ма ду иза. Iожалла цахилар ду-кх».

Къам дохадар хьокъехь соьца къамел динчу Ломаз-юьртарчу Хажмурадов Джамила дийцарехь, дицдан хакъдолу хIумнаш дац, дIабохка а ца ларалуш миллий, мацаллий адамаш далар.

«ЦIерашца багарбан йиш а йолуш а, хIинца а бIаьрдуьхьал лаьтта, стенна ле а хууш, амма сан а, кхечеран а гIо дан ницкъ а боцуш белла махкахой а. Уьш цу Iожалле новкъабаьхна де ма ду 23-гIа де. И диц муха до, дехьа-сехьа муха тоьтту?»

Ишта хеттаре вуьйлура Хажмурадов Джамил.

XS
SM
MD
LG