ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров кийча ву дарж дита


Кремло тIекаренехь кхобучу Ночийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша кийча ву аьлла дарж дита. НТВ телеканална интервью луш, «сан хан чекхъяьлла», бохура цо. «Тхан тобанехь («командехь») дуккха а бу хьакъболуш. Дукха дика говзанчаш кхиина тхан», аьлла Кадыровс ша шоьтан дийнахь НТВ-но гайтинчу къамелехь. Немцов Борис вийна нийсса шо кхочуш нисло цо и дIахьедар.

Оппозиционер вуьйш коьрта дакъалаьцнарг Кадыров ву аьлла хета Немцовца накъосталлехь хиллачу демократашна. Пхи нохчо ву оцу бахьанийца лаьцна. 2007-чу шарахь хIалхатеттира Нохчийчоьнан президентан дарже Кадыров Рамзан Путин Владимира, цхьа а дуьхьало а йоцуш тIечIагIвира даржехь мехкан парламенто. Кадыров Рамзанан гIоьнца елира Путина Нохчийчуьра конфликт шайн нохчийн кара, уьш вовшехлетачу хьоле а берзош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG