Ша шех Исламан пачхьалкхе олуш йолу ДаIиш тоба а, Ал-Къаида а, ткъа ишттта цу шина тобанца ойланаш кхобуш болу, тобанашкахь а боцуш, зуламаш дан кечлуш болу террорхой а гергарчу хенахь Европехь тIелатарш дан лерина бу.
Иштта ду Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто шен официалан сайта тIехь зорбане даьккхинчу дIахьедарехь яздина.
„ХIора а Европера пачхьалкхенна лазаме тохар дан йиш ю транснационалечу террорхойн цхьаьнакхетараллаша“, - бохуш яздо Вашингтонерчу хьукмато.
Ткъа и тохарш дан кечлуш берш, Iамеркан пачхьалкхан департаментана хетарехь, яккхийчу тобанашкахь вовшахкхетта зуламхой а боцуш, шайх къайлахчу сервисаша „цхьалха берзалой“ олуш болу, шаьш шайгара инициатива а гойтуш, яккхийчу террорхойн цхьаьнакхетараллашца дог-ойла озабезамаш болу зуламхой бу.
Цара ДаIишан а, Ал-Къаидан а леламех а масала а оьцуш, церан пропагандига шаьш ира-кара а хIиттадойтуш, тIелатарш дан там бу шортта адам гуллучу меттигашна, масала, яккхий спортан эвенташ дIахьочу стадионашна, я театаршна, я кеманийн порташна.
Пачхьалкхан департаменто и дIахьедар хIинца кху муьрехь дар лара мегар ду, тIаьхьарчу хенахь ДаIишан тобанашна Малхбузерчу коалицино а, ткъа иштта Оьрсийчоьно кхечу Асадан эскаршца тIемаш бечу тобанашна а бомбеш еттар алсамдаккхар бахьана долуш дуккхаъ джихадхой Шемарий, Иракъерий кхечу пачхьалкхашкахула дIасабаьржина хиларца.
Царех цхьа дакъа шаьш Европерчу пачхьалкхашкара орамаш долуш хиларх терра, оццу Европе юхабирзина тIаьхьарчу беттанашкахь. Ткъа и нах, къайлахчу сервисаша чIагIдарехь, карарчу хенахь Малхбузенна уггаре а боккха кхерам шайца латтон ницкъ бу.
Шемахь Асадна дуьхьал гIаттам болабелча дуьйна схьа йоллучу Малхбузерчу Европера мел кIезга а 7000 стаг цу махка дIабахана лору Европерчу пачхьалкхийн Iедалхоша.
Уьш берриш а ДаIиш тобанахь бацахь а, амма массо а аьлча санна кхечу террорхойн тобанийн декъа ларалуш бу, масала, Ал-Къаидин Шемара филиал ларалучу ДжабхIатул Нусра тобан декъа. Ткъа ДжебхIатул Нусриний, ДаIишний юккъехь кхин хIара аьлла йоккха башхалла ца го Европерчу Iедалхошна, Шемара Малхбузерчу пачхьалкхашка цIехьа а бирзина, шаьш меттигерчу полицино жоьпалле озийча дукхахболу джихадхой шаьш ДаIишца дацара, Нусрица а, кхечу тобанашца а дара бохург чIагIдан гIертахь а.
Европера Iедалхоша Шемара цIехьа бирзинчу нахаца а, цига баха сатийсам кхобуш болчаьрца а, ткъа иштта цига баха гIоьртинчехь лаьцна, сацон кадаьллачаьрца а мел само йо гойту кху тIаьхьарчу кIиранашкахь екъа цхьаьна Австрехь цу нахана тIехь дIахьочу кхелаша.
Дийна баттахь герга Грацерчу кхелехь джихадхошна тIехь хоттучу девнехь куьг бехкебеш берш а бу цу кхаа категорера нах – кхечарна дIабаха гIодинарш, боьлхуш совцийнарш, цигахь хила а хилла цIехьа бирзинарш. Шемахь, Iедалхоша чIагIдарехь, ДаIишан декъахь тIемаш а бина, цIехьа вирзина ларлучех цхьаъ ву 28 шо долу Мухьарбек а.
Цо ша, кхеташ ма-хиллара, ша ДаIишах дIакхета вахана вацара, маьршачу нахана орца кхачо лууш вахнера бохуш чIагIдахь а, кхелехь дуккхаъ тоьшаллаш ду иза карарчу хенахь уггаре а кхерамечу а, къизачу а террорхойн тобанехь хилла бохучун.
ХьастагIа кхело садоIучу юкъана цу кIентан воккхахволчу вешо Iалихана, шен ма-даггара, иза радикалечу исламхойн тIеIаткъамах ларван а гIерташ, юкъ-кара а цуо ког баькх-баьккхинчехь, ур-аттала шен радикалечу доттагIашца иза бассейне лийча вахча а, иза маьждиге вахча а ша тIаьхьалеллерачу цунна бохуш тоьшаллаш динчу, Маршо Радионе дийцира, Шема кегирхой дIаоьхучу хенахь церан мел дика Iалашонаш хиллехь а, амма цига дIакхаьчначул тIаьхьа царна гуш дерг кхин сурт ду, амма юхабовла некъ ца хуьлу церан тIаккха, бохуш.
Масала, Iалихана дийцарехь, цуьнан ваша Мухьарбек Шема дIакхаьчча сиха кхеттера, цигахь лаьттачу къизаллех а, амма террорхоша цуьнгара, кхечаьргара санна, паспорт дIадаьккхинера, иза вада ца вадийта.
Iалихан: „Цигахь бхахь болчара цуьнгара дIа ма кхаьчна паспорт дIадаьккхинера. Иза ша цигахь долчух кхетча, дIаваха лууш вара, амма паспорт дIадаккхар бахьана долуш вада ца лора иза, цаьргара иза схьадеха товш ца хетара цунна“.
Цу юкъана Грац гIаларчу джихадхойн процессо яьккхина ца Iа кху деношкахь Австрехь йоккха IалагIож. Шина дийнахь Венерчу кхелехь хоттуш дара I8 шо долчу нохчийн йоьIан дов.
Ши шо хьалха, шен I6 шо бен а доцуш, цIерачарех лечкъина, иза цхьана Шема боьлхучу нехан тобанах а кхетта, цига дIаяха новкъаяьлла хиллера, цигахь тIом бечу цхьана джихадхочуьнга маре яхархьама.
ЙоI къайлаяьлар кортахдаьллачу нанас полисхошка орца дакхар бахьана долуш Венгриний, Румыниний юккъерчу дозане кхаьчча йоьдучура Iедалхоша лаца а лаьцна, юхаерзинера иза. ХIинца кхелехь цунна арахь яккха 6 бутт хан туьйхира, иза жима хилар тидаме а эцна.