Дитташа шабарш до: «Елха ма елха».
Оьмаро чехайо: «Iодика ехьа».
Син мерзаш дуткъделла лазамна лелха,
Дуьненан йистехь со цхьаъ- цхьалха еха.
Ойла сан дIауьду, мIаьргонаш хьоьстуш,
Къиноша са лоьцу синтеман бертаза;
ГIура ю-те езачийн дегнаш а цоьстуш,
Безачийн ойланаш даггара хьестаза,
Даймехкан хазаллах цецйийлла яланза,
ГIа-патарш, аренаш, хIаваъ а дуьтуш,
Бераллин туьйранах хаза дош аланза,
ГIура ю-те, ца яьлла, яха ца лууш…..
Хир ю-те ийманах, собарах йоьхна,
Сица мел къийлинарг доIанашца доьхуш,
ГIенашна, уьйрашна мокха чурт доьгIна,
Сайна суо ца евзаш, сайн лераш лоьхуш?
Дитташа шабарш до: « Елха ма елха.»
ДогIано со хьоьсту: « Йоха ма йоха.»
Оьмаро чехайо: « Iодика ехьа.»
ДоIанаша сецайо: « ХIинццехь ма гIохьа.»