Муха еха –те Нохчийчуьра театр, аьлча а, театраш. Ю уьш цигахь 4: нохчийн къоман, оьрсийн Лермонтовн цIарх, тайнигийн, къоначу хьажархочун театр (ТЮЗ).
Шеко яц, нохчашна даима а езна театр. Дуккхаъчу актерийн васташа, аматаша, церан аларша дог ира-кара хIиттош, баьхна нах, тахана а беха. Театр оллушехь, дагабогIу тоьлла вайн къоман артисташ.
Масала, Дениев, Омаев, Давлетмирзаев, Азаев, Гичаева, Дудаев, Багалова, Джамаев, Радуева, кхин а дуккха а дукха. Цул тIаьхьа тIеман шераш.
Шина тIамах яьллачу Соьлж-гIалахь меттахIоттийра театраш, ткъа буй-те хийцамаш театран дахарехь?
Шарахь цкъа мукъна а хуьлий-те аншлаг?
Бож-Iела, Сутарби, Бабаци, кхиболу дерриг а къомана безаш хилла авторш кхоьллина турпалхой-персонажаш хезачуьра дIабевлча, муьлш бисина-те театран гIопастатIера адамийн синан бахамалле?
Кхоллало хаттар, ванах, кхин нохчийн оьмарехь хир дац - те хьалха нохчийн драматургаша кхоьллина хилла васташ?
Дуккха а кхоллало хеттарш. Нохчийчохь а, цул арахьа а дикка вевзачу артистан, режиссеран Марисултанов Iелин дешнаша, цу хеттаршна жоьпаш луш санна хета.
«Гайтам чекхбаьлча, чуьра хьовсархой арабевлла, цIа бахча, еххачу ханна шайна гинарг ойланехь карладохуш, «и хIун дара-а», бохуш, хьажархо шена гиначун, хезначун ойла ян волавелча дIаболалуш бу театран болх. Нагахь санна, оцу тIегIанехь театр болх беш яцахь, театран къинхьегам эрна хиларна кхерам бу».