Брюсселехь террорхоша зенаш дина аэропорт пассажирашна а, лелачу массо а кеманашна а схьайиллина, оцу аэропортан сайто бечу хаамца. Амма терроран тохарш динчул тIаьхьа цигахь лаккхара кхерамзаллин барамаш лаьттар бу, дIахьедо аэропортан администрацино. Еарийдийнахь динчу зуламаша дIадаьхьина 31 адаман са. Лазийна 270 стаг. Зулам шена тIеэцна «Исламан Пачхьалкх» олучу тобано.
Лелхийтарша чIагIалла галъяьккхина аэропортан гIишлонан, оцу бахьанийца инженераш, техникаш бу хьал толлуш, аэропорт тоян белхаш боло кечлуш. Къастош ду ахчан барамехь хилла зе а. Аэропортехь лилхинарш Лаахрау Нажим а, Бакрауи Эл а ву бохучу верси тIехь сеевцца талламчаш. Иштта лаьцна а ву ши стаг, даржийна Белгин прокуратурано. Царна террор ю бехкейийр йолуш.