Кест-кеста нисло Европехь бехачу вайнехан доьзалшкара Iедало бераш дIадохуш.
Цу хIуман бахьанаш бен-бен хуьлу – я дас-нанас берашна етташ гучудалар, я цара берашна кхочуш Iуналла ца дар, я цхьаммо арз дар. Ишттачу хьолехь нисйеллачух тера ду Германера цхьа зуда, Iедало ялх бер дIадаьккхина йолу.
Цуьнца хилларг ватссапехула Европерчу вайнаха дийцаре деш долу масех де ду. Цхьана, хетарехь, туркойн къомах волчу жимчу стаго видеогайтамехь дуьйцу, - цуо ша чIагIдарехь, Баварерчу цхьана жимчу гIалин кхелан ков бертера, - цхьана нохчийн зудчуьнгара немцойн Iедало ялх бера кхелехула дIадаьккхина, бохуш. „Бусулбанаш, шу самдовла деза, - бохуш кхайкхамаш бо цуо, - иштта хIара гIуллакх кхин дIа а дуьтийла дац“, - бохуш.
Цу видеона тIехь гуш ду цхьа нах цунна тIе а богIий, хьо мила ву, хIунда еш ю ахь видео бохуш хоьттуш. „Хьо берий да вуй? Хьо цу берийн да велахь, кхелан сацамна дуьхьал арз дан бакъо ю шун“, - боху цу наха. Амма цу жимчу стаго цаьрга жоп ло, ша и видеогайтам бусулбачу нахана кху махкахь лаьтташ дерг дIагайтархьама еш ю аьлла.
Цул тIаьхьа хье ца луш нохчийн ватсапперчу тобанашкахула баржа йолаелира масех аудиокхайкхамаш. Делан цIе а йохуш, Европехь бусулбачу нахана еш ю бохуш шаьш чIагIдеш йолу гIелонаш а хьоьшуш, цхьана оьрсийн къомах йолчу зудчо а, цу туркойн кIанто а кхайкхамаш бо Малхбузерчу нохчашка а, бусулбачу нахе, церан дешнашца аьлча, „нохчийн йишин“ орцах довларе.
Цара чIагIдо, цу зудчуьнгара бераш бехк гуьнахь а доцуш, дIадаьхна а ду, Германера берашна Iуналла даран хьукмат, шех Югендамт олуш йолу, и нана шен берех къастон Iалашонца араяьлла а ю, бераш боккхачу сингаттамехь а ду, бохуш. И боллу бала багарбинчул тIаьхьа цу наха дехар до Европерчу бусулба нахе, цу зудчунна адвокат лаца 6 эзар евро ахча вовшахтохаре.
Хиллачун духе кхача Iалашонца Маршо радион корреспондент зIене елира нохчийн зудчуьнна орца гулдеш волчу туркойн къомахчу жимчу стагца. Цу стаго шен цIе яккхар дехкар бахьана долуш цуьнан бакъйолу цIе ца йовзуьйту оха.
Бакъду, къамелехь цкъа хьалха вуно хецца, хиллачух а, шаьш цу зудчунна дечу гIоьнах а дийца волавелла волу и стаг, къамелан юххьехь Маршо радио юйла зIенехь ерг шега дIааьлла долшехь, цхьаццадолу хеттарш шена, хетарехь, ца тайначул тIаьхьа, цуо ша журналисташца къамел дан лууш вац, уллохь адвокат а воцуш, элира.
ХIетте а, масех хаттарна жоп делира цуо цаваьлла. Иштта, масала, аудиохаамашкахь цу зудчуьн адвокатана 6000 евро оьшу баьхнехь а, Маршо радиоца къамелехь цуо оьшуш дерг 4 эзар евро герга ду элира. Ткъа цу адвокатаца къамел дан мегар дарий аьлла шега хаьттича, цуо мукIарло дира, адвокат хIинца а лаьцна а вац, шайга цхьана адвокато элира, цу балхах оццул ахча дезар ду шена, аьлла.
Туркойн жигархо: «Оха тайп-тайпанчу адвокаташка телефон тоьхнера, цу процессах хIун дер ду аьлла. Царех цхьана адвокато элира тхоьга, 4 эзар евро герга дер ду аьлла. И адвокатан мах тIера баккха безаш. Цундела гулдеш ду оха ахча. Кхин а тIе цуьнан петарчохь хIума эца а еза. И петар дикчу хьолехь яц, хIунда аьлча цунна гIо оьшу. Цуьнгахь ахча дац керла мебалш эца. Цу петарна стабилизаци ян еза».
Йоллучу Европера цу зудчух къа а хетта, социалан машанашкахула а, ватсаппехула а ахчанаш гулдечу вайнехан шайнаш билгал цу зудчунна дIакхочур хилар муха талла йиш ю бохучуна а цхьа а мегарг жоп ца делира цу кIанта, ахча цу зудчуьна петарахь мебал эца а, тIейоха хIума эца а оьшуш ду алар бен.
Иза а шеконе хетало, хIунда аьлча, Германехь санна гIооьшучарна а, мухIажаршна а социалан гIо деш меттиг Европехь кIеззиг бен яц – тIеюхург а, чу хIоттон мебал а, ур-атталла берашна гIудалкхан а, сурсаташ а доькъу цигахь таро йоцучарна а леринчу социалан туьканашкахула.
Амма нагахь санна зудчунна а, цуьнан адвокатана а ахчанаш гулдар цхьана агIор кхета йиш йолуш хIума санна туда йиш елахь а, шеконе хетало цхьа а бахьана а доцуш кхело ненера бераш дIадаьхна бохуш бусулба нах, уггаре а хьалха нохчи а ира-кара хIиттор. Европерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь берашна Iуналла даран хьукматийн леларш вовшех мелла а къаьсташ ду.
Иштта, масала, шен шогаллийца евзаш Норвегера берийн хьукмат елахь, Германехь а, Австрехь а дай-наношкара бахьанза, хазхета бераш дIадоу бохург доккхачу декъехь я тIедеттар хуьлу, я шайгара бераш кхетош-кхиорехь йийлинчу ледарлонащка къера хила ца луучу дай-наноша дуьйцуш хуьлу. «Бусулба хиларна дIадоху бераш», «вай нохчи долун дела дIадоху цара вайн бераш» - иштта дIа кхин а кийтарлонаш хеза цу хьокъехь.
Амма хIора а бер дIадакхар бен-бен нисло. Кху лакхахь дуьйцучу ялх бер Германехь дIадаьккхинчу зудчун хьал, масала, Маршо радиона каракхаьчначу кхелан йозанаша дийцарехь, берийн нанна юхькIоме доцуш ду. Иштта, масала, цу йозанашна тIехь деталашкахь яздеш ду и гIуллакх кхеле далале берийн хьукмато а, и бераш лелачу берийн бешо а цу нене хьайн берашна кхочуш Iуналла дахьара бохуш кхайкхамаш барх.
Иштта чIагIдеш ду цу тIехь, бераш кIиранашкахь тIера бедар ца хуьйцуш, боьхачу духаршца берийн беша хьажош хилла нанас, цуо царна цкъа а Iуьйранна чуьра уьш арадовлале юург луш ца хилла. Цу ялханнех цхьанна а цергаш юьлу гIирс а ца хилла, уьш, дуьйцуш мел маьттаза делахь а, мезеша хьийзош а хилла, бохуш.
Иштта бераш шайна кест-кеста нанас етта бохуш латкъамаш бина а хилла. И дерриге а, кхелан кехатащкахь ма-яздара хиллехь а, тIаккха цу кхело и нанас берашна Iуналла дан гуьнахь яц, аьлла бина сацам цецвоккхуш бац. Цецвоккхуш дерг кхиндерг ду – ишттачу хьолехь бераш Iедало дIадахар цхьана политикан хорше а даьккхина, цунах бусулба Германин Iедалхошна цабезар а, царна цу Iедало хIуьттаренаш лелор дан гIертар. И бахьанехь ахчанаш гулдар-м хьехо а ца оьшу.
Бакъдолуш, Европерчу вайнехан доьзалшкара наг-нагахь бераш Iедало дIадахар вуно боккха сингаттам а, вуно кхераме тенденци а ю. И хIума юхатоха диаспорашца кIирбелла болх дIабахьар оьшу, уьш шайн доьзалшца долчунна шайн бакъонех а, амма иштта шайн декхарехь а кхетош. Амма и болх болорна метта вайнахана доккхачу декъехь берашна Iуналла даран хьукматаш шайгара доьзалш дIабахьа хьаьгна, кIелхевшина болу мостагIий санна го.
Цул совнаха, муьлхачу а Европехь вехачу нохчочун бакъо ю, берашна Iуналла даран хьукматехь дIа а вазвелла, нахера схьадаьхна долу бераш кхечу, аьр вай, меттигерчу доьзалшка а ца кхочуьйтуш, шайн, нохчийн, доьзале цхьана йоцачу ханна схьаэца – уьш шайн дай-наношка юхадерзадаллалца я царех дерг Iедало къастадаллалца.